ДЕШХЬАЛХЕ
Баккъал хастам АллахIана бу, вай Цунна хастам бо, вай Цуьнца гIо а лоцу, вай Цуьнга гечдар а доьху. Вай ларло АллахIаца вешан синойн вочух а, вешан вон Iамалх а. АллахIа нийсачу новкъа ваьккхинарг галваккха цхьа а вац, АллахIа тилийнарг нисван цхьа а вац.
Аса тоьшалла до АллахI бен шена Iибадат дан хакъдолуш кхин дела цахилар. Иза ша цхьаъ ву, Шеца накъост а воцуш. Аса тоьшалла до, баккъалла а Мухьаммад Цуьнан лай а, Пайхамар а хилар.
Баккъалла уггар бакъдолу къамел — АллахIан Къуръан ду. Уггар дика нийсо — Мухьаммадан нийсо ю. Уггаре вон белхаш динехь — юкъадаьхнарш ду. Динехь юкъадаьккхина дерриге хIума — бидIат ду. Дерриге бидIат — тилвалар ду. Дерриге тилвалар жоьжахатехь ду.
Лераме вежарий, йижарий!
Дала вайн умматна елла цхьа хаза Iамал ю — иза вовше салам далар ду. Салам далар бусалбачу нахана юкъахь даьржина а ду. Муьлхачу бусалба стаге салам делча, иза схьаэца хаьа цунна.
Вовшех салам даларан шен кеп ю, бехкамаш а ду салам луш лардан дезаш долу. Амма уьш хууш ца хилча, салам даларехь гIалатбуьйлу бусалба нах. Ткъа салам луш и гIалаташ дуьйлуш гина суна тайп-тайпанчу къоман бусалба нахера. Ткъа и г1алаташ товш дац бусалба стагехь цо салам луш.
Цундела, салам даларан ял а, цуьнан дозалла билгала а деш, цуьнан бехкамаш а, суннаташ а хьахош хIара жайна яздина вай бусалба нахана.
Окху жайнахь хьуна дуккха а хIума девзар ду салам даларх, салам лучарна хаа дезаш долу. Дала къобал бойла хIара болх вайгара. Дала бусалба нахана пайде бойла хIара болх. Дала вовшех дезар лойла вайна. Дала йалсамане хьеший дойла вайх!
Дала пайде дойла хIара жайна хьуна!
Шовхал Сайд-Селиман кIант Хьусайн
Салам мичара схьадаьлл?
Салам схьадаларан бух дукха к1орге бу. Лекхачу Аллах1а Адам пайхамар (1алайх1и сала́м) кхоьллинчу хенахь аьлла цуьнга:
«Х1ай, Адам! Вало, д1огахь хиина 1аш йолчу малийкин тобане салам ло, цара хьоьгара салам д1а муха оьцу а ладог1а. Баккъалла а, иза хьан салам далар ду, хьол т1аьхьа хин йолчу хьан т1аьхьенийн а салам далар ду».
Адама (1алайх1и сала́м) малийкашка салам делира: «Ассала́му 1алайкум», — аьлла. Малийкаша цуьнгара салам схьаийцира: «Ва1алайкуму сала́м ва рохьматулло́х1и», -аьлла.
Цигара дуьйна Дала салам далар т1едиллина бусалбачу нахана цара вовше маршалла хоттучу хенахь.
Иштта Дала Къуръан чохь вайга вовше салам луш хила аьлла т1едиллина а ду. Дала боху Къуръан чохь:
«Х1ай, ийман диллинарш, нехан х1усамашка шу чу ма г1олаш аш цаьргара пурба даккхалц (чуван мегий аьлла) а, х1усамдайшка салам даллалц а».
Кху айатехь Дала билгалдоккху, стагана шен йоцчу х1усам чу вахар хьарам хилар, х1усамдегара пурба даккхалц. Иштта ша чу воьдучу х1усаман ох1ланга салам далар меле хилар билгалдоккху вайна Дала. Цундела, х1усам чувахале пурба даккхар фарз ду, цаьргара пурба хиллалц чуваха хьарам ду.
Х1усам чу воьдуш, цу чуьра ох1ланга салам далар мелехь ду. Дала боху Къуръан чохь:
«Шу х1усамаш чудахча (шайн х1усаме я нехан х1усаме) вовше салам лолаш, Аллах1ера дика беркате маршалла ду шуна иза».
Иштта Дала боху Къуръан чохь:
«Шуьга салам лахь, цул а дикох дерг юхалолаш, я шайга схьаделлачул д1алолаш».
«Дикох дерг бохург» — дукхох дерг бохург ду, иза муха хуьлу лахахь хьахора ду вай.
Лакхахь хьахийнарг, салам далар а, иза дала дезаш хилар а Къуръан чуьра а, пайхамаран (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) суннатера а баххаш дара. Иштта цуьнан баххах кхин дуккха а ду, х1орш доцурш а, вовше салам даларан йал юьйцучу декъехь хьахор ду вай уьш а. Уьш дерриш салам дала дезаш хиларан баххаш ду.
ВОВШЕ САЛАМ ДАЛАРАН йаЛ
Ислам динан уггаре хазачу г1иллакхех ду бусалбачу наха вовше салам далар. Лекхачу Аллах1а салам далар 1ибадат лерина бусалба умматна, и лелийначунна йоккха ял а луш. Цулла совнаха, ислам динехь уггаре дикачу 1ибадатех ду салам далар.
1абдуллах1 бин 1амро (Аллах1 реза хуьлда цаьршинна) аьлла:
«Цхьана стага хаьттира пайхамаре (Аллах1ера салават а, маршо а хуьлда цунна):
«Ислам динехь уггаре диканиг х1ун ду?»
Пайхамара (Аллах1ера салават а, маршо а хуьлда цунна) элира:
«Ахь яах1ума ялар а, хьайна вевзачуьнга а, вевзаш воцучуьнга а салам далар а».
Х1окху хьадисо гойту яах1ума ялар еза 1амал хилар, хьешана луш хуьлда иза я мискачу стагана луш хийла, Дала магийтинчу муьлхха кепара ялар юкъадог1у цунна. Иштта кху хьадисо гойту салам далар деза 1ибадат хилар. Ткъа хьуна ма-гарра, пайхамара (Аллах1ера салават а, маршо а хуьлда цунна) кху хьадисехь боху, салам ло хьайна вевзачуьнга а, вевзаш воцучуьнга а, коьртаниг иза бусалба хилар ду, т1аккха иза бусалба валахь цуьнга салам дала дог1у.
Амма тахана к1езиг стаг ву шена ца вевзачуьнга салам луш. Хийлазза го вайна ши бусалба стаг вовше салам ца луш т1ехволуш. Иза бусалбачу нехан г1алат ду, шайн пайхамаран (Аллах1ера салават а, маршо а хуьлда цунна) суннат дитар ду.
Ахь саламца схьакъасто ца веза хьайна вевзарг. Массо бусалба стаг хьан ваша ву, хьуна вевзаш вацахь а, цундела суннат а ду ахьа хьайна вевзачу а, вевзаш воцучу бусалба веше а салам далар.
Вайн Пайхамара (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) аьлла:
«Шу ялсамани чу г1ур ма дац аш ийман диллалц, аш ийман дуьллур ма дац шуна вовше деззалц, аса цхьана х1уманна т1е нисде шу, аш иза дича шу вовше дезар долуш? Шайна юккъахь салам даржаде».
Хьажа, ма доккха х1ума ду салам даларх доьзна. Ялсамани, ийман, вовше дезар, и дерриге вовше салам даларх доьзна ду!
Аллаху Акбар!
Х1ара ду-кх бусулбачу нахана шаьш вовше цадезаран бахьана. Бусалбачу нахана юкъахь девнаш латтаран а, барт цахиларан а бахьана. Дала ло боху, салам цара вовше ца ло дера, царна бекхам бина Цо.
Ма дукха х1ума нислур дара вайн, вешан юкъахь вай салам даржийча. Ялсаманина герга хир дара вай, ийман ч1аг1лур дара вайн, вовше дезар дар вай.
Вайн Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла:
«ХIай, нах! Салам даржаде, сагIина яахIума ло, гергарлонаш леладе, нах бийшина болуш буьйсана ламаз (тахIажуд) де, (тIаккха) маьрша долуш ялсамане чу гIур ду шу».
Кху хьадисехь вайн Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) диъ хIума лардинарг ялсамане чу гIург хилар билгалдо, царех цхьаъ салам далар ду. И цхьаъ ахь кхочуш дахь, кхоъ бен ца дуьсу хьуна, уьш а ахь кхочуш дахь, ялсаманина хьакъ хуьлу хьо. Ойла йича доккха хIума ду хьуна иза. И хIора хIума ша-ша даьккхича а ма деза ду-кх. ХIоранна шен-шена йоккха ял йолуш. Амма уьш цхьаьна хилча гуттар а деза ду, цаьрца ялсамане йоккхуш. Хала хIуманаш дац хIорш, делахь а, кIезга бу-кх вайна юкъахь хIорш деш берш. Ур-атталла салам ца луш а бу дуккха а.
Убай бин КаIбийн к1ант Т1уфайла (Аллах1 реза хийла цаьршин) дийцина, ша 1умар бин Хат1та́б к1ант 1абдуллах1 (Аллах1 реза хийла цаьршин) волчу вахара. Т1аккха 1абдуллах1а Т1уфайла а оьций базара воьдура. Ткъа цигахь к1езга х1ума юхкучунна а, дукха х1ума юхкучунна а, я мискачу стагана а, я цхьанне а т1ех ца волура иза цаьрга салам ца луш.
Т1уфайлас дуьйцу:
«Цхьана дийнахь 1умар бин Хат1та́бан к1ант 1абдуллах1 (Аллах1 реза хуьлда цаьршина) волчу веанера со. Т1аккха 1абдуллах1а соьга шена т1аьхьах1оттий базар схьавола элира. Аса элира цуьнга: «Хьо х1ун дан воллу цу базарахь? Х1умма оьцуш а вац хьо, я юхкуш а вац хьо цигахь, я юхкучу х1уманийн мехаш хоьттуш а вац хьо, я цигахь гулбеллачаьрца охьахиъна вистхуьлуш 1ан г1ерташ а вац хьо? Соьца х1оккхахь охьахаа, къамел деш 1ийр ву вайша».
Т1аккха цо элира: «Х1ай, верстина верг! Х1оккхахь соьца охьахаа. Вайша базара воьдуш ма вац салам даларан дуьхьа бен, цигахь вайшинна дуьхьалкхеттачуьнга салам дала».
Бусалбачу нахе салам далар мелехь долу дела, и ял шена хилийтархьама базар воьдуш хилла 1абдулла́х1 нахе салам дала.
Кху хьадисаша а, лакхахь хьахийначу аяташа а гойту салам далар Ислам динехь йоккха 1амал хилар, иза вовше дала дезаш хилар бусалбачу наха.
Амма тахана цу саламах хила безаш болу кхетам дукха ч1ог1а г1елбелла вайн бусалбачу нехан. Цуьнан бахьанаш дукха ду, царах коьртаниг — бусулба дин вайна юкъахь г1елдалар ду.
Ткъа вайна гуш ду кху жайни т1ехь салам Къуръан чохь а, Делан Элчанан (Аллах1ера салават а, маршалла а хуьлда цунна) суннатехь а хьехийна хилар.
Ткъа иза ша цхьаъ кхачаме хила деза вайна, и салам дуьззина т1е а эцна, вайна юкъахь даржадан, «г1иллакхехь дац» ца бохуш, «салам дала жима ву» ца бохуш, «1адатехь дац ца бохуш», я иштта кхечу бух боцучу х1уманех бахьанаш а ца деш.
Делан дашна дуьхь дуьхьал дог1уш дуй гуш дуй вайна салам цадалар? Салам ца далар, ткъа Делан дош дита дезий вай «г1иллакх» дуьхьа?
Дала бохург 1аддита дезий вай «г1иллакх дуьхьа»?
Мегар дуй иза дан?
Дела реза хир вуй вайна т1аккха?
Хьуна нийса хетий иза?
Цхьана а бусалбачу стага магор дац иза, шен кийрахь бусалба дог долчо. Ахьа а ца магадой хаа суна иза, хьо ц1енна бусалба стаг хиларе терра. Хьан кийрахь дерг бусалба стеган дог долун дела.
Ткъа аса г1иллакх ма леладе боху ма мотталахь! Х1ан-х1ан! Иза дац аса бохург!
Г1иллакх ислам динах доккха х1ума ду, г1иллакх динан хазалла ю. «Г1иллакх кхочушдаран дуьхьа Дала ваийтина ша», — аьлла вайн пайхамара а (Аллах1ера салават а, маршалла а хуьлда цунна).
Цхьа х1ума бах аса: Дала бохучунна дуьхьал дерг г1иллакх дац, х1унда аьлча г1иллакх Дала бохучунна дуьхьал хила йиш яц.
Дала вайга бохург дика дерг, нийсох дерг ду. Ткъа г1иллакх дика х1ума хила деза. Ткъа Дала бохучунна дуьхьал дерг дика х1ума хила йиш юй?
Г1иллакх хира дуй цунах т1аккха?
Дала бохург нийсох дерг хилча, цунна дуьхьала дерг тилам хира бац т1аккха?
Бесплатный фрагмент закончился.
Купите книгу, чтобы продолжить чтение.