ДЕШХЬАЛХЕ
Ассаламу Iалайкум, лараме бусалба нах!
Альхьамду лилла́х1и роббил 1а́ламийн. Ва ссола́ту ва ссала́му 1ала росу́лилла́х1и ва 1ала а́лих1и ва асхьа́бих1и ажма1ийн ваман таби1ах1ум биихьсанин ила́ явмиддийн. Амма ба1ду:
Лараме бусалба нах, лараме бусалба вежарий, йижарий, марша догIийла шу. Вайна ма хаар дуьне т1ехь дукха адмаш хилла, тахна а дукха адам ду дуьне т1ехь. Тайпа-тайпана къаьмнах ду уьш, тайпа-тайпана меттигера а ду уьш. Ткъа царна юкъахь шайн г1иллакх ду, х1ора къома ше кепара долуш. Ислам дино дика г1иллакх т1еч1аг1 до, вуо г1иллакх д1адоккху, х1унда аьлча иза г1иллакх хила а ца хилла дела. Ислам дино ч1ог1а тергало йина г1иллакхна, г1иллакхехь адам хиларна, цундела Веза-Сийлахь Аллах1а вайн юкъера Шен Пайхамар, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, воийтуш цунна т1едиллинчу коьртачу декхарех цхьа декхар дара адаман г1иллакх хьехар. Аллах1ан Элчо, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, адаман г1иллакх хьехна ца1аш, ша а г1иллакх лелош хилла. 1аламат хаза а, дика а, деза а г1иллакхаш хилла цуьнца, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна. Вайн да нана а цуьнан махан дукх! Вайн дог1маш а, синош а цуьнан махан дукх!
Цундела, Аллах1ан Элчо, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла:
«Со ваийтина (Аллах1а) аса кхочушдархьам дика г1иллакхаш».
Хьажа, маьл хаза ду цуьнан къамел, маьл оьзда ду цуьнан хьадис.
Веза-Сийлахь Аллах1а Шен Элчан, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, т1едиллинера неха г1иллакхаш кхочуш дар. Кхочуш дар т1едилларо гойту нахех дика г1иллакхаш хилла хилар, делахьаъ кхоччуш дуьзина ца хилла уьш, хила маьл дезарг ца хилла цаьрца, цундела Аллах1ан Элчо, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, кхочуш дира уьш.
Цундела, Аллах1ан Элчера, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, схьаэца деза вай хаза гIиллакхаш, цунах масал оьцуш, цунах тардала хьожуш. ТIаккха вай баккъаллаъ иза везначарех хира ду, цунна тIаьхь дозучарех хира ду, ткъа цо вай ялсамане дуьгура а ду.
ХIинца хьахора ду вай АллахIан Элчан, АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна, гIиллакхаш.
Сайд-Селиман кIант Хьусайн
ДИКАчу Г1ИЛАКХца хилар
1-Анас бин Ма́лика, АллахI реза хийла цунна, дийцина:
«АллахIан Элча вара, АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна, нахах уггаре дика гIиллакх дерг».
Анас, АллахI реза хийла цунна, АллахIан Элчанна, АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна, гIуллакх деш цуьнан хIусамехь итт шарахь Iийна ву. Цунна чIогIа дика дойзуш хилла цуьнан гIиллакхаш, цундела дина цо АллахIан Элчан, АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна, иштта хаза тоьшалла, хIунда аьлча цуьнан гIиллакхша цецваьккхина хилла иза. Шен массо хIуманел дукха везна хилла цунна АллахIан Элча, АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна.
АТТА ДЕРГ ХАРЖАР
2-АллахIан Элчан, АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна, хIусамнано Iа́ишата, АллахI реза хийла цунна, аьлла:
«АллахIан Элчанга, АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна, шина хIумангахь харжам ма ца байтина, цу шиннах цо уггаре атта дерг бен хаьржний бен. Иза (цо хоржуш дерг) къа далахь, нахах уггаре гена верг хуьлура иза цунах. Я цкъаллигора цкъа шен дегIар чIир эцна вац иза, АллахIан хьурматан тIецакхоьвдинехь, тIаккха АллахIан чIир оьцура цо».
Хьажа цуьнан хазчу гIиллакхке! Ша шина хIуман юкъах цхьаъ хоржуш хилча, уггаре аттаниг хоржура цо, амма иза къа далахь, цунах уггаре гена верг хуьлура иза, тIаккха къилахь дерг ца хоржура цо. Цундела, шина хIуман юкъахь харжам беш вай далахь, аттох дерг харжа деза вай, иза къилахь хIума дацахь. Шеца йинчу харцонна дуьхьал чIир оьцуш ца хилла цо, амма АллахIан хьурматан т1екхоьвднехь цхьаъ, Аллах1а бохург цхьам доха динехь, т1аккха Аллах1ан ч1ир оьцуш хилла цо.
ДЕВНЕ ЦАХИЛАР
3—1а́ишата, Аллах1 реза хийла цунна, аьлла: «Аллах1ан Элчо, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, шен куьйга цхьа а х1уман ца тоьхна ц1аллигора ц1а, лайн а, я зудчун а, я хьадалчан а, Аллах1ан некъахь (г1азотехь) т1ом беш бен».
Хьажа, маьл хаза г1иллакх долуш хилла Аллах1ан Элча, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна. Стаг маьл г1алат ваьлча а, цуьнгара шен хьокъех х1уъа даьлча а, цхьа а х1ума деш ца хилла Аллах1ан Элчо, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна. Амма ша г1азотехь волуш т1аккха шен куьйгаца Аллах1ан мостаг1на тухуш хилла цо.
Тахна вай вовше алсам туха Аллах1ан мостаг1на тухучул. Вовше шога ду вай, амма Аллах1ан мостаг1на хьастаделла ду вай. Дош дашера долушехь т1еяхита кийча ду вай, амма Аллах1ан мостаг1шца собуре ду вай, къеда ду вай цаьрца, цундела Аллах1а шен мостаг1 бусалба умматан т1етесина, сийсаза а дина вай Аллах1ан мостаг1о, х1унда аьлча вай вовше мостаг1и хилла дела, баккъалла волу мостаг1а 1адда витина. Доьхна вай Аллах1ан Элчан, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, г1иллакх т1ера. Ахь тидам белахь, Аллах1ан Элчан, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, г1иллакхах вай доьхча цхьа бохам хуьлу вайна. Д1ахьажал вайна юккъахь болчу бохамашка а, умматехь болчу бохамашка а, х1ора бохамна т1ехьа хьуна билгалладера ду Аллах1ан Элчан, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, дохина г1иллакх.
КЪАМЕЛ ХАЗА ОЬЗДА ХИЛАР
4—1а‘ишата, Аллах1 реза хийла цунна, аьлла:
«Иза (Аллах1ан Элча) вацар боьха къамел деш, я боьха къамел дан г1ерташ, базаршахь мохь хьокхуш а вацар. Вон дуьхьал вонца бекхам а ца бора цо, делахь а къинт1ера волуш, геч а дора».
Бесплатный фрагмент закончился.
Купите книгу, чтобы продолжить чтение.