НОХЧИЙН МАТТАХЬ
100 ДО1А
ДО1 ДАРН ДАЗАЛЛА
1-Аллах1а аьлла Къуръан чохь:
«Аш Соьга деха, Аса шуна жоп лур ду».
2-Пайхамара (Аллах1ера салават а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
«Лекхачу Аллах1ана до1анал сийлахь цхьа а х1ума дац».
3-Пайхамара (Аллах1ера салават а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
«Лекхачу Аллах1ана до1анал сийлахь цхьа а х1ума дац».
4-Пайхамара (Аллах1ера салават а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
«Уггар г1орасиз верг, до1а ца далуш верг ву».
— Пайхамара (Аллах1ера салават а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
«Муъмин стеган герз до1а ду».
— Пайхамара (Аллах1ера салават а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
«Аллах1а шух милла а шега до1а дар т1ехь нисвича, Аллах1а цунна Шен къинхетаман не1арш д1айоьллу».
ДО1 ДАР
До1а хьайггара, муьлххачу кепара дан мегаш ду. Хьайна хуъучу кепара. До1а дар бохург, дехар бохург ду. Вай лахахь б1е до1а хьахийна Къуръан чохь а, Пайхамаран суннатехь а хьахийна долу. Х1ара до1анаш дар деза ду. Амма х1орш бен, кхидерш ма де бохург дац иза. Делахь а х1ара до1анаш Элчанаша а, Пайхамарша а, Делера салам хуьлда царна, дикачу наха а деш хилла, дуккха а пайде х1ума чулоцуш долу дера, хьуна совг1атна гулдина вай х1орш.
Х1ара до1анаш 1аьрби маттара вайн матте даьхна ду, царах пайда алссам хилийтархьама вайна, х1унда аьлча, ша дечу до1анах кхеташ хилча цунна ойла алсам т1ейоьду, дог алссам т1едоьрзу, Дела алссам дагавог1у.
До1анаш дукха ду, уьш дерриш ца до вай, цундела царах уггаре коьртаниш харжа г1оьртина вай, кхечу до1анашкахь долу х1уманаш чулоцуш долу.
Кхачамболлуш кхочуш хиллий-м хаац вайна и болх, амма ницкъ кхочучу барамехь хьовса-м хьаьвсира вай.
Х1ара до1анаш б1е (100) до1а бен дац, дукх дац уьш, итт-пхийтта минотехь дешна вер ву. Амма кхеран чулацам ма боккха бу, х1орш дарца Веза-Сийлахь Дала духатуху зенаш ма даккхий ду, ма дукха баккхийчу баланех хьалха воккху Веза-Сийлахьчу Дала х1ара до1анаш деш волу Шен лай.
КЪУРЪАН ЧУЬРА А, СУННАТЕРА А
ДО1АНАШ
1) -Тхан Дела! Оха тхайн синошна зулам дина-кх, нагахь Ахь тхуна геч а ца дахь, Ахь тхох къинхетам а ца бахь, тхо эшамехь болчарах а хир ду-кх.
2) -ХIай, сан Дела! Со Хьоьца ларло айса сайна цахуург Хьоьга дехарх; нагахь Ахь суна геч а ца дахь, Ахь сох къинхетам а ца бахь, со эшамехь болчарах хир ву-кх.
3) -ХIай, сан Дела, суна а гечде Ахь, сан дена-нанна а гечде Ахь, сан хIусаме веанчу Хьайх тешаш волчунна а гечде Ахь, Хьайх тешаш болчу божаршна а, зударшна а гечде Ахь.
4) -Тхан Дела! Оха лелош дерг тхоьгара къобалде Ахь; бакъдолуш, Хьо хезаш а, Хууш а ву-кх.
5) -ХIай, сан Дела! Ламаз деш хилийта Ахь со а, сан тIаьхьенах берш а; хIай, тхан Дела, сан доIа къобал а де Ахь.
6) -Тхан Дела! Гечде Ахь суна а, сан дена-нанна а, хьайх тешаш болчарна а барт хоттур болчу дийнахь.
7) -ХIай, сан Дела! Суна кхетам а ло Ахь, дикачу нахах со дIа а тоха Ахь. ТIаьхьарчарна юкъахь со хаза хьехавеш хилийта Ахь. Ялсаманийн ни1матах ирс оьцур болчарах а ве Ахь со. Адамаш г1овтор долчу дийнахь, сийсаз ма ве Ахь со та1зар дарца.
8) -ХIай, сан Дела! Дикачу нахах хир волу доьзалхо а ло Ахь суна.
9) -Тхан Дела! Керста нахана тхох питана ма де Ахь. Тхан Дела, тхуна геч а де Ахь, бакъдолуш, Хьо нуьцкъала верг а, хьикмате верг а ву-кх.
10) -Сан Дела! Айхьа суна а, сан дена-нанна а деллачу ниIматашна Хьайна соьга шукар дайта а, соьга Хьо реза волу дика Iамал яйта а аьтто бе Ахь сан; Хьайн къинхетамца Хьайн дикачу лех дIа а тоха Ахь со.
11) -ХIай, сан Дела! Суна Хьайна гергара дика тIаьхье ло Ахь, бакъдолуш, Хьо доIа хезаш верг ву-кх.
12) -ХIай, сан Дела! Со суо цхьаъ ма вита Ахь т1аьхье йоцуш, Хьо уггар диканиг вуьсур верг ву-кх.
13) -Хьо воцург кхин дела вац, сийлахь-цIена ву Хьо массо сакхтах, бакъдолуш, со зулам динчарах хилла-кх.
14) -ХIай, сан Дела! Сан дог паргIатдаккха Ахь. Сан гIуллакх атта а де Ахь. Сан меттан шад а дIабаста Ахь, уьш сан дашах кхетийтархьама.
15) -ХIай, сан Дела! Ас айса-сайна зулам дина-кх, гечдехьа суна.
16) -Тхан Дела! Ахь доссийначух тешна тхо, Элчанна тIаьхьа а хIиттина тхо, ткъа Ахь яздехьа тхо Хьо цхьаъ хиларца тоьшалла деш болчаьрца.
17) -Тхан Дела! Зуламе болчу нахана питана ма хилийта Ахь тхох. Керста нахах Хьайн къинхетамца кIелхьара а даха Ахь тхо.
18) -Тхан Дела! Гечдехьа тхуна тхан къиношна а, дозанал тхо тIехдовларна а; чIагIбехьа тхан ницкъ гIазотана, гIо а дехьа тхуна керста нахана дуьхьал.
19) -Тхан Дела! Тхуна Хьайн къинхетам ло Ахь, тхо нийсачунна т1енисдалар атта а де Ахь тхуна.
20) -Сан Дела! Iилманца совваккха Ахь со.
21) -Сан Дела! Хьоьца ларло со шайтIанийн вочу ойланех. Хьоьца ларло со уьш сайна герга дахкарх а.
22) -Сан Дела! Гечде Ахь, къинхетам а бе Ахь, Хьо къинхетам бечарна юкъахь уггар къинхетаме верг ву-кх.
23) -Тхан Дела! Дуьненахь а дика ло Ахь тхуна, эхартахь а дика ло Ахь тхуна, цIеран Iазапах лар а де Ахь тхо.
24) -Тхуна хаза а хезна Дела бохург, тхо муьтIахь а хилла; Хьан гечдар доьху оха, хIай, тхан Дела; доьрзу меттиг Хьоьга а ю тхан.
Бесплатный фрагмент закончился.
Купите книгу, чтобы продолжить чтение.