12+
Минбаран хьехамаш

Объем: 148 бумажных стр.

Формат: epub, fb2, pdfRead, mobi

Подробнее

ислам дини баххаш

1-Муъма-нехан Амира Абу Хьафс Iумар бин ХаттIаба (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла, АллахIан элчано (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) олуш хезира шена аьлла: «Боккъалаъ, Iамалш негаташка хьаьжжина ю, хIора стагана а цо (и дан) негат диннарг ду. Цундела шен махках валар хилларг АллахIан дуьхьа а, цуьнан элчанан дуьхьа а — цуьнан махках валар АллахIан а, Цуьнан элчанан а дуьхьа хир ду. Ткъа, шен махках валар хилларг муьлхха а цхьана дуьненан хIуманан дуьхьа, ша гулдан лерина долучу, я ша ялор йолчу зудчун дуьхьа — цуьнан махках валар и ша махках ваьллачу хIуманан дуьхьа хир ду» [(Бухари: 1, Муслим: 1907.

2-Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: Аллах1ан Элчано (Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла: «ХIокху тхан гIуллакхехь (бусалба динехь) цуьнах доцург юкъадаьккхиначуьнгара иза (юкъадаьккхинарг) тIеоьцур долуш дац (къобалдийр дац)» [(Бухари: 697, Муслим: 1718)]. Оцу хьадисан Муслиман риваятехь дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Цхьамма тхан гIуллакхаца (бусалба динаца) цхьаьна ца догIуш долу муьлхха а цхьа хIума дахь, иза тIеоьцур долуш дац (къобалдийр дац)».

3- Баширан кIанта НуIмана (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) олуш хезира шена аьлла: «Боккъалаъ, магийнарг — хууш ду, цамагийнарг а — хууш ду, ткъа царна юккъехь шеконаш ерг ду, дуккха а нахана цуьнах дерг ца хууш. Цундела шеко йолучух ларлуш верг — шен дин а, шен сий а цIандеш ву. Амма шеконехь дерг лелош верг — хьарам дерг (лело) а вера ву, йихкиначу меттигна гонаха (шен жа) да жочу жаIух терра, (иза) хIинций-хIинций оцу тIе долу-кха (бохуш). Боккъалаъ, хIора паччахьан (шен) йихкина меттиг ю. Боккъалаъ, АллахIан йихкина меттиг — иза, Цо царна цамагийнарш ду. Боккъалаъ, (адаман) дегIехь дилханан кийсиг ю: нагахь и нисъелла хилахь — дерриг дегI а нисдеш, нагахь и телхина хилахь — дерриг дегI а талхош. Боккъалаъ, иза — дог ду» [(Бухари: 52, Муслим: 1599)].

4-МасIудан кIанта IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла, бакъ луьйш волчу а, тешам хила хьакъ волчу а АллахIан элчано (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) дийцира аьлла: «Боккъалаъ, шух хIора а (цкъа хьалха) шен ненан кийрахь кепе валаво: шовзткъа дийнахь — тIадаман куьцехь, тIаккха оццул хенахь — цIийн улхан куьцехь, тIаккха кхин а оццул хенахь — дилханан кийсиган куьцехь. Цул тIаьхьа АллахIа малик хьажадо, цо цунна чу са дуьллу. Цул тIаьхьа цо цуьнга диъ (хIума) дIаязде (олий) омра до: шен рицкъа, шен хан, шен гIуллакхаш, иштта ирсе хир ву я декъаза хир ву иза. Аса дуй буу Ша воцург кхин дела воцучух: боккъалаъ, шух муьлххачо а (ян тарлуш ду) ялсаманин охIланан Iамалш: ялсамане кхача ерриг (йиссинарг) цхьа дол юкъ бен а йоцуш, тIаккха цунна яздина хилла йоза (кийрахь волуш) кхочуш хир ду — жоьжагIатин охIланан гIуллакхашна тIехьа а ваьзна, (жоьжагIате) гIур ву иза. Боккъалаъ, (иштта) шух муьлххачо а (ян тарлуш ду) жоьжагIатин охIланан Iамалш: жоьжагIате кхача ерриг (йиссинарг) цхьа дол юкъ бен а йоцуш, тIаккха цунна яздина хилла йоза (кийрахь волуш) кхочуш хир ду — ялсаманин охIланан гIуллакхашна тIаьхьа а ваьзна, (ялсамане) гIур ву иза» [(Бухари: 3208, Муслим: 2643)].

5-Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла, АллахIан элчано (АллахIера салават а, сала а хуьлда цунна) элира аьлла: « (ХIай, нах!) Боккъалаъ, АллахI — ЦIена ву, Цо цIенаниг бен цхьа а хIума къобал ца до. Боккъалаъ, Шен элчанашка динна долу омра дина АллахIа муъма нахе а. Веза-Сийлахьчо аьлла: «ХIай, элчанаш! Хьаналниг даа, дика Iамалш а е.» («алМуъминун»: 51). Иштта Веза-Сийлахьчо аьлла: «ХIай, Делах тешнарш! Оха шайна делла долу хьанал рицкъа даа.» («ал-Бакъарат»: 172). Цул тIаьхьа пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьа стаг вийцира — новкъахь ехха хан яьккхина волу, ченах а вуьзна, хьирчина месаш а йолуш, шен куьйгаш стигала а айдой (юха-юха а олуш волу): «Ва, сан Дела! Ва, сан Дела!». Ткъа цуьнан кхача хьарамниг бу, цуьнан малар (хи) а хьарамниг ду, цуьнан духар а хьарамниг ду, хьарам кхача баош кхаьбна а ву иза — иштта хилча (цуьнан доIанна) жоп муха лур ду?» [(Муслим: 1015, Тирмизи: 2992)].

6- Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла: «Стага Ислам (дин) хаза лелош хиларан (билгалонех цхьаъ) ю — цо (массо) а шех Iотталуш доцург дитар.» [(Тирмизи: 2318, дика (хьасан) хьадис ду, Тирмизис а, кхинболчу мухьаддисаша а далийна и)].

7- Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера салават а, салам хуьлда цунна) элира аьлла: «Шух цхьа а иман диллина хир вац — шена дезаш дерг шен (динан) вешийна а деззалц.» [(Бухари: 13, Муслим: 45)].

8-Худри некъех волучу Абу СаIийд СаIд бин Синана (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла, АллахIан элчано (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла: « (Бахьана доцуш) ца мега зен дан, (бахьана долуш) ца мега зен дан.» [(Ибн Маджат: 2340—2341, ад-ДаракъутIни)].

9-Абу ХIурайра Iабдур-Рахьман бин Сахра (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла, АллахIан элчано (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) олуш хезира шена аьлла: «Аса шайна дихкиначух (ца магийначух) ларло, Аса шайга омра диначух шайга далуш дерг де. Боккъалаъ, шул хьалха баьхнарш (хилларш), цара хеттарш дукха дар а, уьш шайн пайхамарашна Iеса хилар а бахьана долуш хIаллакбина.» [(«ИIтисам бил китаби вас суннати» жайнахь Бухарис дийцина: 6777, Муслим: 1337)].

10-Рукъаййатан дас Тамим бин Авс ад-Дарийс (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, (цкъа) пайхамара (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла: «Дин — догцIеналла гучуяккхар ду». Оха хаьттира: «Хьенан хьокъехь?». Цо элира: «АллахIан а, Цуьнан Жайнин а, Цуьнан элчанан а, бусалба нехан куьйгалхойн а, массо бусулба нехан хьокъехь а» [(Муслим: 55)].

11- СаIдан кIанта Абу Iаббас СахIла (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: « (Цкъа) цхьана стага, пайхамарна (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) тIе а веана, хаьттира (цуьнга): «ХIай, АллахIан элча! И йича со АллахIана а, нахана а везар волу Iамал йовзийтахь суна.» (Цунна жоп луш пайхамара (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна)) элира: «Кху дуьненан хIуманна суьпа хила хьо — АллахIана везар ву хьо, нехан (долахь долучуьнан хьокъехь) суьпа хила хьо — нахана а везар ву хьо»» [(Ибн Маджат: 4102, «дика» («хьасан») даржехь хьадис ду)].

МИНБАРАН ХЬЕХАМАШ

ДЕШХЬАЛХЕ

Бисмиллах1иррохьманиррохьийм. Хастам бу Аллах1ана, 1аламаш кхиош, кхобуш волучу, вайна Ислам дин дахьаш Элча ваийтина волчу, джах1лан боданера 1илман серлоне вай даьхна волчу. Салават а, салам а хуьлда вайн Элчанна Мухьаммадан а, цуьнан доьзалшна а, Асхьа́башна, царна т1аьхьа мел ваьзначун а къемат де даллац.

Лараме бусалба нах, х1ара шоллаг1а жайна ду шен чулацам хьехамаш болу. Хьалхара жайна «МИНБАРАН НУР» ц1е йолуш дара. Дагна хьехам беш ца хилча дог ч1аг1ло, буьрса долу, шен Делах гена долу. Цундела, Веза-Сийлахь Дала т1едиллина вайн хьехаме ладохар, вовше хьехам бар. Хьехаман уггаре сийлахь-декха меттиг мимбар ю. Мимбар т1ера хеза вайн хьехамаш, мимбар т1ера даьржа ийманан нур, мимбар т1ера яьржа эхартан некъ гойту серло. Цундела, тайп-тайпанчу мимбрш т1ехь бина хьехамаш бу х1орш, берише бац, делахь царех хаьржинаш бу. Веза-Сийлахь Дала беркате бойла х1ара жайна, х1ара йаздинчунна а, доьшучунна а, хьехначунна а, массо бусалба нахана а. Т1къа х1инца ладоха вай мимбаран хьехамашка.

Сайд-Селиман к1ант Хьусайн.

ДЕЛАН ДУЬХЬА ЛЕЛАР

Ассаламу 1алайкум, лараме бусалба нах!

Альхьамду лилла́х1и роббил 1а́ламийн. Ва ссола́ту ва ссала́му 1ала росу́лилла́х1и ва 1ала а́лих1и ва асхьа́бих1и ажма1ийн вам ан таби1ах1ум биихьсанин ила́ явмиддийн. Амма ба1ду:

Лараме бусалба нах! Веза-Сийлахьчу Дала вайна т1ейихкина 1амалш шина кепара йу:

1-Деган 1амалш

2-Меженан 1амалш

Царех уггаре коьрта 1амал, иза — деган 1амал йу. Деган 1амална т1ейоьг1на йу меженан 1амал. Цундела, ч1ог1а терго йан йеза вай вешан деган 1амална.

Бакъду, деган 1амал цхаъ йац, дуккха а йу уьш. Уьш йерриш хьахор йац вай, амма царех уггаре коьртаниг хьахьор йу, Веза-Сийлахьчу Делан пурбанца. Иза меженашца йеш йолу 1амалан ният ц1енна Делан дуьхьа хилар ду. Иза ч1ог1а коьрта х1ума ду. Уггаре коьртаниг а ду. Х1унда аьлча, 1амал Делан дуьхьа йацахь иза эрна йу. Иза йоьхна йу. Иза Веза-Сийлахьачу Дала къобал йийр йац. Меженашца йеш йолу 1амал дег1ах тера йу, ткъа уьш Делан дуьхьа хилар синах тера ду. Шена чохь са доцучу дег1ах дан х1ума дац. Цундела, дег1ан са эшаре терра, вайн 1амалшна оьшу уьш Делан дуьхьа йеш хилар.

Ткъа х1ун ду те Делан дуьхьа хилар бохург?

Цунах жоп делла Ислам динан воккхачу Имамо 1из бин 1абди-Сала́мас, Аллах1а къинхетам бойла цунах. Цо аьлла:

«Делан дуьхьа хилар, — иза кхииначу бусалба стага ша Далла муьт1ахь хилар ц1енна цхьана Аллах1ан дуьхьа хилийтар, Далла ша муьт1ахь хиларах наха ша вазваре а, шена лерам баре а сацатийсар, йа динан пайда хиларе а, йа дуьненан зенах ша хьалхаваларе а сацатийсар».

Хьажа, х1ай лараме бусалба ваша, йиша, ма хала х1ума ду иза. Цхьа а тайпа цхьанна пайдане са ца туьйсуш, ц1енна Делан дуьхьа йан йезаш йу 1амал. Иза ч1ог1а хала х1ума ду. Цундела, иза хала х1ума долу дела, делахь а иза хала дара аьлла цу т1ехь къахьоьгуш волчунна а ял 1аламат йоккха йу.

Вай-м х1унда дуьйцура вай, вай-м миска нах ду, дийнахь — буса къинош летош ду. Вайн ийман а г1ийла ду. Амма гуттара ч1ог1а къинах ларлуш хилла болу дикачу нахана а хала хилла-кх шаьш лелошдерг ц1енна Делан дуьхьа хилийтархьама.

Имам Суфъя́ну Саврийс, Аллах1а къинхетам бойла цунах, аьлла: «Ниятел халачу х1уманан т1ехь къацахьегна аса, даима галдолу сан иза».

Шен ният Делан дуьхьа хилийтарал хала х1ума дацара шена боху цо, халла ша шен ният Делан дуьхьа хилийтича, цхьа хан йаьлча галдолура иза шен. Х1унда? Х1унда аьлча стага йеш йолучу 1амалах шена хуьлу пайданаш гуш хилча, церан дуьхьа шен ният д1а ца хьовзийта ч1ог1а хала ду, даима сема хила веза цу т1ехь. Амма мел сема хилахь а цхьа хан йаьлча галдолуш карадо цунна шен ният.

Хаттар кхолладала там бу хьан: Т1аккха сан цхьа а х1ума Делан дуьхьа ма дац, оццул хала х1ума хилча ният Делан дуьхьа хилийтар!

Цхьа кхаъ бу сан хьоьга, иза — хьо хьайн ният Делан дуьхьа дац бохуш сагаттадеш мел ву хьан ният Делан дуьхьа ду хьуна. Хьо хьайга даима бехк боккхуш мел ву Делан дуьхьа лелаш вац со бохуш, хьо Делан дуьхьа лелаш ву хьуна. Х1унда аьлча, хьо сема ву хьайн 1амал Делан дуьхьа хилийтарна т1ехь. Хьо сагаттадеш ву. Амма хьо цхьана а тайпа сагаттадеш воцуш хьайн ниятана, бе башха доцуш лелаш велахь, т1аккха кхерам бу хьуна.

Лараме бусалба нах! Делан дуьхьа лелаш верг шен 1амалш нахал йохуш хир вац. Нахана йовзуьйтуш лелаш хир вац. Амма шен 1амал нахе хьахийча пайда хира белахь, т1аккха хьахаярх х1умма а дац. Вайн 1елам наха, Аллах1а къинхетам бойла царех, аьлла: «Делан дуьхьа лелаш волчо шен диканаш хьулдо, шен вуонаш хьулдар терра».

Хьан вуонаш ахьа хьул мадарра, хьайн диканаш а хьулдан деза ахьа.

Лараме вежарий, йижарий! Вай деш долу х1ума Делан дуьхьа далахь цунах берката хуьлу. Цунах пайда а хуьлу.

Имам Хьамду́н бин Ахьмаде, Аллах1а къинхетам бойла цунах, хаьттина:

— «Салафин къамел пайдехь х1унда ду вайн къамелал»? — Цо аьлла: «Х1унда аьлча цара къамел дина Ислам сийлахь хилийтархьама а, шаьш жоьжахатах къелхьара довлархьама а, Къинхетаме Дела реза вархьама а. Амма вай къамел до вай сийлахьа хилийтархьама, дуьне лахархьама, халкъ (адам) реза дархьама а».

Лараме вежарий, йижарий! Шена чохь доккха ма1на долуш къамел ду х1ара. Ахь ойла йахь ч1ог1а пайде хира ду хьуна х1ара хаза къамел.

Вай деш долу к1езиг х1ума Делан дуьхьа делахь, иза деза ду хьуна. Вай деш долу доккха х1ума Делан дуьхьа дацахь, иза эрна ду хьуна. Вай мел деш долчу х1уманан къайле, иза Делан дуьхьа дар йу.

Веза-Сийлахьчу Аллах1а къинхетам бойла вайха. Дала Шен дуьхьа дойла вай лелош дерг. Дала Ша везар лойла вайна. Дала толам лойла Фалестинера бусалба нахана. Дала маьрша доккхийла Акъсо маьждиг. Дала толаман денош дохкийтийла вайн умматна. Дала къинхетам бойла «амийн» аьллачух.

Субхьа́накалло́х1умма ва бихьамдика, ашх1аду алла́ила́х1а илла́ анта, астаг1фирука ва ату́бу илайка.

СУННАТ ЛАМАЗАШ

Ассаламу 1алайкум, лараме бусалба нах!

Альхьамду лилла́х1и роббил 1а́ламийн. Ва ссола́ту ва ссала́му 1ала росу́лилла́х1и ва 1ала а́лих1и ва асхьа́бих1и ажма1ийн вам ан таби1ах1ум биихьсанин ила́ явмиддийн. Амма ба1ду:

Лараме бусалба нах! Веза-Сийлахьчу Дала вайна суннат дина фарз — ламазашна хьалхара а, т1аьхьара а суннат ламазаш дар. Суннат ламаз мелан ламаз ду, иза ца дича къа ца хуьлу. Делахь а, уьш дара ч1ог1а деза ду, мелехь а ду, йоккха ял хуьлуш 1амал йу. Уьш суннат дара аьлла мало йан мегар дац царна т1ехь.

Фарз — ламазашца деш долу суннат ламазаш шина декъе декъалуш ду:

1-Ч1аг1дина суннаташ;

2-Ч1аг1дина доцу суннаташ;

Ч1аг1дина суннаташ йалх ду, х1ора а ши рака1ат ду, шийтта рака1ат хуьлу уьш т1аккха.

Ч1аг1дина доцу суннаташ пхиъ ду, х1ора а ши рака1ат долуш, итт рака1ат хуьлу уьш т1аккха.

Ч1аг1дина йалх суннат ламаз, уьш:

1—1уьйра — ламазан халхара ши рака1ат цхьа ламаз.

2-Делкъа — ламазан хьалхара ши ламаз, х1ора ламаз ши рака1ат долуш.

3-Делкъа — ламазан т1аьхьара цхьа ламаз ши рака1ат.

4-Маьркъажа — ламазан т1аьхьара цхьа ламаз ши рака1ат.

5-Пхьуьйра — ламаз т1аьхьара цхьа ламаз ши рака1ат.

Х1орш ч1аг1дина йалх суннат ламаз ду, шийтта рака1ат хуьлу уьш.

Хаттар кхолдала тарло хьан: «Х1ун башхалла йу ч1аг1дина суннаташний, ч1аг1дина доцу суннатшний йуккъахь?»

Царна йуккъахь йолу башхалла, ч1аг1дина суннаташ Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, даима деш хилла, цхьана бахьанийца диснехь доькхуш т1едеш хилла цо уьш. Ша ц1ера ваьлчий бен дуьтуш ца хилла цо уьш.

Амма ч1аг1дина доцу суннаташ Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, наггахь деш а, наггахь ца деш а хилла ша ц1ахь волушшехь. И башхалла йу ч1аг1динчу а, ч1аг1 ца динчу а суннаташна йуккъахь. Делахь а, дезах дерг ц1ахь волуш ч1аг1динарш а, ч1аг1дина доцурш а дериш дар ду, амма ц1ера ваьлча 1уьйра — ламазан хьалхара цхьа суннат деш.

Ч1аг1дина доцу суннат — ламазаш, уьш:

1-Делкъа — ламазан т1аьхьара шоллаг1а суннат ламаз ши рака1ат.

2-Малхабуза — ламазан хьалхара ши суннат ламаз, х1ораъ ши рака1ат.

3-Маьрк1аж — ламазан хьалхара цхьа ламаз ши рпка1ат.

4-Пхьуьйр — ламазан хьалхар цхьа ламаз ши рака1ат.

Х1ара суннаташ дар ч1ог1а мелехь ду.

СУННАТА-ламазаш ДАРАН ЯЛ

Ч1аг1дина шийтта рака1ат (йалх ламаз) даран ял билгал йина йу вайна. Ма йоккха ял йу иза. Ма вай ч1ог1а сатуьйсу х1ума ду Веза-Сийлахьчу Дала вайна лундерг вай и шийтта рака1ат деш хиларна. Ладог1а кху хьадийсе:

Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла:

«Цхьа а бусалба лай хир ма вац Лекхачу Аллах1ан дуьха х1ора дийнахь мелан шийтта рака1ат деш фарзаш доцуш, Аллах1а цунна ц1а диний бен ялсамани чохь».

Лекха — Сийлахьчу Аллах1ан муьлххачу а лайна шийтта рака1ат деш хилахь, Дала цунна ялсамани чохь х1усам йийра йу. Йа Аллах1! Ма боккха бекхам бу Веза-Сийлахьчу Дала вайна беш берг. Ма доккха дарж ду иза вайна. Лараме бусалба ваша, йиша, цхьанна а кепара дита ца деза вай и шийтта рака1ат. Цхьана бахьанан диснехь доькхуш дина а т1е дан деза. Оццул к1езиг х1ума дарна Дала вайна ялсамани луш хилча, ялсамани чохь исбаьхьа хаза х1усам луш хилча, сиха дала деза вай иза вайна йаккха. Сутара хила деза вай иза вайна хилийта. Х1умма а хала доцург ма ду шийтта рака1ат дан, амма цунах хуьлучу йоле хьажахьа! Лараме ваша, йиша, варийлахь, даима и суннат ламазаш лардеш хилалахь, дохко вер вац (йера йац) хьо.

Ч1аг1дина доцу суннаташ а лардар ч1ог1а деза ду, уш ч1аг1дина дац аьлла 1ен ца деза вай, х1унда аьлча, Аллах1ан Элчано а, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, ма ца дитина уьш ч1аг1дина дац аьлла. Цундела, цунах масала эца деза вай, цунах тардала деза вай.

Х1инца ч1аг1дина суннатех а, ч1аг1дина доцу суннатех а цхьадолчу суннат — ламазийн дазалла хьахор ду вай.

1—1уьйра — ламазан хьалхара суннат ши рака1ат ламаз

Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла:

«1уьйра — ламазан ши рака1ат (ламаз) диках ду дуьненал а, цу чохь долчу х1уманал а».

1уьйра — ламазан хьалхара ши рака1ат суннат ламаз ду Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, дуьйцург.

Хьажа, мел деза ду 1уьйра — ламазан хьалхара ши рака1ат суннат. Ткъа 1уьйра — ламазан суннат оццул деза хилча, 1уьйра — ламаз мел деза хир ду аьлла хета хьуна?!

Шеко йоцуш иза дуккха а деза ду. Валлах1и вай йан ма йезза цуьнан ойла йахь, вайна хуур ду 1уьйра — ламаз а, цуьнан суннат ламаз а Веза-Сийлахьчу Делера доккха совг1ат хилар вайна.

Вайна хала ду иза шен хена чохь дан, цундела дукхах долчу уммато шена хена чохь деш дац иза, деш делахь а. Амма цу 1уьйра — ламазан хенахь царна дуьне луш хилча дийра дарий уммато 1уьйра — ламаз шен хенахь?! Дуьтура дарий бусалба стага цхьа а 1уьйра — ламаз?! Дера дуьтура дацара, йа аьттехьа а ца деш 1ийр а вацара.

Гой хьуна, дуьне диках хета умматна эхартал. Дуьненан дуьхьа къахьега кийча бу бусалба нах, динан дуьхьа къахьоьгунберш к1езиг бу. К1езиг х1унда бу? Дера бу 1уьйра — ламазан г1овттуш берш къезиг болу дела. Гой хьуна, нисса б1останехьа хийцабелла бусалбачу нехан кхетам! Пайхамаран, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, заманахь бусалба нехан кхетам нисса б1останехьа хилла тахана болчу бусалба нехан кхетамах. Цара дин хьалха доккхуш хилла дуьненал а. Эхарт хьалха доккхуш хилла дуьненан х1уманал а. Цундела дуьнен т1ехь уьш элий хилла. Церан дош хилла дуьнен т1ехь лелаш дерг. Кериста нах озалуш хилла царех. Кериста нахана т1ехь толамаш бохуш хилла цара, х1унда аьлча, Веза-Сийлахьчу Дала толам Шен эхарт дезачунна ло дела. Шен дин дезачунна ло Цо толам.

Цундела ду умматан хьал тахна иштта ирча. Шен динах гена даьлла уммат. Иза цу т1е йухадерзахь, т1аккха Веза-Сийлахьчу Дала толам схьалур бу цунна.

Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, ч1ог1а лардеш хилла 1уьйра –ламазан хьалхара ши рака1ат суннат — ламаз.

Пайхамаран, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, х1усамнанас 1а́ишатас, Аллах1 реза хуьлда цунна, аьлла: «Пайхамар, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, вацара суннат ламазашах 1уьйра — ламазан ши рака1ат санна ч1ог1а цхьа а х1ума лардеш».

Хьажа, мел ч1ог1а лардеш хилла Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, 1уьйра — ламазан хьалхара ши рака1ат суннат ламаз. Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, ц1ахь а, некъахь а дуьтуш ца хилла и суннат ламаз. Ткъа 1уьйра фарз ламаз мел деза хира ду аьлла хета хьуна?!

2- Делкъа — ламазан суннаташ

Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла:

«Миллаъ хиллехь делкъа — ламазан хьалхара диъ рака1ат а, т1аьхьара диъ рака1ат а лардеш, Аллах1а иза ц1арна (жоьжахатна) хьарам вина».

Иштта деза ду делкъа — ламазан хьалхара а, т1аьхьара а суннаташ. Уьш деш хилларг Веза-Сийлахьчу Дала жоьжахатан ц1арна хьарам вийра ву. Ма доккха х1ума ду иза! Лараме бусалба нах, ма ч1ог1а лардан дезара вай уьш. Ма ч1ог1а тасадала дезара вай царех. Оццул атта жоьжахатан ц1арах къелхьара девлча доккха х1ума ма ду иза. Йоккха декъалалла ма йу иза.

Амма тахна вай дукха дуьту и суннат ламазаш. Сихаллехь а, ларацадарехь а, г1уллакхаш хьалхадовларца а, йа дог ца даг1арца а. Иза вайна боккха эшам бу. Доккха зен ду иза вайна. Г1уллакхаш чакхдевр дац хьуна, хьо валлалца хира ду уьш. Цундела, хьо пархата валаре са ца туьйсуш, мукъа валаре ца хьоьжуш, х1ара суннаташ лардан хьажа веза хьо. Х1орш даима деш хила хьажа. Нагахь санна цхьана г1уллакхна суннаташ дан лара ца вахь, доькхуш дай а деш хила уьш. Хьажа, Веза-Сийлахьчу Далла ма ч1ог1а деза вай уьш деш хилар. Ма доккха совг1ат ду Цо вайна лушдерг. Жоьжахатан ц1арх хьалхавитарал кхин х1ун доккха совг1ат хира ду.

3-Малхбуз — ламазан суннаташ

Малхбуз — ламазан хьалхара ши суннат — ламаз ду. Х1ораъ ширака1ат деш. Уьш ч1ог1а деза суннаташ ду. Церан дазалла билгалдеш Пайхамарас, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьллачуьнга ладог1а ахьа.

Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла:

«Аллах1а къинхетам бойла къонахчух, малхбуза — ламазан хьалхара диъ рака1ат дина волчу».

Лараме ваша, йиша! Вайха Веза-Сийлахьчу Аллах1ан къинхетам хилар доккха х1ума ду. Вай декъал хира ду т1аккха. Вайн деригге г1уллакхаш то а делла нислур ду. Т1аккха хьажа ма хала дац Веза — Сийлахьчу Аллах1ан къинхетам вайна хилийта. Ма герга ву Иза вайна. Вай цхьажимма 1амал йичхьана Цуьнан къинхетам хуьлу вайх.

Хала ма дац малхбуза — ламазан хьалхара ши суннат — ламаз дан. Амма вайна цунах хуьлу пайда ма боккха бу-кх. Ма йоккха декъалалла йу-кх вайна цунах хуьлуш. Цундела, цу т1ехь само йеш хила деза вай. Малхбуза — ламазан хьалхара суннаташ деш хила деза вай.

Цхьаволчо хотту «Малхбуза — ламазана т1аьхьа суннат — ламаз дуй»?

Малхабуза — ламазана т1аьхьа суннат ламаз дац. Цунна хьалха ду ши суннат — ламаз.

СУННАТ — ЛАМАЗАШ ДАРАН
ПАЙДАНАШ

1-Суннат — ламазаш даран пайданаш дукха бу. Царех уггаре боккха пайда суннат — ламазаш деш верг Веза-Сийлахьчу Далла везаран пайда бу. Ткъа Веза-Сийлахьчу Аллах1ан везавелачунна 1аламат баккхий пайданаш хуьлу.

Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла:

«Сан лай Суна герга вохуш мел ву мелан 1амалш йарца, Суна иза везалур ву. Ткъа Суна иза везавелча Со цуьнан хазар хира Ву, цунна шеца хезаш долу. Цуьнан б1аьрса а хира ву Со, иза шеца хьожуш волу. Цуьнан куьг а Хира ву, цо д1адохуьйтуш долу. Цуьнан ког а хира ву, цо боккхуш болу. Цо Соьга дехча Аса цунна иза (цо дехнарг) даллане а лур ма ду. Цо Соьгара ларвар лахахь, иза ларване а ларвийр ма ву Аса».

Мелан 1амал йарца Веза-Сийлахьчу Далла герга вахар Далла дукха дезаш х1ума ду. Вайна ч1ог1а пайдехь ду иза. Х1ара цхьа хьадис тоьар дара вай мелан суннат ламазаш лардан. Уьш лардеш хьо хилахь, Веза-Сийлахьчу Делана хьо везало, т1аккха Иза хьан б1аьрса а, хазар а, куьг а, ког а хуьлу. И бохург, Цо хьан б1аьрсах а, хазарх а, куьйгах а, когах а беркат до бохург ду. Хьан до1ана жоп ца луш 1ийр вац Иза. Хьо лара ца веш а 1ийр вац хьуна оьшучу хенахь. Дуьненахь цул доккха х1ума х1ун ду хьуна?! Цул деза х1ун ду хьуна?! Х1умма а дац эр ду ахьа. Т1аккха вуй хьо суннат ламазаш лардеш? Вуй хьо дериг суннат ламазаш деш?

2-Лараме бусалба нах! Фарз — ламазашна хьалхара а, т1аьхьара а суннат — ламазаш Веза-Сийлахьчу Дала цхьана доккхачу хьикматна дина ду. Хьалхарчу суннат ламазаша шайн т1аьхьа дийр долчу фарз — ламазна ойла т1ейохуьйту алссам. Фарз — ламазна кеч во цо иза. Набарх самаваьлла волуш, йа г1уллакхашна йуккъера ваьлла волуш фарз — ламаз дан волавелча ойла дикка ламазна т1ейирзина хир йац цуьнан, набаран марзо хира йу цуьнца, йа г1уллакх дагахь хир ду. Цундела, хьалхара суннат дина волуш фарз — ламаз дан волавелча цунна т1е ойла дика йоьду.

Фарз — ламазна т1аьхара суннат — ламазаша метта х1итта до фарз — ламазехь хилла эшамаш. Фарз — ламазехь г1алаташ дийларца хилла эшам т1аьхьарачу суннат — ламазо метта х1отта до.

Цундела, дан деза вай суннат — ламазаш. Церан пайданаш дукха бу, вай хьахийнарш боцурш а. Х1ар жайн дахцадархьам бериг пайданаш хьахцабо вай.

3-Суннат — ламазаш лардеш верг ялсамани чохь Пайхамарна, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, уллехь шена меттиг боккхуш ву.

Вайн пайхамаран (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) цхьа сохьабий вара Рабий1а бин Ка1б Аль-Асламий ц1е йолуш. Иза жима стаг вара. Пайхамарна (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) г1уллакх деш, цунна улле ваьлла лелаш вара иза. Цо дуьйцу:

«Пайхамар (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) волчахь буьйса йоккхуш вара со. Буьйсанна цунна ламаз эца хи дохьура ас, цуьнан хьаште хьожура со. Цо элира соьга: «Деха соьга хьайна дезарг».

Аса жоп делира цунна: «Аса хьоьга доьху ялсамани чохь хьуна уллехь хилар».

Пайхамара (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) элира: «Кхидерг деха».

Аса элира: «Иза доьху ас».

Т1аккха пайхамара (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) элира: «Т1аккха ахь суна г1о де, дуккха а сужданаш деш».

Робий1ас, Аллах1 реза хуьлда цунна, шена дечу г1уллакхна дуьхьал пайхамарна, Аллах1ера салават а, маршалла а хуьлда цунна, цунна диканца бекхам бан лиънера, цундела цо аьллера Рабий1е: «Хьайна дезарг деха соьга».

Ткъа Робий1ас х1ун дийхира? Робий1ас лоьхург х1ун хиллера?

Ялсамани йехна ца 1аш, ялсамани чохь уггаре лекха меттиг йийхира цо, пайхамарна, Аллах1ера салават а, маршалла а хуьлда цунна, уллохь хилар.

Ткъа пайхамар, Аллах1ера салават а, маршалла а хуьлда цунна, уггаре лекхачу Фирдавс олучу ялсамани чохь хир ма ву, иштта цунна уллехь хуьлуш верг а хир ма ву!

Йа Аллах1, ма доккха совг1ат ду-кх Робий1ан хилларг!!!

Иштта лекха меттиг йехна шена Робий1ас. Аллах1 реза хуьлда цунна. Ма доккха х1ума хиллера цо сатуьйсуш дерг. Цундела, Робий1ас доьхуш дерг дукх деза х1ума долу дела, цуьнан мах бала беза дела, пайхамара, Аллах1ера салават а, маршалла а хуьлда цунна, Робий1ас доьхучу х1уманан мах билгалбира — иза Далла дуккха а сужданаш дар бу. Ткъа сужда — Далла дуккха а ламазаш дарца хуьлу. Цу т1е нисвира пайхамара, Аллах1ера салават а, маршалла а хуьлда цунна, Рабий1а, цо дехначу х1уманан механа т1е.

Рабий1ас дехнарг, цо т1елоцуш дерг дукха доккха х1ума долу дела, цунна мелла а аттаниг далархьама, пайхамара, Аллах1ера салават а, маршалла а хуьлда цунна, элира цуьнга: «Кхидерг деха». Амма Робий1а, Аллах1 реза хуьлда цунна, вацара шен лаамна т1ера вер волуш, цо шена иза бен х1умма ца деза аьлча, т1аккха пайхамара, Аллах1ера салават а, маршалла а хуьлда цунна, цо бала беза мах билгалбира цунна.

Робий1ас, Аллазх1 реза хуьлда цунна, муьлхха а дуьненан х1ума дехнехьара, пайхамара, Аллах1ера салават а, маршалла а хуьлда цунна, лур дара иза.

Ткъа Робий1ан дуьненан хьал муха дара хаьий хьуна?

Робий1а чуваха чоь йоцуш, пайхамаран, Аллах1ера салават а, маршалла а хуьлда цунна, маьждиг чохь…

Делан Элчан маьждиг.

…вуьжуш-г1оттуш ма вара, наха саг1ийна маьждиге деънарг бен кхин рицкъ а доцуш даа.

Зуда йалонза жима стаг вара иза. Даима меца волуш, тишделла, хийца шена т1ераниг бен кхин духар доцуш къен жима стаг вара Робий1а.

Уьш дерриш цо пайхамаре, Аллах1ера салават а, маршалла а хуьлда цунна, дехнехьара, пайхамара уьш цунна лур дара. Шегахь уьш цунна дала дацахь а, Деле цо до1а дича, Дала и дерриге х1ума Робий1ана лур дара. Иза ч1ог1а дика хаьара Робий1ана, делахь а, шен дуьненахь боцу аьтто ца гора цунна, коьрта ойла иза йацара цуьнан.

Цуьнан ойла эхартаца йара, цигахь ша чуваха ялсамани йоцуш, цу чуьра даа мерза даар доцуш, ялсамани чуьра т1едоха хаза духар доцуш, ялсамани чуьра хаза хьурул 1ийн мехкарий, х1усамнаной боцуш, пайхамарна, Аллах1ера салават а, маршалла а хуьлда цунна, уллехь а воцуш ша висарна.

Хаьара цунна ша дуьненахь мел хала вахахь а, и хало даима хир йоций. Йа дуьненахь аьтто хилла цу халонех хьалхавер ву, йа валарца чакхйер йу иза. Ткъа эхартахь дерг цкъа́ а д1ахедар доцуш, даима хир ду, цундела шена даима хин дерг дика хилийта лиънера цунна, цигахь дерг уггаре коьрта дуй хиънера цунна. Ткъа хьекъал долчу стага йийр йолу ойла йу иза.

Лекхачу, Везачу Дала ахь ма-деххар, х1ай Робий1а, пайхамарца, Аллах1ера салават а, маршалла а хуьлда цунна, цхьаьна хуьлийтийла хьо ялсамани чохь, шун уллехь, тхо а шуьца хуьлийтийла Везачу Дала.

Иштта хилла-кх Робий1ас, Аллах1 реза хуьлда цунна, пайхамаре, Аллах1ера салават а, маршалла а хуьлда цунна, дехнарг.

Робий1а санна чуваха чоь йоцуш, хийца духар доцуш, саг1ийна йелларг бен йуург йоцуш, зуда йало аьтто а, бан болх а боцуш хьо хилча, пайхамара, Аллах1ера салават а, маршалла а хуьлда цунна, Робий1е санна хьайга а деха аьллехьара, ахь х1ун доьхур дара? Робий1ас дехнарг доьхур дар ахь, йа дуьненан аьтто боьхур бара ахь?

Ахь дуьненан хьал дехча а хьуна билла бехк бац, цуьнга хьо ч1ог1а хьаште хиларна, йа ялсамани йоьхур йара ахьа?

Ялсамани йоьхур йара ала там бу ахь. Иштта алар дика ду, делахь а таханлерачу хьайн дахаре хьажжий дуста, баккъалла а йоьхур йарий те, йа йацара. Нагахь санна, Робий1а санна халчу хьолехь воллушехь ахь и йоьхург хилча, тахана Робий1ан хьоле диллича, паччахь санна вехаш волу хьо т1ех дукха къахьоьгуш хила веза суннат — ламазаш дарна т1ехь.

Дийнахь-буса массазза до1а до ахь Везачу Деле хьайна ялсамани йоьхуш?

Робий1ел дуккха а дика 1аш воллушехь, дийнахь цкъа-шозза бен ялсамани йоьхуш хьо ца хилча, Робий1а санначу хьолехь долуш вай тешне а йоьхур йацара иза. Бакъдерг ала боху вайга, иза къаьхьа делахь а.

Кху Робий1ах лаьцна дийцарца гайта г1ерта со вай тахана г1ийла хилар. Хьовсийша, мел г1ийла ду вай ялсамани лехарехь, цуьнан ойла йарехь, иза Деле йехарехь, Дала иза вайна йаларна сатийсам г1ийла бу-кх вай.

Вай лийр долуш дац те?

Вай жоьжахати даха мегаш дац те? Хьо жоьжахати ца воьдуш, ялсамани г1ур ву аьлла кхаъ баьккхина хьоьга? Иштта дацахь, вайл хьалха хилла дика нах санна ялсаманига сатуьйсуш хила деза вай.

4-Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Уггаре хьалха лайне (Дала) хоттурдерг къемат дийнахь цуьнан ламаз ду. Цо уьш (дериш) кхочуш динехь, цунна уьш кхоччуш д1айаздийр ду. Амма цо уьш (дериш) кхоччушдина дина ца хилахь, Аллах1а эра ду Малийкашка:

— «Хьажал, шуна карадой сан лайна мелан ламазаш».

Т1аккха цаьрца (суннат ламазашца) уьш (фарз — ламазаш) хьаладузура ду».

Хьажа, лараме бусалба ваша, йиша, ма боккха пайда бу вайна суннат ламазаш дар. Ма йоккха ял хуьлуш йу вайна. Вайн дисина фарз — ламазаш т1ецатоьучу дийнахь Веза-Сийлахьчу Дала вай дина суннат ламазаш фарз — ламазашна метта х1иттор хилча! Т1ецатоьу фарз — ламазах жоп дала ма дезара вай, амма Веза-Сийлахьчу Дала Шен къинхетамца церан меттан суннат ламазаш х1итторна жоьжахатах хьалхадовлу вай. Йа Аллах1! Ма доккха ни1мат ду иза. Ма доккха совг1ат ду иза. Ма ч1ог1а лардан деза вай и суннат ламазаш. Ма ч1ог1а дан дезара вай уьш. Х1ара дуьне ца кхочу цхьан суннат ламазе, амма х1ара дуьне бахьана долуш дуьту вай суннат ламазаш. Ткъа суннат ламаз дитича оццул боккха эшам вайна хуьлуш хилча, фарз — ламаз дуьтучун мел боккха эшам хуьлу аьлла хета хьуна?! Ла́ ила́ иллалло́х1, Мухьаммадун росу́лулло́х1. Я Аллах1! Ма доккха х1ума ду иза! Ма кхераме ду эхарт ламаз ца дечунна! Ма йоккха декъалалла йу фарз –ламазаш а, цаьрца суннат — ламазаш а деш хиллачунна. Веза- Сийлахьчу Дала царна т1ехь ч1аг1 дойла вай.

Веза-Сийлахьчу Дала къобал дойла вай лелориг. Вайн 1амалш а, ламазаш а къобал дойла Цо. Веза-Сийлахьчу Дала толам лойла Фалестинерчу бусалба нахана. Веза-Сийлахьчу Дала эша войла боьха жуьгтий. Веза-Сийлахьчу Дала орца лойла цигара мискачу бусалба нахана. Веза-Сийлахьчу Дала парг1ато лойла царна.

Субхьа́накалло́х1умма ва бихьамдика, ашх1аду алла́ила́х1а илла́ анта, астаг1фирука ва ату́бу илайка.

Д1АТЕСИНА 1ИБАДАТ

Альхьамду лилла́х1и роббил 1а́ламийн. Ва ссола́ту ва ссала́му 1ала росу́лилла́х1и ва 1ала а́лих1и ва асхьа́бих1и ажма1ийн ва ман таби1ах1ум биихьсанин ила́ явмиддийн. Амма ба1ду:

Веза-Сийлахьчу Дала Шена 1ибадат дан кхоьллина ду вай. Вайн декхар ду иза. Вайн дериг дахар цуьнан дуьхьа хила дезаш ду. Веза-Сийлахьчу Дала вайна т1едиллина 1ибадат цхьана кепара дац, дуккха тайпанаш ду цуьнан вайна махаъара. Цу 1ибадатех цхьа къаьстина цхьа 1ибадат ду бусалба наха д1атесина, — иза къуръан дешар ду.

Къуръан дешар деза 1ибадат ду. Йоккха ял хуьлуш 1амал йу иза. Къуръан доьшуш хила дезаш ду вай даима.

Къурьан вайн дахар ду. Вай бусалба хилла къуръанаца. Вайна Ислам дин девзина къуръанаца. Вайна т1ехь дерг а, вай лелон дезарг а билгала доккху къуръано. Къуръан ца хилча вай а дац. Къуръанаца бен вайн мах а бац. Цунах вай тасаделллехь вайн деригге а г1уллакхаш дика хира ду. Иза вай д1атасахь вайн деригг г1уллакхаш телхар а ду.

Уггаре хьалха къуръанан маь1на девзаш хила деза вай. Цунах кхеташ хила деза вай. Цунах кхеташ вай дацахь, цо х1ун боху вайна ца хаахь, вайн дахар муха нислур ду?! Веза-Сийлахьа Дела вайна реза муха хир ву?! Бакъду, цкъа хьалха къуръан доьшуш хила деза вай. Къуръан доьшуш вай ца хилахь, цунах кхеташ а хир дац вай. Цундела ду къуръан дешар деза 1ибадат. Амма тахана вайха дукхах берш иза доьшуш бац, деша хууш а бац. Бакъду тахна санна къуръан 1амо аьтто хилла бац вайн, хьенна а 1амо аьтто бу иза, амма к1езиг бу и 1амош берш. Цундела, къуръан д1атесина лоруш ду вай, х1унда аьлча, вай иза доьшуш доцу дела.

Цундела и г1алат нисдан деза вай. Къуръанаца йолу з1е ч1аг1йан йеза вай.

КЪУРЪАН ДЕШАРАН ЯЛ

Къуръан дешаран ял йоккха йу. Цуьнан беркат доккха ду. Тахана массо а кепара йаздина охьадиллина къуръан, массаьрга а деша лур долучу кепара. Т1аккха иза кхин а боккха аьтто бу вайн къуръан доьшуш хиларан т1ехь. Къуръан доьшуш верг уггаре дикачарех диканиг ву. Уггаре тоьллачарех тоьлларг ву. Ладог1а кху сийлахьчу хьадийсе.

Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Шух диках верг шена къуръан 1амадина, кхечунна 1амадинарг ву».

Хьажа, ма доккха тоьшалла ду иза! Кхин доккха тоьшалла хир а ма дац хьуна! Къуръан доьшуш хиларал, кхечунна иза хьоьхуш хиларал доккха х1ума дац. Ткъа х1унда ца лаьа хьуна царах хила? Хьан сеца во хьо? Муьлхачу аьттоне хьоьжуш ву хьо? Тахна санна боккха аьтто хилла а ма бац вайн, делахь а дикка ца кхета вай цунах. Амма дохко-м девр дац те вай т1аьхьа? Эхартахь дохко-м вер вац те хьо?

Къуръан дешар йеригг ял йу. Ахь дешначул а иттаза дукха а йолуш.

Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла:

«Хьаъа а Аллах1ан жайнийн т1ера хьарф (элпа) йешча цунна цхьа дика ду, ткъа и дика и санна итт ду».

Хьажа ма йоккха ял йу хьуна къуръан дешча. Ахьа дешначу х1ора элпах итт дика ду хьуна йаздеш. Ахьа цкъа къуръан доьшуш чакхдаьккхича 3 300 000 дика ду хьуна. И х1ора дика Веза-Сийлахьчу Дала иттане са доккху, т1аккха 33 000 000 дика хуьлу хьуна. Йа Аллах1! Цулла доккха х1ун ду?! Цул боккха болх муьлханиг бу?! Бан а бац. Вай кхетахь нагахь санна.

Ткъа цхьа х1ума ду, Веза-Сийлахьчу Дала бусалба стеган х1ора диканна дуьхьал цуьнан цхьа вон д1адоккху. Ткъа цкъа къуръан дешна 33 000 000 дика даьккхинчунна т1ера оццул къинош а д1адохуш ду Веза-Сийлахьчу Дала. Йа Аллах1! Ойла йе цу балхана! Цул а пайде х1ун ду хьуна?! Ц1енна ялсамани йоккхуш ву-кх хьо къуръан дешарца! Цул доккха х1ун ду!

Цхьана дийнахь дешна чакхдаккха дезаш ма дац къуръан. Х1ора дийнахь жима-жимма доьшуш чакхдаккха шарахь цкъа даккхий а. Мел шераш д1аихна хьан цкъа къуръан дешна чакхдаьккхина доцуш. Ткъа ахьа жима-жимма доьшуш хиллехьара мел дукха чакхдаьккхина хир дара ахьа иза. Мел дукха ял йаьккхина хира йара ахьа! Мел дукха къинош д1адевлла хир дара хьуна т1ера. Амма вай са ца гаттадо цунна. Вай дуьненна са гаттадо. 33 000 000 миллион луш болх хилча вай иза цхьаьнге кхочуьйтур бацара. Амма къуръан дешаран болх ца къуьйсу вай. Ткъа къуръанаца вай доккхуш дерг даима хир долу эхарт ма ду. Ялсамани ма йу. Дуьне-м мел дукха даьккхича а чакхдер ду, даима хир долу эхарт ду-кх кхерамениг. Дуненахь вай мел ду рицкъ доцуш дуьсур дац вай, амма эхартан декъалалла вай ваьшша йакхха йезаш йу. Ма боккха аьтто бу хьан тахана къуръан 1ама а дина эхартехь уггаре тоьлла меттиг баккха Веза-Сийлахьчу Аллах1ан пурбанца.

КЪУРЪАН Д1АТАСАР

Веза-Сийлахьчу Дала боху къуръан чохь:

«Пайхамара элира: Х1ай сан Дела, баккъалла а сан къомо х1ара къуръан д1атесина».

Къуръан д1атасаран декъах ду къуръан 1ама ца деш 1ар. Кхана дог1учу къемата дийнахь Веза-Сийлахьчу Дала хьайга бехк баккхарх ца кхоьру хьо? Хьо къуръан дошуш х1унда вацар аьлла?

Дуьненахь цкъа бен вехаш вац. Цкъа веллачул т1аьхьа кхин дуьненчу вог1ур вац хьо. Эхартехь къуръан хир дац, дуьненахь хьо иза доьшуш ца хиллехь, цкъа а къуръан цадешнарг хир ву хьо! Ткъа Веза-Сийлахьа волу Делах эхь хетар дац хьуна?! Цо вайна даийтина къамел айхьа дешна ца хилар?! Хьо иза доьшуш хилла ца хилар?! Цундела, варийлахь ма йахийталахь хан кхин д1а эрна. Сихо йелахь къуръан деша 1амо, йоккха декъалалла хира йу хьуна дуьненахь а, эхартахь а.

Веза-Сийлахьчу Дала боху къуръан чохь:

«Х1ай адам, муьлхачу х1умано 1еха вина хьо хьан Комаьршачу Делах?».

Хьоьца комаьрша хилла, хьуна мел оьшург делла волу хьан Дела уггаре хьалха хила ца веза хьуна? Цул хьалха х1умма хила ма ца деза хьуна. Ткъа дукхачу наха шайн Делал кхин долу х1уманаш хьалха доху, Делаца доьзна дерг т1аьхьатоттий. Цундела д1атоьтту вай къуръан 1амадар. Иза дешар. Цуьнца 1амал йар. Амма эхартехь изий бен кара-м дийра дац вайна, ткъа вай иза доьшуш ца хиллехь иза а кара дийр дац вайна. Боккха эшам бу и вайна, лараме бусалба нах! Лараме вежарий, йижарий, само йеш хила деза вай цу т1ехь. Эрна хан ца йойуш, эрна г1уллакхаш ца деш, ца оьшу х1уманаш 1ад а дитина, къуръан 1амо деза вай. Къуръан доьшуш хила деза вай.

Лараме вежарий, йижарий! Къуръан доьшуш хилар уггаре лекха болх хета вайна. Амма иза иштта дац. Деккъа къуръан доьшуш хилар уггаре лахара болх бу хьуна. Ойла йе цу балхан. Хиладезарг иштта ду: къуръан доьшуш хила деза вай, цо х1ун боху хууш а хила деза вай. Х1унда аьлча, къуръан деккъа деша аьлла даийтина ма дац вайна, деша а доьшуш, дагахь 1амадеш цо бохург де аьлла даийтина ду. Цо бохург дар уггаре коьрте х1ума ду. Уггаре доккха х1ума ду. Цо бохург дарца ялсамани а йоккху, цо бохург ца дарца жоьжахати а воьду. Веза-Сийлахьчу Дала ялсамане лойла вайна, жоьжахатах гена дохийла вай.

ДИЙЦАР

Цхьа воккха стаг хилла даима Къуръан доьшуш. Цхьана дийнахь цуьнан жимачу к1ентан къанта хаьттина цуьнга:

<<-Дада, хьуна Къуръан дагахь хууш ца хилча, ахь иза х1унда доьшу?

Цунна моьттина, Къуръан дагахь 1амош ца хилча, иза деккъа дешаро х1ун пайда бийр бу аьлла.

Чохь к1ора лелош 1аржбелла цаца хилла церан пеша уллехь. Дедас аьлла цуьнга:

— Валол, оцу цецана чохь хи да суна.

К1ант цаца эцна хи т1е вахна, цу чохь хи а эцна схьавог1уш цу чуьра хи д1адолуш хилла, цецах чакхдолий охьадоьдуш. Дедас йух-йуха вохуьйтуш хилла иза цецана чохь хи дан. Кхин цуьнга иза дан ца делча, дедас хаьттина к1ентан к1анте:

— Цу цецах чакхдийлинчу хино х1ун дина цецана?

К1ентан к1анта жоп делла:

— Къорах 1аржбелла цаца ц1анбина, к1айн а бина цо иза.

Т1аккха дедас аьлла цуьнга:

— Иштта и хи санна ду Къуръан а, суна иза дагахь хиъна сан даг чохь иза сецна дацахь а, аса иза доьшуш сан дагах чекхдолуш сан дог ц1андо цо, цецах чакхдолучу хино цаца ц1анбаре терра>>.

Ишттачу масалца кхетийна цо жима к1ант Къуръан деша дезаш хиларх.

Шеко йоцуш, Къуръан дагахь хаар доккха дозалла ду, иза дагахь 1аморца даг чохь сецна хилча, дог даима ц1ена а, хаза а хир ду цуьнан.

Амма иза дагахь ца хаьахь а, иза дешарца даг чухула долуш делахь, дог ц1андо цо, ц1ена латтадо. Х1унда аьлча, вай 1аш-дехаш даг чохь дуккха а х1ума соцу вайн, масала: Хьаг1, гамо, цабезам, куралла, эхарте сацатийсар, дуьне т1ех дукха дезар, кхин а дуккха а вон х1уманаш а.

Амма цу массо х1уманах ц1андо Къуръано дог. Даима ийман латтадо цо даг чохь.

Даима Дела латтаво цо даг чохь.

Даима эхарт дагадоуьйту цо.

Даима Делаца йолу йукъаметтиг ч1аг1йо цо.

Иштта кхин дуккха а пайда бо цо вайн г1ийлачу дегнашна.

Цундела, х1ай, бусалба ваша, йиша, хьайна Къуръан 1амаде, цунах тасало, дуьненахь а, эхартахь а пайде хир ду хьуна иза, цо ялсамани чу вуьгур ву хьо, Делан пурбанца, ахь иза даггара Делан дуьхьа доьшуш делахь.

Лараме бусалба нах! Цхьа а воккха стаг ца гина суна, ша жима волуш къуръан 1ама ца дарна дохко ваьлла воцуш. Даима дохко бевлла карийна суна баккхий нах шаьш къуръан 1ама ца дарна. Иштта хьо а къанале ваьлча дохко вер ву хьуна, цундела къуръан 1амадан сихо йан йеза ахь аьтто болччара, жима волччара. Къуръан 1амо цкъа а т1ехьа дац хьуна. Жима вара, йа воккха вара аьлла дац хьуна къуръанаца дерг. Делахьа а, жималлехь ка алсам долу, хан алсам хуьлу, къа алсам хьегало.

Веза-Сийлахьчу Дала Ша реза волчу кепара къуръан 1амадинчарех дойла вай. Цуьнан къуръан гуттара ч1ог1а дешначарех хуьлда вай. Даггара къуръан дезначарех хуьлда вай. Дуненахь а, эхартехь а къуръан вайца хуьлда. Веза-Сийлахьчу Дала толам лойла Фалестинера бусалба нахана. Уьш парг1ата бохийла Веза-Сийлахьчу Дала. Веза-Сийлахьчу Дала царна т1ера бала д1аойбийла.

Субхьа́накалло́х1умма ва бихьамдика, ашх1аду алла́ила́х1а илла́ анта, астаг1фирука ва ату́бу илайка.

БУОБЕРАН ДИКА ДАРАН
ДАЗАЛЛА

Ассаламу 1алайкум, лараме бусалба нах!

Альхьамду лилла́х1и роббил 1а́ламийн. Ва ссола́ту ва ссала́му 1ала росу́лилла́х1и ва 1ала а́лих1и ва асхьа́бих1и ажма1ийн ва ман таби1ах1ум биихьсанин ила́ явмиддийн. Амма ба1ду:

Лараме бусалба нах! Веза-Сийлахьчу Дала вовше дика деш хилар т1едиллина вайна. Веза-Сийлахьчу Дала т1едиллина вайна воккханиг жимчуьнга хьожуш хилар, ч1ог1аниг г1ийлачуьнга хьожуш хилар, аьтто берг хала волчуьнга хьожуш хилар. Ткъа вай терго йан йезачарах ву шен да д1аваьлла висина доьзалхо. Да д1аваьлла висинарг уггаре г1ийлачарех ву-кх. Тхов д1аьбалла-кх цуьнан. Иза 1алаш вийриг, лара вийриг, цуьнан 1уналла дийриг д1аваьлла-кх. Цундела, цуьнан дог хьастар, цуьнга хьажар Делера йоккха ял хуьлуш х1ума ду.

Веза-Сийлахьачу Дала къуръан чохь боху:

«Аш 1ибадат дойла Аллах1ана, цханне х1уманехь цуьнца накъост а ма лаца, да нанаца дика хила, гергарчуьнца а, буоберашца а».

Хьажа, Веза-Сийлахьчу Дала ма даздина буоберан хьакъ. Дала буоберан хьакъ хьаха дина гергарчу нахаца. Да нана а, гергарниг а д1авалча буобер хьахийна Дала. Цо гойту буобер хьайн гергара дацара аьлла д1ататта мегарг ца хилар. Мелла а гергара стаг санна герга озо дезаш хилар. Ткъа буобере хьожучунна йоккха ял хуьлу, Веза-Сийлахьчу Дала бохург кхочуш деш хуьлу иза.

Буоберан дог доьхна ду хьуна. Кхечу берийн дас шен доьзал 1алаш беш гича, цунна дага дог1у шен да схьавелхьара цо шен а 1уналла дийриг хилар. Цундела, т1ехваьлла терго ца йеш ма хилалахь буоберана. Буоберан хьалха хьайн доьзал ма хьасталахь, цуьнан догдухур ду хьуна цо иза гучу ца даккхахь а.

Буоберана т1ех ма валалахь цунна цхьа дика ца деш. Ахь буоберана дина дика Веза-Сийлахьчу Далла гергахь деза ду хьуна, х1унда аьлча, хьо буоберан цуьнан ден меттана хуьлу дела ахьа цунна терго йечу хенахь. Шен да дагавог1у цунна. Шен ден йовхо хаало цунна. Шен дас шех бийр болу къинхетам хаало цунна. Цундела, ахьа дина к1езиг х1ума а, буоберана иза доккха х1ума ду хьуна. Цу к1езигчу х1уманна Дала хьуна йоккха ял лур йу хьуна.

Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла:

«Хьаъа а буоберана коьрта куьг хьаькхича, ц1енна Аллах1ан дуьха бен хьаькхина а доцуш, цуьнан куьг хьакхаделла х1ора месан барамехь цунна диканаш хира ду».

Хьажа, ма йоккха ял йу иза. Кхин х1умма ца дахь а, буоберана коьрта куьга-м хьакхалур ду хьуоьга. Ткъа хьан куьг хьакхаделлачу х1ора месан барамехь Дала хьуна ял луш а йу. Х1унда? Дера ло хьо цу буоберана ден метта х1оьттина дела. Ахьа цунна шен да дага ваийтина дела. Ойла йе, цуьнан дас мел сагаттадеш хира дара шен доьзална. Амма шен дан х1умма а доцуш шен доьзална, ахьа цуьнан терго йича мел хаза хетара дара цунна. Ткъа ахьа дина дика Веза-Сийлахьчу Дала д1акхачадан ма мега эхарте. Ткъа х1инца хьо велла а волуш хьан доьзал бисина хилча, хьуна луура дарий наха хьан доьзална диканца терго йан? Хьуна хазхетар дарий цхьаммо хьан доьзална дика дича? Хьуна хаза хетар дарий цхьаммо хьан доьзална коьртах куьг хьаькхича? Дера хетар ма дара хьуна хаза а, дика а. Цигара ойла йеш хилалахь. Цигара дусталахь, х1ай сан лараме ваша, йиша.

Лараме вежарий, йижарий! Боберана дина дика нисса хьан дагах кхеташ ду хьуна. Хьан дагчу кхочу цунна ахьа дина дика. Боберана дика даро хьан дог дика до, к1ад до, хаза до. Ч1агделла дог к1ад а до.

Абу Дарда́с, Аллах1 реза хуьлда цунна, аьлла:

«Цхьа стаг веара Пайхамар, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, волчу, шен дог ч1аг1даларан бала белхош. Пайхамарас, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, цуьнга элира: Боберах къинхетам бе, цуьнан коьртаха куьг а хьакха, цунна йаах1ума ло хьайчух, т1аккха хьан дог къадлур ду, хьайн хьаштт а кхочуш далур ду хьоьга».

Дог ч1аг1даларан бала боккха бу. Оццул боккха бала боберана дика дарца д1абериг хилар билгал дина вайна Пайхамарас, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна. Ма виц ца вина вайн Пайхамарас, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, байлахь висинарг. Ма ч1ог1а весеташ дина цо цуьнца дика хила бохуш. Ма ч1ог1а деза лерина Веза-Сийлахьчу Дала боберана коьртах куьг хьакхар, куьг хьакхаделла х1ора месан дуьхьа цхьа дика йаздеш. Ма дикка ойла йан йеза вай цунах.

Бобераш кхобуш йолу йисина зуда ма йоккха ял йоккхуш йу шена. Ма даккхий дазаллаш ду цуьнан хьокъехь.

Къемат дийнахь Пайхамарна, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, ялсаманан не1арш схьайоьллуш буобераш кхаьбначу зудчо ялсамани чу йаха сихо йийра ю, Пайхамарна, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, «сол а хьалха йала йоллу х1ара» аьлла дага дог1ур долуш. Веза-Сийлахьчу Дала оццул сиха ялсамани чу йог1уьйтур йолуш йу йисина буобераш кхаьбна зуда, Пайхамарна, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, т1аьхьах1оьттина ялсамани чу г1ур йолуш.

Зудчунна буобер кхаба атта х1ума дац, цундела Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, доккха тоьшалла дина буобер кхобучу зудчун.

Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла:

«Эмкал т1е хьевшиначу зударех диканарш къурайшийн зударий бу, ч1ог1а дика хуьлу уьш жимачу буобераца».

Къурайшийн зударий шайн буобераца гуттар ч1ог1а дика хуьлу аьлла бевзаш бу, цундела уьш хьаста бина Пайхамара, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна. Царех йу муьлхха а йисина буобер кхобуш йолу зуда, иза къурайшах йацахь а. Цундела, Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, хьаста йо йисина зуда шен буобер а кхобуш 1аш йолу.

Буобер д1а ма таса боху вайга Пайхамара, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна. Буобере хьажар ялсамане вахаран некъ бу.

Вайн Пайхамара, Аллах1 реза хуьлда цунна:

«Со а, буобер 1алаш дешверг а х1ара шиъ санна хира ву ялсамани чохь» — аьлла шен (куьйга) ши п1елг д1асабахийтира.

Д1асабахийтина ши п1елг санна уллехь хир ву бохург ду иза. Пайхамарна, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, кхин гена хира вац буобер 1алаш деш хилларг. Буоберан г1уллакхе хьаьжнарг ву изза. Муьлххачу а кепара цуьнга хьожуш хилларг. Цу буоберийн нана а йукъ йог1у кхунна. Байлахь бисина шен доьзал 1алаш беш хилла зуда а Пайхамарна, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, шина п1елгал кхин гена хира йац. Ма доккха дазалла ду иза! Ма йоккха ял йу иза!

Пайхамар, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, эхартехь мичхьа хир ву? Ялсамани чохь уггаре лекхачу меттехь хир ву-кх. Ткъа шина п1елгал генахь воцург цуьнца хила ма веза. Йа Аллах1! Ма доккха дарж ду иза буоберана дика дарца Ахьа луш дерг.

Лараме бусалба нах, буобераца дика хилар оццул деза хилча, цуьнца вон хилар мел доккха къа ду аьлла хета хьуна?! Йисинчу зудчуьнца вон хилар, цуьнца а, цуьнан буо бисина доьзалца а харцо лелайар мел доккха къа ду аьлла хета хьуна?! Ма ч1ог1а оьг1аз г1ур ву Веза-Сийлахь Дела цаьрца харцло йечунна, царна вон дечунна. Амма тахана дуккхачу нехан хьекъалш д1адаьхьина буоберан хьокъехь. Цаьрца харцо йо, церан хьакъ т1екховду, озадой схьадоккху, царна г1ийло йо. Иза доккха зулам ду, Веза-Сийлахьачу Дала иштта дуьтур доцуш долу. Веза-Сийлахь Дела цаьргара ч1ир ца оьцуш 1ийра вац, царна та1зар ца деш уьш буьтур бац Цо.

Лараме бусалба нах, йисинчу зудчух а, буоберах а къа хеташ хила деза вай. Царех дог лозуш, царна г1о деш, цаьрца бала кхочуш.

Пайхамара, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла:

«Йисиначу зудчунний, мискачу стагний т1ех1оьттинарг (цаьрга хьожуш) Аллах1ан некъахь муджа́х1ид санна ву».

Оццул веза волу муджа́х1ид санна ву-кх йисинчу зудчуьн а, мискачу стеган а хьаште хьожуш верг.

ДИЙЦАР

Вайн махкахь воккха 1елам стаг хилла волу Соип моллас, Аллах1а къинхетам бойла цунах, шен хаьнт1ехь шаьлта лелош хилла. Цуьнга хаьттина:

— «Х1ай Соип молла, шаьлта х1унда лела йо ахьа, хьо воккха 1елам стаг ву, хьуна шаьлта ма ца оьшу».

— «Йисинчу зудчуьнций, буобераций вон хила лиъначунна тоха леладо аса х1ара шаьлта, — аьлла Соип моллас».

Шена йисинчу зудчуьнан а, буоберийн а хьакъ девза дела, уьш ларбар деза долу дела, царна оьшучохь орцах вала лелош хилла цо шаьлта. Хьажа цуьнан хьекъале, кхетаме, иймане. Ма ч1ог1а оьшура вайна цуьнгара санна ийман а, кхетам а, хьекъал а.

Шаьлта лела йе бохург дац иза, амма йисина зуда, буобер лара де бохург ду.

ДИЙЦАР

Воккха султан хилла волу Сала́хьуддийн Айю́бий, Аллах1а къинхетам бойла цунах, ц1ийнда велла зуда йисина аьлла шена хезча, цунах къахетий маж йашшалц воьлхуш хилла иза. Хьажа, ша оццул воккха т1емало воллушехь, воккха баьчча воллушехь, воккха къонах воллушехь муьлхха а бусалба зуда шен ц1ийнда д1авьалла йисича воьлхуш хилла-кх иза, цунах къахетий.

Султан Сала́хьуддийн а, Шейх Соип молла а, уьш санна берш, иштта хилла-кх и къонахий йисина зудчух а, да д1аваьлла бисина буонах а къахеташ, царех дог лозуш, царна сагатдеш, царна шайга далуш долу г1уллакх деш.

Веза-Сийлахьчу Дала царех тердойла вай. Уьш санна къонахий дойла Цо вайх а. Божарех а, зударех а. Дала Шен диканца са дохийла вай. Дала толам лойла вайн бусалба вежаршна Фалестинехь г1азотехь лаьтташ болу. Дала йуьхь1аьржа х1оттавойла церан мостаг1. Веза-Сийлахьчу Дала къинхетам бойла «амийн» аьллачух.

Субхьа́накалло́х1умма ва бихьамдика, ашх1аду алла́ила́х1а илла́ анта, астаг1фирука ва ату́бу илайка.

БЕРАНА ЛАМАЗ МУХА МАРЗ
ДИЙР ДУ?

Ассаламу 1алайкум, лараме бусалба нах!

Альхьамду лилла́х1и роббил 1а́ламийн. Ва ссола́ту ва ссала́му 1ала росу́лилла́х1и ва 1ала а́лих1и ва асхьа́бих1и ажма1ийн ва ман таби1ах1ум биихьсанин ила́ явмиддийн. Амма ба1ду:

Лараме бусалба нах! Ден ненан уггаре йоккха 1алашо — шен доьзал ийманехь кхиор хуьлу. Царна диканиг 1амадан, вочух уьш гена баха а. Ткъа царех уггаре доккханиг доьзалхочо ламаз дар ду. Берана жимчохь ловзий бен ца лаьа. Хала белхаш ца деза цунна. Амма иза кхиа доладелча дуьйна цунна дин хьехар т1ехь ду дений, нанний. Хьекъалца, хьикматца, собарца, сих ца луш. Ткъа берана ламаз хьехар д1адоладе аьлла цуьнан ворх1 шо кхаьчча дуьйна. Цул хьалха а ца хьоьхуш дита бохург дац иза. Беран ша х1ума йаа 1емича аьтто куьг аьррочух къастадеш, йа ша ц1ано йан 1емича цунна дин хьехар д1адоладар т1ехь ду дений, нанний. Амма ворх1 шо кхаьчча илла а билла а т1ехь ду иза цу шинна. Ткъа муха марз дийр ду цара берана ламаз дар?

Дас нанас итт х1ума лардарца берана ламаз марзлур ду Дала мукълахь.

1-МАСАЛ

Дас нанас шаьршшимма ламаз деш масала гайта деза берана. Бер шена гонахьа долучу массо х1уманна т1аьхьа долу, цунах тардала хьожу. Цундела шен чуьрчара деш дерг дан дола ло иза а, цаьргара масал оьцуш. Цундела, ч1ог1а коьрта ду да нана шаьршшиъ ламаз деш хилар, доьзалхочуьнга ламаз де алале. Шаьршимма ламаз деш д1агайта деза цаьршимма берана, т1аккха бер цаьршиннах масала эца долалура ду, шега х1ума аьлла а доцушшехь.

Да нана Веза-Сийлахь Дела хьехош хила деза, т1аккха церан доьзал а царех масал эца болалура бу.

Амма доьзална гойтуш масал доцуш деккъа цаьрга ламаз де бахарх г1уллакх хир дац. Церан хан хьехар д1алоцу хан йац, церан хан т1ехьдозу хан йу. Церан хенаца дог1уш дерг деха деза ахьа цаьргара, церан бераллийца ца дог1уш дерг а ца доьг1уш.

2-ДО1А ДАР

Да нана шайн доьзал ламаз деш хилийтар доьхуш Веза-Сийлахьчу Деле до1 деш хила беза. Аллах1е беха беза цара шайн доьзал. Уггаре хьалха Веза-Сийлахьчу Далла т1етовжа деза да нана, т1аккха цаьршимма бер 1амош лелочу бахьанашах беркат хира ду.

Бесплатный фрагмент закончился.

Купите книгу, чтобы продолжить чтение.