16+
Маршо йа Iожалла

Бесплатный фрагмент - Маршо йа Iожалла

Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том

Объем: 422 бумажных стр.

Формат: epub, fb2, pdfRead, mobi

Подробнее

Маршо йа Iожалла

БЕНЕДЕТТИ ФРАНЧЕСКО

АКАЕВ ИСМАIАЛ

Нохчийн Республика Ичкерин истори

I ТОМ


Революцера Нохчийн Хьалхарчу тIаме кхаччалц

1991—1994

Нохчийн матте гочйина Акаев ИсмаIалс, Дикаева Янинас.

Библиографи а, кхин болу хаамаш а бовза аьтто бу www.ichkeria.net сайта тIехь


ЗIе: libertaomortechri@gmail.com

ДIадолор

Нохчийн Республика Ичкерин историх лаьцна книга йазйан сан ойла кхоллайелира 2018-чу шеран бIаьста. ХIетахь цу гIуллакхо йерриге а ойла дIалаьцна хилла волу со кхийтира жимачу къоман историн и мехала агIо ма-йарра теллина ца хиларах.

Шеко йоцуш Нохчийчоьнах лаьцна книгаш шортта йолуш йу. Уьш итальянски маттахь а каро аьтто бу. Цу книгашкахь дуьйцу тероризм кхоллайаларах а, гуманитарни бохамех а, тIеман тактикех а лаьцна. Амма суна хаьа лууш дерг дара Нохчийн Республикин пачхьалкхаллин бух муха хилла. Цуьнан хьаьрмахь маьрша пачхьалкха кхуллуш иза Россех къастийначу социальни-политически цхьаьна а процессан бина нийса исторически таллам ца карийра суна.

Уггаре а чIогIа суна хаьа лууш дерг дара Нохчийчоьнан пачхьалкхаллин дIахIоттаман хийцамех а, цу хийцамашкахь дакъа лаьцначарех а. Амма хIете а билгалдаккха деза, и чулацам болу литература ингалс а, оьрсийн а меттанашкахь йолуш йу, цунах новкъарло йоцуш шуьйра пайда эца йиш йу интернет-майданашкахь. Цундела суна лиира и берриге а гIирс цхьаьна исторически говзарехь гулба а, оцу кепара къизачу шина тIаме йирзинчу нохчийн революцица доьзна хIинца а къастонза долчу хаттаршна жоьпаш дала а.

Цу тIехь беттанашца къа хьоьгуш со кхийтира хIинцалц цхьаммо а хIара болх болийна хIунда ца хилла. Массо а кехаташ оьрсийн маттахь хиларал совнаха, дукхох дерш шина тIамехь хIаллак а хилла, ткъа цхьадерш Россин къайлахь архивашкахь дIалачкъийна. Билгалдаккха деза, Советан Iедал дIахIуттучу муьрехь — ткъе уьттолгIачу а, шовзткъалгIачу а шерашкахь Советан Iедала инзаре дукха нохчийн Iилманчаш, Iеламнах махкаха баьхнера. Уьш Сибрехан набахтешкара кхин йуха ца бирзина, ткъа халкълахь уггаре а чIогIа лоруш хиллачарна Соьлжа-ГIалахь таIзарш дина, церан декъий Соьлжа хи йистера хьайрахь охьуш хилла. Цхьа берш-м цу къизачу хьайранан бага дийна боллушшехь а кхочуш хилла…

Ша нохчийн лаьтта дуьххьара ког баьккхинчу дийнахь дуьйна Россис шен ницкъ мел кхочург дина нохчийн къоман истори хIаллакйан.

Iилманчашкахь дукха хьолахь публицистически гIирс бу, ткъа иза леррина талла безаш бу.

Цундела хIара болх беш со тIеIоттавелла уггаре а йоккха хало йоьзна йара сайна карийна хаамаш талларца, уьш ширачу историца бустарца. И бахьана долуш, ас www.ichkeria.net сайт кхоьллира. Цу сайта тIехь со дукха хьолахь къасто а, талла а гIерта хIинца а жоьпаш каронза долу хаттарш.

ХIара книга хьалхара том йу кхи дIа маьрша Нохчийчоьнан исторех лаьцна хин йолчу книгаш йукъара. 2020-чу шеран чилланан баттахь зорба тоьхначу книгин нийса кеп йу хIара, амма хIара йешархочунна атта хир йолчу агIор зорбане йаьккхина йу, цул совнаха сайта тIехь болчу хаамех пайда а оьцуш, кху книгана кхачо йийр йу цхьацца чулацаме хаамашца а, хиламашца а.

Бенедетти Франческо

Бенедетти Франческо

Авторан дош

Кху книга йукъахь Нохчийн Республика Ичкерих лаьцна журналистийн а, историкийн а тидам тIебоьрзур болу шортта хаамаш бу. Кху белхан коьрта Iалашо йу исторически бакъдерг лардеш, политически озабезам боцуш хилларг йукъараллина довзийтар. Кху книгас ца довзуьйту билггал цхьаьна вовшахкхетарийн хьашташ, йа конституцин а, террористически вовшахкхетаршна а пропаганда а ца йо. ХIара книга йазъйеш сан Iалашо ца хилла нийсонца ца догIуш дерг йа, муьлхха а пачхьалкхан законаш дохош дерг хестор а, айдар а.

Ас йемал до муьлхха а дов йа къаьмнашна йукъара дар-дацар тIамца, ницкъаца, герзаца къасторан. Ас йемал до политически а, а динан а, иштта экстремизман муьлхха а кепан.

Бенедетти Франческо


Акаев ИсмаIал

Дешхьалхе

Тешо йолуш ала мегар ду тIаьхьарчу ткъе итта шарна йукъара хиламаша даг тIехь чов ца йеш ца витина цхьа а нохчо. 1944-чу шарахь махках дахаран лазам хIинца а кийрахь Iийжачу къомана рогIера къиза киртиг тIеIоттайелира.

ТкъолгIачу бIешарехь инзаре чолхе хиламаша дуьзна дара нохчийн къоман дахар. Церан ирча лар схьайогIура 17—19 бIешерашкара дуьйна. Иза ларамза а дац, Росси пачхьалкхица уьйр мел лаьтта. ТIаьхьарчу ткъе итта шарех дерг аьлча, къаьсттина Нохчийчоьхь хиллачу шина тIамах дерг, и хилам башха тергал ца бира йа Россин пачхьалкхахь а, йа дерриге а дуьненахь а.

Дуьненахь уггаре а ницкъ болчу Россин эскарна дуьхьал тийссадала ша диссира нохчийн жима къам. Нохчийчохь цIий Iанар бахьана долуш, хIаллак хилира бIе эзарнаш маьрша адамаш, ткъа дийна биссинарш пана махкашкахь дIасабаьржира.

Дукха хан йоцуш, интернет сурсаташкахь со ларамза тIеIоттавелира Бенедетти Франческос йеллачу интервьюна. Журналистаца дечу къамелехь цо дуьйцура нохчийн къоман историх лаьцна ша йазйиначу книгах лаьцна. Цуьнан къамелан кIоргIечу чулацама, нохчийн къоман баланех лаьцна цуьнан дог дуьзна болчу лазамо со а, сан кхетам а бакъ долуш Iадийнера. Мацах шираллехь йухаметтахIотторан муьрехь Европана культуран серло гайтиначу генарчу Италин Флоренци гIалахь веха жима стаг дуьненан бIаьргаш делла гIертара, жимачу къомо лайначу балина, цуьнан тидам тIеберзош. Цуьнан къамелах бIаьрг буьзначу сан ойла кхоллайеллира цо бина болх кIоргера талла. Итальянски мотт сайна ца хуушшехь, сан аьтто белира и книга йеша а, цул совнаха оьрсийн матте гочйан а, хIинцалц нохчийн баланашна къора а, бIаьрзе а хилла юкъаралла, интеллигенци, журналисташ, историкаш самабаха Iалашонца. Айса тIелаьцнарг хала а, атта кхочуш а дина ас, цул совнаха авторан пурбанца цхьацца хийцамаш а бина. Со тешна ву, йешархочунна атта а, кхетар а волчу а, маттахь йазйина хIара книга историкашна хилла ца Iаш, муьлха а стагана пайдехь хир йу аьлла. ХIара хьалхара гIулч бен йац нохчийн тIамах лаьцна Бенедетти Франческос йухьаралаьцначу некъан. Со тешна а ву кху книгас эзарнаш йешархойн кхетамехь боккха а, чулацаме а некъ беш, дуьненна бицбелла нохчийн балане церан болу хьежамаш хуьйцуш, кху заманан литературни а, исторически а майданехь йоккха меттиг дIалоцур хиларах.

Акаев ИсмаIал — журналист, йаздархо, Лондонера Евразийски кхоллараллин гильдин декъашхо.

I КОРТА

Нохчо

«Нохчо хила хала ду. Иза хьан синан шатайпа хьал ду. Нохчо даима а къиссамехь ву. Амма цо цкъа а йа тIом а, йа къиссам а ца латтийна шен лулахошца. Исторехь цкъа а хилла дац нохчийн къомо цкъа мукъне а шайн лулахошна тIелатар дина аьлла, амма нохчийн даима а дезна шайн Даймохк, шайн культура, шайн Iадаташ, шайн дин бахьнехь къиссам латто. Нохчо даима а шен кхолламан лехамашкахь ву. Иза цкъа а ца веха шена. Цуьнан дахаран маьIна — цуьнан тIаьхье йу. Муьлхха а нохчочунна сийлахь декхара хетта шен берашна цIенош дар, церан дахар дIанисдар а, йаьхь йолу тIаьхье кхиор а.

Нохчо дика доттагIа а ву, амма иштта вуно кхераме мостагIа а ву. Иза атта ца теша. Цо ца белхабо шен эшамаш, мелхо а царех воьлу иза. Нохчочо шен зудчун цIе ца йоккху, нахана хьалха цкъа а шен бер а ца хьосту. Шен дена-нанна хьалха а хьостур дац нохчочо цкъа а шен бер.

Нохчочунна ша веха хIусам даима а хетта йухур йоцу гIап, цундела цо шен цIенна йисте леккха керт хIоттайо. Нохчаша даима лерина терго йо шайн ков-кертан, шайн хIусамехь долчу хьолан, даккхий хилла аренца лелачу шайн берийн цIа дерза лаам хилийта.

«Хала ду нохчо хила» Чеснов Ян.

Хьост

Мацах дуьйна нохчийн Даймохк Кавказ хилла — Iаьржа а, Таркхойн а шина хIордана юккъахь Iуьллу и исбаьхьа латта. Иза декъалуш ду шина ламанан даккъашца: мелла а лекханиг Къилбаседа агIор долу дукъ ду, цунах Сийлахь Кавказ олу, мелла а лоханиг Къилбера Жима Кавказ олуш дерг ду.

Цу лаьмнийн даккъашкахула чекхвала хала ду. Ламанан басешца йуьткъа тогIеш йу, ткъа цу тогIешкахь охьаоьхуш ду эзар шерийн йохаллера дуьйна шайн некъ баьккхина хилла ламанан татолш.

Къилбехь, Жимачу Кавказана дехьа, Эрмалойн акъари йу — хьекъаш доцучу баьрзнийн и йоккха шорте, ткъа Къилбаседахь, Сийлахь Кавказан когашкахь Iуьллу тайп-тайпанчу къаьмнех йуьзна, йист йоцу шера аре.

Цкъа а ца дешачу лайша хьулдинчу цу ламанийн даккъаша луьстачу хьаннашна тIе кIайн хIоз буьллуш санна сурт хIоттадо. БIаьрг тохийша цу Шат Ломе, цуьнан сийлалле, цуьнан лекхалле. Толкиенан кхоллараллина хьакъ долчу хьолах эцийша марзо.

Ларамза дац, къаьсттина кхузахь кхолладелла хилар Пхьарматах а, Нох Пайхамарах а (Дела реза хуьлда цунна) лаьцна аларш, дийцарш.

Дуьненан йуккъе, Европа а, Ази а, Малхбале а цхьаьнакхеташ йолу шатайпа меттигехь Кавказехь даима гола тухуш хилла дуьненан историн сийлахь йаккхийчу цивилизациша.

Кавказана тIехь олалла дан бакъо къийссина ширачу цивилизациша, царех хIораммо цу исбаьхьа лаьттахь шен лар а йитина — динахь, архитектурехь, топонимикехь.

Дуьненан маьI-маьIIера схьаоьхучу мостагIаша деш долу тIелатарш бахьана долуш, Кавказан къаьмнаш доьлла хилла дуьнен чохь даха даима шайн бакъо къийсса йезаш хиларца.

Цу халачу хьолехь даха Iамарал совнаха, уьш Iеминера доьналлица мостагIашна дуьхьало йан а.

Шайн паргIато а, Даймехкан маршо а бахьанехь даима латто безаш хиллачу къийссамо цхьа шатайпа чIогIа тIера хилийтина уьш Даймахкана, шаьш схьадевллачу меттигашна. Билгал Францойн махкал хир йолчу цу хьаьрмахь маьрша а, бертахь а деха ткъа къам а, ткъаессана мотт а, вуьрхIитта пачхьалкха а, кхоъ дин а.

Цу къаьмнийн къорзачу куза юкъахь Нохчийчоьно дIалоцуш йу вуьрхIитта эзар квадратни чаккхарма. Оццул хила тарло Галлес а. Нохчийчоь иза бIе кхузткъа чаккхарма йохалла а, бIе чаккхарма шуьйралла а йолу нийсасаберг йу. Нохчийчоьно милла а цецвоккхур ву шен Iаламан шатайпаллица.

Къилбаседара Къилбе кхаччалц некъ беш, вайн бIаьргашна йелалло йист йоцу шуьйра аре, ткъа йуха и буц-аре хийцало аьхначу аренашна, цигара гучуйовлу Теркан — нохчийн уггаре а доккхачу ахканан хин йистош. Терк Нохчийчухула тIехдолу Малхбузера Малхбале кхаччалц, ткъа цул тIаьхьа иза Таркхойн (Каспийское) хIордах дIакхета.

Теркана тIехдевлча, вай кхочу аллювиальни аренашка, цигара Теркан дукъ олучу баьрзнаш тIехьара йолалло кхин цхьа шуьйра тогIе. Цунна тIехдолу Соьлжа цIе йолу нохчийн кхин цхьа ахка. Иза Теркал дуккха а жима ду, амма нохчашна чIогIа мехала а, деза а хеташ ду.

Соьлжа йерриге а Нохчийчухула тIехдолу малхбузера малхбале кхаччалц, эзар шерийн йохаллехь Нохчийн аре кхоьллинчу, сиз хьаькхча санна богIучу некъаца. Кхузахь йу республикера уггаре а йаьккхий йарташ, иштта Нохчийчоьнан коьрта шахьар Соьлжа-ГIала а.

Соьлжа-ГIала нийсса республикин йуккъехь йу. Цигахь веха кхо бIе эзар сов стаг. Аренан къилбехьара дIа чIожашна тIехдовлу ламанан гIовгIане Iовраш. Цигара нийсса ирхнехьа хьаладевлча, вай кхочу Нохчийчоьнан Къилбе — луьстачу хьаннийн цу буьрсачу махка. Цигахь ду Кавказан лаьмнаш а, Нохчийчоьнан уггаре а коьрта Тебулос-Мта (Дакох Корта) лам а. Цуьнан лекхалла йу 4493 метр.

Нохчийн къоман истори дIайолало 6000 гергга шо хьалха, хIетахь церан дай Месопатамера кхуза схьабаьхкинчу хенахь дуьйна. Цхьа мотт буьйцучу шортта тукхамех лаьтташ хилла и къам. Царех олуш хилла Нах. Цу дашца кхоллайелла йу цу къоман цIе — НАХИ, НОХЧИ — Нохан къам.

Ткъа йуха, Советан Iедалан муьрехь керла дош кхолладелла — Вайнах — нохчашна гергара къаьмнаш гIалгIай а, бацой а билгалдеш долу.

Нохчий хIетахь Iеса ца хилла. Цара коьрта Iамал йеш хиллачух Дела олуш хилла — дерриге а дуьне кхоьллинарг. АллахIах хIинца а олу нохчаша Дела.

Вайнехан пантеон кхин долчу Iеса къаьмнийн пантеонах тера хилла. Масала, желтойн мифологера Прометейх нохчаша Пхьармат олуш хилла. Иштта церан мифологехь хилла инзаре даккхий адамаш — Нарташ. Ламанца баха хевшича, нохчийн тукхамаш гергара тейпанашна, гаранашна декъаделла, шаьш бехачу меттигийн йа, шаьш схьадевллачу дайн цIерш а оьцуш. Царех цхьадолу тейпанаш аренца Теркан а, Соьлжанан а йистошкахь даха хевшина, шайн дахар йуртбахамца доьзна а долуш. Цара кемсийн а, кхин долчу стоьмийн а бошмаш а лелош хилла, иштта даьхний а, латта а лелош хилла. Цу нахах нохчаша теркхой олуш хилла, йа охьара нах.

Ткъа кхин берш ламанца биссина. Цигахь дахаран хьелаш мел хала делахь а даьхний а лелош, Iаш хилла уьш. Царех ламарой олуш хилла.

ХIора аьхка ломара нохчий тогIенашка охьабуьссуш хилла охьара нахера кIа эца а, иштта цхьацца сурсаташца цаьрца хийцамаш бан а.

Нохчийн маьрша дахар тIекIалдаьлла вайн эрал хьалха хиллачу 6-чу бIешарехь. ХIетахь царна тIелетта киммерийцаш а, скифаш а, иштта ГIажарера къаьмнаш а. Цара чубеъна тIом бахьана долуш, аренца болу нохчийн шайн ломара вежарий болчохь кIелхьарабовла дезна.

Цхьажимма шайна чу са деъча, нохчаша шайн махкара скифаш дIалаьхкина, амма уьш дIабахана дукха хан йалале, царел ницкъ болу а, хьекъале а мостагIий баьхкина нохчийн махка — сарматаш.

Церан ардангаша дIалаьцна йерриге а нохчийн аренаш. Соьлжа хих кхеташ долу Марта ахканан цIе а сарматийн «беллачийн ахка» олучу дашах кхоллайелла йу олуш ду.

Итта шарешца цаьрца къиссам а латтийна, нохчаша толам баьккхина. Ткъа Кавказехь йиссинчу сарматийн жимачу тобанах кхолладелла ду олуш ду хIирийн къам.

Масех бIешарахь нохчий маьрша Iаш хилла, ткъа Сийлахь Кавказан къилбехь византийцаш а, гIажарий а хилла тIемаш беш, Кавказана тIехь олалла дан бакъо къуьйссуш. Вайн эран 7-чу бIешарехь и ши пачхьалкха Iаьрбойн тIелатара дIахьаькхна, ткъа хIетахь Кавказехь а хилла баккхий хийцамаш. Дуьххьара цуьнан къаьмнаша долийна маьрша пачхьалкхаш кхоллар.

Царех уггаре а коьртаниг хилла Гуьржийн элалла. Цо шен тергоне лаьцна Сийлахь а, Жима а Кавказан йукъахь мел йолу хьаьрма. Iаьрбойх а, иштта аренца даьлла лелачу къаьмнех а шаьш ларба Iалашонца гуьржиша гIо деш хилла кегийчу къаьмнашна а шайн пачхьалкхаш кхолла.

Иштта кхоллайелла кху заманан Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а латтанашна тIехь Iиллина Дзурдзухети а, иштта, Нохчийчоьнан къилба-малхбузехь хилла Симсир элалла а.

Ила цIе йолчу паччахьа куьйгалла а деш элийн тобано (Узден) феодализман кепехь латтанийн дола деш хилла. Халкъхой олучу маьрша нехан аьтто хилла герз лело, ткъа йалхой а, леш а церан куьйг кIелахь хилла. Пачхьалкхан иерархин лардехь хилла йийсарш а, леш а.

Цу муьрехь нохчаша бакски а, шотландски а, иштта ширачу Германин а кепехь шайн социальни система кхоьллина.

Доьзала коьрта меттиг дIалоцуш хилла социальни дахарехь. Доьзалшах кхоллалуш хилла некъий, ткъа церан декъашхоша цхьаьна къахьоьгуш хилла даьхний лелорехь а, латта ахарехь а.

Амма социальни структура йоттарехь коьрта цIурко тIулг буьллург тейп хилла. И дош Iаьрбойн «Тайфа» олучу дашах схьадаьлла ду олу. Тейп кхоллалуш хилла итт эзар а, кхин а сов адамех. Тейпанаш гаранашна декъало, ткъа гараш некъашна.

Церан куьйгалла деш хилла Мехк-Кхела — иза къанойх а, иштта махкахь уггаре а дика цIе йоккхучу а адамех лаьтта, къоман шатайпа гулам бу. Цо оьшучохь нийса кхел а йеш хилла, иштта аха латта а билгалдеш хилла, тIом болуш киртиг тIенисйеллехь, бIаьхой а вовшахтухуш хилла.

ХIора а тайпанан шен цIейаххана да а хилла а, иштта шен лам а хилла. Цу ломахь цхьаъ йа, масех бIов хилла. Цу бIевнашкахь нохчий бехаш а хилла, иштта цу бIевнаша йоккха меттиг дIалоцуш хилла мостагIийн бIо йухатохарехь.

Карарчу хенахь Нохчийчоьнан лаьмнаш дуьзна ду и тайпа бIевнех. Царех цхьайолчарех йиссинарш херцарш бен йац, ткъа цхьа йерш хIинца а дика лаьтташ йу.

Нохчийн лаьмнашкахь хIинца а лаьтта эзар шо хьалха йоьттина хилла и тIулгийн инзаре лекха гIаланаш.

Къаноша нохчийн къоман истори Iаьрбойн маттахь йазъйина ларйина тептаршкахь. Цу тептаршкахь, исторически хиламех лаьцна долчу дийцарел совнаха, нохчийн бакъонан — Iадатан лехамаш а хилла дIайазбина. Иза ма-дарра аьлча хIора а нохчо тIетовжа декхарийлахь йолу син-оьздангаллин а, бакъонан а граждански кодекс хилла.

Тейпанаша наггахь шайн конфедерациш кхуллуш хилла цхьацца Iалашонца, масала мостагIашна дуьхьало йан, чIир йита, ши тейп берта дало а, кхин дIа а.

Цу цхьаьнакхетараллех Тукхум олуш хилла. Карарчу хенахь уьш исс ду, царна йукъа догIуш ду ши бIе гергга тейп.

Дахаран тайп-тайпанчу политически а, кхин долчу а хьелашкахь коьрта меттиг дIалуш хилла къаношна. Цо кхоьллина нохчийн къоман бух. И тайпа шайн ламастийн чIогIачу буха тIехь кхоьллина йолчу йукъараллас тамаша бара арара пачхьалкхин Iедал.

Империца дуьхьал Iоттадалар

1237-чу шарахь Къилбаседа Кавказ дIайуьзнера монголех.

Царна тIаьхьа 1350-чу шарахь Къилба Оьрсийчо шайн карайерзийна болчу Тамерланан татараш тIелетира Кавказана. Йа монголийн а, йа татарийн а аьтто ца белира нохчашна тIехь толам баккха. Уьш кхин къар а ца белла мостагIий йухабевлира Теркан а, Соьлжан а йистошкахь Iохку аренаш карайерзорах тоам а хилла.

Нохчаша шайн ницкъ мел тоьу латтийна къиссам толамца чекхбелира, амма Дзурдзухети а, Симсир а ши пачхьалкха тIеман къизалла ца лайна йоьжнера.

Татараш дIабахча, нохчий маьрша бевлира, амма пачхьалкха а йоцуш биссира, ткъа иза йуха кхолла церан йа аьтто а, йа ницкъ а бацара. Iедалан и меттиг дIалецира Мехк-Кхела, цу йукъа богIура нохчийн исс тукхаман векалш. Уьш син-оьздангаллин лехамашца хоржуш бара.

Мехк-Кхелаца къоман йист йоцу ларам хиларна цо къастадора йукъараллин а, иштта политически а мехала хаттарш.

Шайна кхин къар ца беллачу нохчийн латтанаш дита дезна мостагIий дIабахара. Ткъа царна тIаьхьа йиссира йохийна, йаьржийна Нохчийчоь а, иштта эзарнаш церан тIемалойн декъий а. И тIом бахьанехь лаьмнашка дIабахана хилла нохчий, шаьш хьалха бехаш хиллачу латтанашка йухабирзира, шайн дахаран хьелаш йухаметтахIитторехь къа а хьоьгуш.

Керла дахар дара цара кхолла дезаш, латтанаш охуш, даьхний лелош. Шийтта шарал сов, къиссам латтийра аренан мостагIийн ардангаша маьрша нохчий ца къарлуш, амма нохчаша ког биллал а латта ца делира мостагIашна дIа.

Олуш ду, монголаша нохчийн йукъараллин дахарна тIеIаткъам бина бу, къаьсттина динехь, масала, татараша деъна нохчашна бусулба дин. Амма иза бакъ дац. Цкъа делахь, Iадат бусулба динаца ца догIуш а дац, бусулба дин дуьненчу доссале, дуккха а хьалха лаьттина а ду. Бусулба дина нохчий Дела цхьаъ варна тIеберзийна, ткъа син-оьздангалла, цIеналла, гIиллакх церан Iадатаца даима а хилла ду.

Нагахь санна нохчийн шайн исторически а, Iаламан а потенциал буьззинчу барамехь кхочуш йан аьтто хиллехь, цара дуьненна кховдор йора шайн, цхьаннах а тера йоцу кIоргера цивилизаци, амма и аьтто ца хуьлуш, уьш таханенга кхаьчна.

Монголийн а, татарийн а ардангаш Нохчийчуьра дIайахча, Кавказана тIелатарш дира аренца дуьйладелла лелачу тайп-тайпана къаьмнаша — половцаш, пичинегаш, готаш, гунаш, мадьяраш, хазараш, вятичаш а, кхин берш а. Чаккхе йоцучу къиссамаша гIелйина йолчу Нохчийчоьнна цIеххьана коча йеара, Кавказана тIе бIаьрг биллина Iаш йолу Росси.

Билгалдаккха деза татарашка а, монголошка а нохчий къар ца белла. Шийтта шо сов хенахь къиссам латтийра нохчаша хIара ах дуьне шайн карадерзийначу луьрачу мостагIашца. Амма дуьненан дай шаьш хеттарш, нохчийн лаьмнашкара эшамца дIабахара. ХIете а церан аьтто белира Кавказан цхьа долчу латтанашна олалла дан. Церан ког кIелара хIинца бен маьрша йаьлла йоцучу Россин лаам хилира Кавказ карайерзо. ХIетахь дуьххьара Кавказан маьрша лаьттанашна тIамца тIе дуьйладелира дукха хьолахь, Паччахьан Россера бевддачу лешах кхоьллина хилла гIалгIазкхийн эскарш. Цу эскаршна йукъахь бара хазарийн тукхамах схьадевлла, царех тIаьхьа диссина къаьмнаш а — башкираш, удмурташ, гIезалой, казахаш, ногIий. Кестта и тIеман бIо Теркан йистошка кхечира.

Къилбаседара тIегIерташ уьш а болуш, Кавказана цхьаьнаэшшара тIелетира кхин шиъ ницкъ болу пачхьалкха: малхбузера Османски импери а, малхбалера ГIажарийн импери а. Къаьсттина хIетахьлера тIеман экспедицихь дуьхьалIиттабелира нохчий а, оьрсий а.

Чечана олучу нохчийн йуьрт йистехь меттамотт биллина лаьтташ хилла паччахьан тIеман тобанна тIелетира ламарой. Эшамца, тобанан цигара дIайаха дийзира. ХIетахь дуьйна оьрсиша нохчех «чеченцы» олуш хилла, ткъа цу йуьртах Чечен-Аул, ткъа нохчаша шайх ишта цкъа а аьлла дац. Заманан йохаллера дуьйна схьайеъна цу къоман — Нохчий цIе, ткъа шайн Даймахках цара Нохчийчоь олу.

Нохчашна цхьалла а, барт а оьшу, рогIера хала киртиг тIеIоттайелира.

Оьрсий бевзинчул тIаьхьа, нохчийн уьйр йайна хилла тукхамаш, йуха а цхьа барт хилла гIевттира шайн латтанаш ларда.

ХIинцалц башха кIоргера нохчийн дахарехь даьржина ца хиллачу бусулба динах, нохчийн къомо мостагIашна буьрса дуьхьало йеш, мелхо а церан син-оьздангаллин гIортор хилира. Дукха хан йалале, дуьххьара имамаш а гучубевлира.

Нохчийн къоман исторехь къеггина лар йитина, Кавказехь Шайх-Мансур аьлла халкъо цIе тиллиначу Олдара Ушурмас.

Дуьххьара Шайх-Мансура кхайкхинера керстанашна дуьхьал гIазотан тIом. Цо кхайкхинчу гIазотан ткъе пхеа шарахь гергга кхерамехь латтийнера дерриге а Паччахьан эскар.

Къаьсттина, 1785-чу шарахь, цуьнан аьтто белира Соьлжа хин гечо йистехь 2000 гергга стагах лаьттачу полкана кIело а йина, иза йерриге а хIаллак йан.

[1] Паччахьан подразделенин куьйгалла деш хилла Италин къомах волу полковник Де Пьери. 2000 гергга бIаьхочух лаьтта цуьнан тоба гечо йистера чIожа чуеънера, ткъа шина а дукъа тIехьара цIеххьана хиллачу тIелатаро хIаллак йира иза. ХIетахь вийнера 740 гергга саьлти а, иштта ша Де Пьери а. Кхин а 162 стаг йийсаре лаьцнера. Ткъа биссинарш, шайн герз а, кхин болу гIирс а охьа а кхоьссина, тIеман арара боьвдера.


Ламанхошца болчу къиссамехь шайн де дийне мел долу хуьлуш болу эшамаш а гуш, хIетахь Россин коьртехь хиллачу ШолгIачу Екатеринин доккха эскар тIаме арадаккха дийзира, Мансура болийна къиссам гуттаренна а сацо.

Амма кхин а йалх шо дIаделира, Ушурма Анапа гIалара Шлиссельбургски гIапехь йийсаре вале. Iедало лаьцна иза набахте дIакхачийра, цигахь кхо шо даьлча иза дIа а кхелхира.

Нохчийн къоман маршо къийссарехь цо айбина болу гIаттам байракх хилира массо а кавказхошна. Мансуран кхалхаро ца сацийра ламанхоша Паччахьан Iедалана дуьхьал латтош болу къиссам, мелхо а марсайаьккхира цуьнан алу. ХIора а бIаьста ламанхойн тобанаш тогIешка охьайуьссура, имперски гарнизонашна тIелатарш дан а, церан герзашна къола дан а.

ХIетахь, ШолгIачу Екатеринин метта Паччахьан васхал тIе велира Хьалхара Александр. Цо шен уггаре а къиза а, кIоршаме а волу инарла Ермолов Алексей Кавказе дIахьажийнера ламанхойн къиссам гуттаренна а сацо.

[2] Ермоловс массарна а дIакхайкхадира: суна лаьа сан цIарца церан хин болчу кхераме вайн дозанаш герзал а чIогIах лардайта, сан дашах уьш Iожаллех а чIогIа кхерийта. Барам боцуш кIоршаме а, къиза а хир ву со. Сан къизаллас бIеннаш оьрсийн ламанхойн таIзарах ларбийр бу.


Инарлас масех гIап йиллинера тогIеш а, иштта ТIеман-Гуьржийн олучу регионан йистера коьрта коммуникационни некъ а ларба Iалашонца.

Царех цхьайерш Соьлжанан хин йистошкахь хIиттийнера. Цигахь гIап йилла Iалашонца меттигера бахархой арабаьхнера, ткъа иттанаш нохчийн йарташ йагийнера. 1818-чу шарахь йиллинчу гIопана «Грозная» аьлла цIе тиллира. Оьрсийн маттера гочдича — буьрса.

Нохчашна хIетахь хууш дацара, шайн луьрачу мостагIчо шаьш хIаллак дан Iалашнца йиллинчу гIопах заманан йохалла шайн коьрта шахьар хир йуй а, и гIап цигахь йилларна инарла дохко вер вуй а.

Инарлас сихонца дIадолийра ша хIоттийна къиза Iалашонаш кхочуш йар. Цо къа ца хеташ хIаллак йора тоьпан тата схьахезаш йолу муьлхха а нохчийн йурт.

Инарлин къизаллин тIеIиттабеллачу нохчаша, шайн баьчча хаьржира имам ГIеза Мухьаммад. Цо гIазот а кхайкхина, ткъех шарахь гергга Паччахьан Iедална дуьхьал къиссам латтийна эскар вовшахтуьйхира.

1832-чу шарахь, ламанхоша къар ца луш, латтош болчу къиссамо оьгIаз вахийтинчу Хьалхара Николайс нохчий мухха къарбина а къарбан Iалашонца ткъа эзар стагах лаьтта эскар дIахьажийра Кавказе.

Нохчийчоьнах цIе тоссуш чекхделира Паччахьан эскар. Цуьнан аьтто белира ГIеза Мухьаммадан лар талла а, цунна Гимры олучу ша хьаваьллачу юьртахь кIело йан а.

Майраллица летара ламанхой, амма оьрсийн герзаш а, церан эскаран дукхалла а бахьана долуш, йита дийзира ламанхойн тIеман аре.

ГIеза Мухьаммад вийнера, ткъа цо айбина маршонан байракх цуьнан уггаре а тешаме накъосте — къоначу жIайхочуьнга Шемале кховдийра. Иза Кавказан исторехь Имам Шемал цIе йолуш ваха вуьссур ву.

[3] Я Шемал а, я ГIеза Мухьаммад а нохчий ца хилла. И шиъ Дагестанан коьртачу этнически тобанна юкъа догIучу жIайхойн къомах хилла. Цу къоман уггаре а хьийкъина мур хилла вайн эранан 7-гIачу бIешарера 10-гIа бIешаре кхаччалц. Царех цхьа берш Трансильвани дехьа бевлла, ткъа кхин болчара Къилба Россин яьккхий хьаьрманаш дIалаьцна.

.


Керлачу баьччан аьтто белира Россин олаллина дуьхьал къиссам латтош йолу ламанхойн тобанан барт чIагIбеш, цунах боккъалла а йолу политически институт кхолла, ма-дарра аьлча нийсса ткъе пхеа шарахь лаьттар йолу, Имамат цIе йолу керла пачхьалкха кхолла. Цу пачхьалкхана йукъа догIуш дара наибаша а, муфтийс а, куьйгалла деш долу латтанан 33 дакъа. Пачхьалкхехь герзаца кхачо йина эскар а дара, иштта тIеман 510 куьйгалхо а вара.

Имамат бусулба динан бакъонна а, шарIанна а тIетевжаш йара, ткъа цуьнан къобалбина пачхьалкхан мотт Мухьаммад Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) бийцина хилла болу Iаьрбойн мотт бара.

И пачхьалкха кхоьллича Имам Шемалан аьтто белира хIинцалц йаьржина хилла тобанаш вовшах а тоьхна, хила ма-беззара тIеман ницкъаш а, эскар а кхолла.

Цул совнаха, бусулба динан пачхьалкха кхоллар бахьана долуш цуьнан аьтто белира Нохчийчуьра Iесалла орамца дIа а йоккхуш, къам буьззинчу барамехь бусулба динна тIедерзо. Заманан йохалла Росси пачхьалкхана дуьхьал уггаре а чIогIа къизачу тIемашца къиссам латтийна ду нохчийн къам. Диъ бIе шарахь Россица тIом бина нохчаша. И къиссам карарчу хенахь сацийна а бац.

Имаматана дуьхьал Николай Паччахьа кхин а дукха ницкъаш хьажийра, амма хIете а, уггаре а кIезиг кхин а ткъа шо дийзира ламанхой аренашкара лома дIалахка.

Лаьмнийн чIожашкахь кIелхьарволийла лоьхуш лелаш волу Шемал Османски империгара гIо деха гIоьртира, амма Хонкаре башха ницкъ болуш йацара хIетахь, хIунда аьлча уьш шаьш бара ГIимрахь тIом беш, цундела церан сурсаташ дацара Имаматана гIонна хьажо.

Истамбулера лулахошкара шена гIо хир доций хиъна Шемал, Ингалс пачхьалкхан королева Викторияга гIо деха веара. Иза хIетахь французашца а, итальянцашца а ГIимран тIамехь, османийн агIонехь къиссам дIахьош йара.

[4] Шен цхьаьна кIоргера маьIна долчу кхайкхамехь ишта яздо Шемала: «Лараме, королева! Дуккха а шерашкахь дуьйна Россица къиссам латтош ду тхо тхайн маршо а, тхайн паргIато а бахьнехь. ХIора шарахь тхан токхамаш санна тхан тогIишна чухьовдучу мостагIашна дуьхьало ян езаш хуьлу тхо. Тхан къиссам чIогIа а, къиза а бу. ХIора Iай тхайн зударий а, бераш а генарчу хьаннашкахь къайладоху оха, ткъа церан цигахь мацалла а, шело а лан деза. Амма хIете а, Далла тIе болх а биллина тхо юхадовлуш дац. Оха доьху хьоьга, королева, гIо де тхуна.

.


Амма Ингалс пачхьалкхе дехна орца а жоп доцуш диссира. Мацалло, халонаша кIелбитина ламанхой, хIинца дукха хьолахь реза бара оьрсишца барт бан.

Цара хIинца йалта дIадийна аренаш ларъйар бен, кхин башха къиссам бацара латтош.

1859-чу шеран товбецан беттан 6-чохь Шемала мостагIашна къарвала сацам бира.

ТIевахар бахьана долуш, паччахьа таIзар ца деш, кIелхьараваьккхира иза. Москва гIалина йистехь доккха цIено а делира, иштта Макке хьаж дан аьтто а бира, ткъа и хьаж дечохь имам кхелхира.

Цуьнан юххера накъостий а, цул совнаха, кIентий а, бюрократи а, Паччахьан эскаре а кхайкхинера, Россина муьтIахь йолу Кавказан дуьххьара политически тоба кхолла Iалашонца.

Ламанхой къарбаран политика кхиам болуш хилира: ткъа шарахь Кавказ синтеме йара, ткъа масех гIаттам, имперски эскараша сиха сацийра.

Амма хIете а, 1870-чу шерийн чаккхенехь, нохчийн гIаттаман алу йуха а марсайелира. Керла баьччан, бусулба динан хьехамчан, доьналла долчу, къоначу бIаьхочун Зандакъара Албик-Хьаьжин аьтто белира эскар вовшах а тоьхна, Нохчийчоьхь гIаттам айба а, иштта ша арабаьккхина некъ луларчу Дагестане кховдо а.

Йуха а Паччахьан эскара сийна цIе йиллира Нохчийчоьнах. 1877-чу шарера 1881 шо кхаччалц, Нохчийчоьхь тIом бара, цу тIамо йохийна, йаьржийнера дукхох йолу йарташ, царех йиссинарш херцарш бен йацара.

Керлачу гIаттама дукха нохчийн бIаьхой а, иштта маьрша адам а хIаллак дира, амма дукха хьолахь цо гайтира Имам Шемал тIеваханачул тIаьхьа Николай Паччахьа лелош йолу политика нохчаша къобалйина ца хилар.

Керлачу паччахьа КхоалгIачу Александра сацам бира оьрсий а, кавказхой а маьрша бахалур бац аьлла, цундела царех уггаре а къар ца луш берш, Iеха а бина, махкаха баха беза.

Цу керлачу доктринех уггаре а хьалха лаккхара мах дIабелира нохчаша а, гIалгIайша а. Паччахьан Iедало гIад дайина долчу цу шина къоман лаам хилира Урдуне а, Хонкаре а, Шеме а дехьадовла. Уьш махкаха арадовдаран агIонах нохчийн исторехь мухIажаралла олу.

ТIебаьхкина нохчий османаша уггаре а кхераме йолчу меттиге баха ховшийтира. Хиджазски аьчка некъ буьллучу регионна даима Iаьрбоша тIелатар дора, ткъа баланех кIелхьарабовла дагахь, бевдда баьхкинчу нохчийн, цигахь а къиссам латто дийзира.

Билгалдаккха деза, махкаха бевлла боллушшехь нохчаша аренца йоккха лар йитира цу пачхьалкхийн дахарехь, шайн доьналлица а, хьекъалца а, оьздангаллица а.

Цара шайн йукъараллин а, оьздангаллин а кхерч кхоьллира, жигара дакъа лоцура мехкан дахарехь. Нохчаша къаьсттина кхиамаш гайтина Урдунехь. Доцца аьлча цуьнан пачхьалкхалла ларъеш, мехала дакъа диллина нохчаша.

Хьаьрман леррина терго йан Iалашонца ингалсан эпсараша меттигера бахархойх дуьххьара тIеман тобанаш кхоьллинера. 1923-чу шарахь цу тобанан буха тIехь кхоьллинера Iаьрбойн легион, цу юкъа бахара нохчий а, чергизой а. Заманан йохалла тIеман урхалла дахаран некъ хилира царна. Иштта нохчаша дIалецира Урдунан тIеман эскарехь шайн къеггина меттиг. Тешаме а, доьналла долуш а хиларна нохчий хазахетарца тIеоьцура полици а, пачхьалкхан кхерамазаллин урхалле а. Таханлерачу дийнахь а, цара шайн тIеман гIуллакх дIакхоьхьу паччахьан гвардехь.

Урдунан бахархошца дустича, цигахь бехачу нохчийн терахь кIезиг делахь а, цара йоккха меттиг дIалоцу мехкан генералитетехь а, лаккхарчу эпсараллехь а. Урдунан исторехь уггаре а къеггина лар йитина нохчий бу:

Ахмед Арслан Алауддин (1942—2014) — тIеман гIуллакххо, бротентанкови эскарийн дивизионни инарла, 1967-чу а, 1973-чу а шерашкахь Iаьрбойшна а жуьгтишна а йукъахь хиллачу тIемийн декъашхо, Урдунан шозза Турпалхо;

Ахьмад Рамзи ибн Iабдин (1893—1969) — Урдунан эскаран инарла хилла дуьххьара нохчо, Урдунан турпалхо;

Мухьаммад Башир — бригадни инарла, Генеральни штабан куьйгалхочун гIовс;

Самих Бено — пачхьалкхан кхерамазаллин инарла-лейтенант.

Нохчий хIинца а меттигера бахархошца бертахь беха Урдунехь, цу мехкан йукъараллин-политически дахарехь жигара дакъа а лоцуш.

Урдунера нохчашна цIена нохчийн мотт а хаьа, цара шайн къоман ламасташ а лардо, махкахошца уьйр а латтайо. Уьш кест-кеста богIу шайн Даймахка, ткъа цхьаберш гуттаренна Нохчийчу юха а боьрзу.

Нохчий а, гIалгIай а санна, Паччахьан Iедало тIеIаткъам бинера малхбузера Кавказан векалшна — доьналла долчу чергизошна. Уьш а дIаоьхура Османски импери, амма Хонкар мехкан латтанаша шийла тIеийцира шайн бусулба вежарий.

Мацалло, лазаро лаьцна кавказхой леш бара, къинхетам бан а, гIоьналлин куьйг кховдо стаг ца карош.

Ткъа Паччахьан Iедала буьззинчу барамехь каралаьцнера Кавказ. Аьчка некъаш дохкуш, административни гIишлош еш, некъаш тадеш, шуьйра болх бара цигахь дIахьош. Паччахьан Iедало цига шортта хьаькамаш а дIахьажийра болх бан, ткъа Кавказ Паччахьа билгал виначу губернаторана тешийна йара.

Паччахьан Iедалера Советан Iедале кхаччалц

Нохчийн историн керла агIо йиллира 1800-чу шерийн чаккхенехь тIейеанчу промышленни революцис.

Соьлжа-ГIалин йистошкахь мехкдаьтта долу масех меттиг карийнера, ткъа кестта Нохчийчоь дIайуьзнера Iаьржачу деших.

[5] Нохчийчоь дуьнен чохь дуьххьара меттиг ю мехдаьтта даккхар промышленни кепе деирзина йолу. Махкахь дуьххьара «кху заманан» мехкдаьттан скважина схьайллинера 1893-чу шарахь Соьлжа-ГIалин гена доцуш, ткъа хIетахь дуьйна Нохчийчоьнан лаьттан кийрара 420 миллион тонн буьйда мехкдаьтта даьккхина.

Атта буро тоха мегаш долу керла маьIданаш карор бахьана долуш 1900-чу шерашкара дуьйна Нохчийчоьнна сиха шайн тидам тIеберзийра францойн а, немцойн а, голландски а компаниша.

Меттигера латтанийн дай реза хуьлура мехкдаьттан компанишка скважинашкахь болх байта, цара хIора шарахь богIу мах схьабелча. Амма 1900-чу шеран 10-ч шерашкара дуьйна цхьаболчу хьоладайша шаьш болх бора, оцу кепара цара шайна шортта рицкъа даьккхира.


Йохкар-эцаран хьалхара тоба кхоллайелира маьIданаш дохучу балхана гонаха: углеводородаш (мехк-даьтта) йохкар-эцарехь а, галин гIишлон йан пачхьалкхан хуьлу заказаш а бахьана долуш, гучуйелира буржуази, ткъа церан бераш йа Москвахь доьшуш дара, йа эскарехь тIеман гIуллакх дIакхоьхьуш дара.

Мехкдаьтта бахьанехь гучубевлла хьоладайша шайн йохкар-эцарехула а, политикехула йукъаметтигийн зIе кхоьллира, ткъа царех цхьа болчу векалша Паччахьана Iедалан балха тIехь баккхий кхиамаш а бохура.

Хеталора, дуьххьара нохчийн юкъараллин цхьа дакъа мукъне а оьрсийшца берта а деана, бIешерашкахь цIий Iенийначул тIаьхьа, шина къомана юкъахь тешаман а, доттагIалинн йукъаметтигаш кхоллайала тарло.

Амма, нагахь санна хьал долуш йолчу нохчийн буржуазин Россица дика йукъаметтигаш нисйеллехь а, амма дукхох болу бахархой хIинца а цабезам а, гамо а йолуш бара.

[6] Бахархоша къобалдеш дара обаргаша лелош дерг, хIунда аьлча цара пачхьалкхан рицкъана а, иштта лулара гIалгIазкхишна а къола дора, ткъа шаьш лачкъийна ахча къен Iаш болчу меттигера бахархошна дIасадоькъура. Уггаре а чIогIа цIеяххана вевзаш хилла обарг ву Харачойн Зеламха. 1901-чу шарахь стаг вер бахьана долуш, Iедалах ведда лела дезна цуьнан. Шен тоба а кхоьллина, цо банкашна а, почтийн отделенишна а тIелатарш дора, цигара лачкъийна ахча ламанхошна дIа а доькъуш. Иза вайн Робин Гуд халкълахь шуьйра вевзаш вара. Нагахь санна Робин Гуд къуйн эла хиллехь, ткъа Зеламха лаьмнийн эла хилла. И сацо Россин Правительствос цуьнан доьзал дIалаьцнера, ткъа цуьнан коьртах 18 000 сом ахча мах а хIоттийнера. Билгалдаккха деза, цу заманехь иза оццул доккха ахча доллушшехь, цхьа а ламанхо Зеламхина айкх эцна Iедална тIевахана ца хилла. Цо ша юьхьарлаьцна некъ дIакхехьнера 1913-гIа шо кхаччалц. ХIетахь полицин аьтто баьллера цуьнан лар талла а, иза вен а.

.


Хьалдолу буржуази кхоьллина ца сецира промышленность кхиар: хIетахь кхоллайелира белхалойн класс, ткъа церан лехамашна а, лаамашна а Паччахьан Iедал къора дара.

ТкъаессанолгIачу бIешеран шолгIачу декъехь, йоккхачу латтанийн аристократина тIетевжаш хилла паччахьан Iедал Iадийнера, къинхьегамхоша гуо биначу буржуазис долийначо.

Социальни а, политически а хийцамашна йуьхьанцара башха реза ца хуьлуш хиллачу Паччахьан Iедалан ца даьлла дийзира цара бохучунна тIета, масала 1861-чу шарахь адам дохкаран а, эцаран а ламаст гуттаренна дIадаккхар, амма реакционни паччахьаш гучубовларо Александр III (1881 — 1894) а, цунна тIаьхьа Николай II (1894 — 1917), цIеххьана хадийра цу кхиаран тIегIа.

Социальни хьал йуха а дарлуш дара, оцу кепара хийцамийн майданехь дуьххьара революционни цхьаьнакхетараллаш кхоллайелира.

1903-чу шарахь Россин социал-демократически къинхьегамхойн партехь кхоллабелира Ленин Владимир коьртехь а волуш максималитски болам, исторехь иза большевизм санна бевза.

Йуьхьаьнцара кIеззиг бен ца хиллачу большевикаша Николай Паччахьана хиллачу тIеман эшамийн херцарш тIехь биллира шайн бертан а, чIогIачу уьйран а тIулг.

[7] 1904-чу а, 1905-чу а шерашна юкъахь Росси эшнера Маньчжуриянна тIехь тергам латто Iалашонца Японица хиллачу тIамехь. ТIеман аренгахь шен сийлаллел совнаха, цо дитира шовзткъе итт эзар дакъа а, бIе ткъа эзар лазийна бIаьхо а, иштта везткъа эзар бIаьхо йийсаре лаьцнера.


Меца а, эшна а адам дика гIирс хилира 1905-чу шеран Революци йоло.

Паччахьа Парламентан а, Думин конституци йара йала йезащ, амма гIаттамаш цхьажимма дIатийча, цо Парламентан болх лахбина ца Iаш, цуьнах паччахьан совет кхоьллира.

Исс шо даьлча Росси йуха а тIеман хьолехь нисйелира. ХIинца цунна дуьхьал йаьллера Германи а, Австро-Венгри а, Османски импери а. Паччахьан эскаран баккхий эшамаш хилира. Цу щина шарна йукъахь Россина боккъалла а кхераме дара рогIера тIамехь эшам хиларан.

ГIаланаш а, йарташ а йуха а синтем бойна йара, ткъа революционераш монархина тIелетира.

1917-чу шеран чилланан баттахь керла революци бахьана долуш Николай Паччахьан дийзира васхал тIера восса, ткъа цу шеран эсаран баттахь Iедал большевикаша дIалецира.

Паччахьан Iедал дохаро Кавказан къаьмнийн дегнашка маьрша довларе сатийсам боссийра.

1917-чу шеран бекарг беттан 27-чохь, паччахьа шен дарж дитина ши де далале, дуьххьара Нохчийн конгресс хилира.

Иза вовшахтоьхнера тIеман гIуллакхойн доьзалера схьаваьллачу Чермойн Тапас. Цуьнан да паччахьан эскаран инарла хилла, ткъа и ша паччахьан гвардехь тIеман гIуллакх дIакхоьхьуш хилла, ткъа ша пенси вахале цо Соьлжа-ГIалахь мехкдаьттан бизнес а йолийна, цунах цIейаххана совдегар хилира.

Большевистски революци йолалуш, иза Хьалхара дуьненан тIом баьллачул тIаьхьа ша юха кхайкхина хиллачу эскарехь вара.

Иза сиха Даймахка цIа кхечира. Чермойн Тапа тешна вара йозуш йоцу Кавказан маьрша пачхьалкхан бен аьтто бер бац шен къам коммунизмах ларда. Ала деза, коммунизмана иза чIогIа дуьхьал вара.

Ассамблея чекхйаьлла масех де даьлча ломара къаьмнийн Конгресс хилира, цигахь дакъа лецира Кавказан массо а къаьмнийн векалша. Чермойн Тапа маршонан цхьа майда кхолла гIертара, амма цуьнан сатийсамаш буьйхира Конгресс шина декъе йекъайелча. Цхьа дакъа светски республика кхолла лууш дара, важа Шемалан имаматан хатIехь динан пачхьалкха кхолла лууш дара.

Большевикаша хазахетарца йуьхьарлецира ламанхойн барт бохар. Кавказхой шайгахьа берзо Iалашонца цара тешо йира Къилбаседа Кавказехь шарIаца догIуш пачхьалкха кхолларехь шаьш гIо дийр ду аьлла.

И политически ловзар дукха хьолахь доьзна дара Россин дукхох долчу эскара а, буржуазис а контререволюционни фронт кхуллуш хиларца.

Иза вовшакхийтира лаккхарчу эпсарашна гонаха. Уьш бара инарлаш Корнилов а, Деникин а, Юденич а, Семенов а. Цара шайн эскар кхоьллира, цуьнан гIоьнца коммунистийн куьйг кIелахь йолу провинцишна тIелатар а дира.

Россин Къилбахь Ленинан толамна коьрта новкъарло йара даима Паччахьан муьтIахь хилла а, цо шортта латта делла а болу гIалгIазкхий.

ЦIечу эскархша нохчашна дош делира, нагахь санна цара шайн политика къобалйина тIелацахь, шаьш гIалгIазкхийн латтанаш нохчашна дIалур ду аьлла.

Эххар а мацах дуьйна шайн хилла латтанаш йуха а дола доьрзур ду аьлла сатийсам дагчу боьсиина нохчийн къинхьегамхоша, дукха ойла ца йеш революционерийн агIо а лаьцна, гIалгIазкхишна тIелатар дира.

Ткъа уьш, шайн рогIехь шайн бахам дIабала ца туьгуш «кIайчеран» могIе хIитта буьйлабелира.

Цу хиламийн муьрехь Росси Центральни империшна дуьхьал тIом боло кечам беш йара.

Хьашт дара арахьара фронт мукъне а дIакъовла, цундела большевикийн сацам хилира мосгагIийн билламаш тIеэца. 1918-чу шеран бекарг беттан 3-чохь Брест-Литовск гIалахь Росси къера хилира шен мостагIаша Польша а, Балти а, Финлянди а, Украина а, Закавказье (Йоккха а, Жима а Кавказана йуккъахь Iуьллу регион. Карарчу хенахь цуьнан хьаьрма дIалоцу Гуьржи Махко а, Эрмалойн Махко а, Азербайджана а) пачхьалкхашна тIехь тергам латторна.

Хонкаран эскар лаьмнашкахула даьржаш гиначу Чермоевн сацам хилира шен политически проект кхочуш йан. Иштта кхоллайелира Кавказан ламанхойн республика, ма-дарра аьлча «Горски республика» коьрта шахьар Дагестанан Буйнакск гIала а йолуш, ткъа Президент ша Чермойн Тапа а волуш. И пачхьалкха кхета тIехь бен йацара. Маршоно бахийначу ламанхойн ирс доцца хиллера: масех бутт балале, 1918-чу шеран лахьанан баттахь Хьалхара Дуьненан тIом Центральни пачхьалкхийн эшамца чекхбелира. Закавказьехь лаьтташ хилла Хонкаран эскар йухаделира, ткъа Чермойн Тапа шен коьрта политически накъост воцуш виссира.

Республика ша йиссира, масех кIирнахь цуьнан хьаьрма Деникин инарлин «кIайчу» эскара дIалаьцнера.

Чермойн Тапин политически лекхалла йовш йара: 1919-чу шарахь иза республикин куьйгалхочун даржехь хийцира Коцев Пшемахов цIе йолчу хьоладас, ткъа цул тIаьхьа куьйгалле хIоьттира Паччахьана инарла Калилов Михаил. Цо сацам бира республика дIахеца, шен «накъостаца» Деникинца къиссам ца латторхьама. И гIуллакх цо кхочуш дарна, цунна Дагестанан губернаторан дарж кхечира. Амма сепаратисташа шайн болх сацийна бацара, цул совнаха мехала йолуш а бара, хIунда аьлча церан лаам бара шайн баьчча Истамбуле йоьдучу делегацин коьрте хIотто.

Советски Iедал доьхначул тIаьхьа куьйгалла Iеламнахе даьллера. Вай хьалха билгал ма даккхара, Iеламнах дуьхьал бара светски пачхьалкха кхолларна.

Кавказан ламанхойн республика йоьхначул тIаьхьа, имамаш маьрша бара Къилбаседа Кавказан Исламски Эмират кхолла, кхузткъе итт шо хьалха Имам Шемала кхоьллина хиллачух терра. Эмирата шен шахьар хаьржира нохчийн лаьмнашкахь Iуьллу Ведана. Цигара обаргаша дукха хьийзинера паччахьан Iедалан векалш, 1919-чу шарера дуьйна 1920-чу шеран хьалхара беттанаш кхаччалц ЦIечу эскаран Деникинан эскар йуха а тоьхна, Нохчийчоь йаьккхалц.

Билгалдаккха деза, исторехь цIейаххана долу Деникинан бIе дийнан латарш а Соьлжа-ГIалахь хилла. Соьлжа-ГIалин пролетариатана герзаца а, йуучуьнца а кхачо йеш дара къона революционера Шерипов Асланбека куьйгалла а деш Нохчийн ЦIе Эскар. Шерипов Асланбека мехала дакъа лецира Нохчийчоьхь Советан Iедал хIотторехь.

Нохчийн эпсаран доьзалера схьаваьлла волчу цо кхиамца чекхйаьккхира кадетски корпус, ткъа цул тIаьхьа къеггина лар йитира республикин йукъараллин а, политически а дахарехь.

Цул совнаха, иза похIма долу публицист а, фольклорист а, гочдархо а хилла, масех мотт а хууш хилла цунна.

Билгалдаккха деза, ШериповгIеран доьзалехь йалх ваша хилла, уьш махкахь шуьйра бевзаш политикаш а, Iилманчаш а, культурин гIуллакххой а хилла.

Большевикаша деллачу дашах тешна, нохчийн эххар а шайн латтанийн дай хир бу аьлла сатийсамо Iехийначу Шериповс шен дерриге а доьналла а, хьекъал а тIехьажийра кIайчу эскарна дуьхьал бечу къиссамна.

Цу мIаьргонехь нохчий тешара коммунисташа толам баьккхича, шайн латтанаш лело а, шарIанца даха а шайн аьтто хир бу.

Амма революционераша Кавказ шайн тергоне лоццушшехь, цара Эмират дIа а йоккхуш, федеративни республикийн къорза куз тессира, Россин Советски Федеративни Социалистически Республикаца (РСФСР) цхьаьна, иза а Советски Социалистически Республикийн Союзана (СССР) йукъа йогIуш йара

Нохчийчоь а, луларчу ГIалгIайчоьнца цхьаьна Нохч-ГIалгIайн Автономни Советски Социалистически Республикина йукъа йахара (Чечено-Ингушская АССР)

Нохчашна дIалур ду аьлла латта-м кхин хьахош дацара цхьаммо а.

Масех шо даьлча, 1929-чу шарахь Кавказ Союзан хьаьрмахь шуьйра коллективизаци йина хьалхара меттиг хилира.

Нохчашкара долахь долу латтанаш схьа а дохуш, уьш колхозашна дIалуш дара, ткъа цу колхозашкахь къа хьега дезаш вара массо а.

Пачхьалкхас пайдехь мехашца йалта оьцур ду, ткъа цуьнан метта мокъазалла лур йу.

Проектан башха дика жамIаш ца хиллера, коммунисташна толам баккха гIо динчу нохчийн цабезам марсабаккхар бен. Шайн латтанийн дола дан аьтто хиларе сатийсина болу уьш, мелхо а шайгахь долчунах а бевлира.

[8] Нохчий цхьаъ санна массо а дуьхьал велира коллективизацина. Историка Некрич Александра дийцарехь, Нохчийчоьхь долахь латтанаш дан а дацара. Аренца Iаш болчарна юкъахь хIинцале хи а, латта а, хьаннаш а екъар долийнера, ткъа «кулак» бохучу дешан маьIна а дайнера. Итта шерашна юкъахь коллективизацис дIалаьцнера дукхох долу аханан латтанаш. Амма бахархой цу гIуллакхна реза бацара, царна ца лаьара юкъара латтанаш лело. Ойла йел аш: 20% гергга бахархой цхьаьна а дийнахь колхозехь болх бина бацара, ткъа 46,3% шарахь 50 дийнахь бен болх бина бацара.


Дуккха а шерашкахь шайн паргIато а, маршо а къиссина болчу нохчашна йинарг йоккха йамартло йара. Мацах дуьйна шайн хиллачу латтанийн дай хила аьтто ца баларал совнаха, хIинца церан таро йацара шаьш къахьегна даьккхинчу рицкъанах шайна ма-хетта пайда эца.

Йалта а, даьхний а хIинца Iедалан долахь дара, ткъа реза боцучарна тоьпаш тухуш йара, йа цаьрга хьоьжуш Сибрехара набахтеш йара.

Керлачу политически ражана дуьхьал айбиначу гIаттамаша Нохчийчоь синтемах йохийнера 1920-1930-чу шерийн йохаллехь. Советан Iедало вейтта эзар герра стаг лаьцна воллушшехь, Нохчийчоь саца дагахь йацра. ГIаттамхоша пачхьалкхан хьукматашна тIелатарш дар бахьана долуш, Iедалан ца даьлла дийзира пачхьалкхан инфраструктура ларъйархьма герзаца кхачо йина тобанаш кечъйан.

1939-чу шарахь адам реза ца хилар боккъалла а болчу гIаттаман кепе дирзира. Цуьнан коьртехь лаьттара журналист а, поэт а Исраилов Хьасан. Цуьнан ойланаш коллективизацис оьгIаз бахийтиначу ламанхоша къобалйина хилла ца Iаш, СССР-ан керлачу баьччас Сталин Иосифа хIаллак йеш хиллачу интеллигенцис а, буржуазис а къобалйира.

Исраиловн аьтто белира Iеламнах а, Iилманчех а лаьтта шен юкъаралла кхолла. 1939-чу шеран бIаьста цо правительствона дуьхьал дуьххьара герз айдира.

[9] Исраиловс меттигера партин хьалхарчу секретаре Быковга яздинчу кехатехь дIахьедира: «Нийсса ткъа шарахь советан Iедало къиссам латтийна сан къомаца, и къам хIаллакдина дуьненчуьра дIадаккха Iалашонца. Цкъа «кулакаш», юха молланаш, бандиташ, буржуа-националисташ. Со тешна ву цу къиссаман цхьаъ бен Iалашо ца хилар — сан къам хIаллак дар. Цундела лаьцна ас сайна тIе сан къомо кхайкхиначу маршонан къиссаман куьйгалла дар.


ГIаттамхойн меттамотт Нохчийчоьнан малхбузера ламанца йолчу ГаланчIожехь бара. Кхузара цара тIелатарш дора мелла а лахахь йолчу гIаланашна. Иштта церан аьтто белира Шуьйта шайн куьйг кIел йало. Амма церан терахь кIезиг дара, цу политически ражана кхераме хила. Цара айбина гIаттам эшамца чекхбала тарлора, нагахь санна Гитлеран Германи Советски Союзана тIамца тIелетта ца хиллехь

«Чечевица»

Нохчийчоьхь Исраиловс СССР-ана дуьхьал шен жима тIом бечу хенахь, дерриге а дуьне Iадийнера ШолгIачу дуьненан тIеман балано. 1941-чу шеран асаран баттахь Германи шена накъосталла дечу пачхьалкхашца Итали а, Япони а, кхин йерш а Россина тIом бохьуш чуйеара, амма уьш совцийра Москва гIалин кевнашкахь.

ТIедогIучу шеран аьхка Гитлера шен йерриге а ойла тIехьажийра Кавказана, Сталинан бронетанкови дивизиш дехьакхисса оьшуш долу мехкдаьтта сацо Iалашонца.

Фашистийн Германин баьччас Гитлера ша дIахьедира, нагахь санна Соьлжа-ГIалин мехкдаьтта шен кара ца дагIахь, цу тIамехь шена ша эшна хетар ву аьлла.

Соьлжа-ГIала цу шерашкахь шуьйра йевзаш йара немцойн зорбанехь.

Советски Союзан бакъ долу герз хилира Соьлжа-ГIалин мехкдаьттанах, хIунда аьлча хIаваэхула а, лаьттахула а дIасалелаш мел йолу тIеман техника Соьлжа-ГIаларан мехкдаьттанна тIехь болх беш йара.

Немцойн эскар Нохч-ГIалгIайчоьнан генарчу малхбузера Малгобек гIала кхечира. Исраиловс къоме кхайкхам бира, тIебогIу мостагIий, комаьрша тIеэца аьлла, нагахь санна цара Кавказан къаьмнийн маршо къобалйийр йелахь.

Шайн рогIехь немцойшна лаьара гIаттамхойн гIо лаца, советан Iедалан къиссам мелла а лагIбархьама

[10].Шамиль цIе йолу операци 1942-чу шеран хьаттан баттахь дуьйна, товбецан бутт кхаччалц кхочуш еш яра, цуьнан коьрта Iалашо яра диверсантийн тобанаш фронтел дехьа кхисса, ЦIечу эскара ша Нохчийчуьра арадолуш хилахь леррина хIаллак йийр йолу мехкдаьттанан инфраструктура ларъян Iалашонца.

1942-чу шеран аьхка 57 стагах лаьтта пхи тоба парашюташца хIаваэхула фронтал дехьа кхоьссинера. Царех цхьаберш Исраиловн гIаттамхошца юкъаметтигаш нисъян буьйлабелира, ткъа кхин болчара мехкдаьтта доккху заводаш дIалецира.


Исраиловн обаргашца зIене бевллера немцой, иза а реза волчух тера дара керлачу окупанташца уьйр латто, Советски Союзана дуьхьал цара бечу тIамехь шен нахаца царна кхачо а йеш, нагахь санна цара цуьнан къомана маршо лур йелахь.

Амма фашисташна дуьхьал нохчаша латточу къиссамца дустича, Исраиловс лелош дерг бух болуш хIума дацара. Шеко йоцуш, Исраиловх а, цо арабаьккхинчу некъах а кхета мегар ду — цунна а, цуьнан накъосташна а шайн дайшна санна лаьара нохчийн латта мостагIех маьрша даккха, амма хIете а билгалдаккха деза, нохчаша ца ийцира фашисташкара маршо.

Тайп-тайпана исторически хаамашца, Нохч-ГIалгIайчуьра 50 эзар стаг тIеман фронтехь хилла. ШолгIачу дуьненан тIеман исторехь цкъа а гина дац нохчийн йа, гIалгIайн бIаьхо йамарт хилла, ткъа царна луларчу республикин векалша гойтуш дерг-м кхин сурт дара. «Бергман» (немцойн маттера гочдича «ламанхо») цIе а йолуш Вермахтан Къилбаседа Кавказан легион кхоьллинера.

Цу легионехь немцойн агIонехь шайн тIеман декхара дIакхоьхьуш бара гуьржий а, гIебартой а, хIирий а, суьйлий а.

Билгалдаккха деза Дагестанан векалша башха къеггина гайтина шаьш Вермахтана муьтIахь хилар. Немцой дагахь бара Кавказехь шайн эмиссар жIайхо Сайднуров Сайд-Мохьмад хIотто. Немцойша цунна йеолха керла цIе йара — Губе Осман.

Немцойн десантаца цхьаьна иза воссийнера Нохч-ГIалгIайн лаьмнашка, меттигера бахархойн ойла хуьйцуш, уьш немцошкахьа баха, амма Вермахтан аьтто ца белира и Iалашо кхочуш йан, хIунда аьлча тобанна Нохч-ГIалгIайн лаьмнашкахь кIело йира, ткъа Осман Губенна Соьлжа-ГIалин майданехь тоьпаш туьйхира.

Советан Iедал шайца мел къиза хиллехь а, нохчаша шайн ницкъ кхочург дира Даймехкан Сийлахь Боккхачу тIамехь Советски Союзе толам баккхийта.

Вай хьалха билгал ма даккхара, Соьлжа-ГIала Гитлеран стратегически Iалашо йара. 1942-чу шеран аьхка немцойн эскар тIамца Къилбаседа Кавказе кхаьчначу хенахь, Соьлжа-ГIалах фронтана уллера гIала хилира.

МостагIа гIала чу ца ваийта меттигера бахархоша шайн ницкъ кхочург дира. 40 итт эзар стаг араваьллера гIала йистошкахь тIеман дуьхьал оьрнаш дохуш, кхин болу кечам беш.

МостагIа гIала чу ца веара, амма Гитлеран сацам хилира шега ца йаьккхайелла гIала хIаваэхула хIаллак йан.

Цу Iалашонца ара йаьккхинера «Гинденбург» цIе йолу бомбардировочни 1-ра эскадра а, «Викинг» цIе йолу 100-гIа бомбардировчни эскадра а, «Веспе» цIе йолу йозаллин кеманийн 1-ра эскадра а, 52-гIа истребительни эскадра а.

Тайп-тайпана хаамашца, 1942-чу шеран эсаран баттахь 156 немцойн кемано Соьлжа-ГIалина тIе охьакхоьссинера 400 фугасни бомба. Сийна цIе йаьлла йогура гIала. Иза йаьгна дIайалийта Iалашо а йара Вермахта йуьхьарлаьцнарг. Къаьсттина цу муьрехь шайн граждански доьналла гайтира меттигера цIейайархоша. Шайн синош ца кхоош арабевллера уьш гIала йаьгна дIа ца йалийта. Иза ларйан церан аьтто а белира. Цара гайтинчу доьналлин сийнна карарчу хенахь Соьлжа-ГIалахь лаьтташ хIоллам бу.

Нохч-ГIалгIайчоьнан векалша фашизмаца болчу къиссамехь шайн йист йоцу майралла, доьналла, къонахалла гайтира. Дуьнена шолгIачу тIеман уггаре а къизачу къиссамашкахь йитина цара шайн дашо лар. Церан къиссам бахьана долуш къаьсттина Кавказехь йухатоьхна фашистийн бIо.

1943-чу шеран чилланан баттахь, Сталинградехь эшам хилалчул тIаьхьа, Вермахт кавказера дIайахара. Амма Сталина нохчашна а, гIалгIайшна ала кечдина баркалла кхин маьIна долуш хиллера.

1943-чу шеран чакхенехь Нохч-ГIалгIайчоьнах фронтан тыл хилла, йуха а толаме кхача цо шен ницкъ кхочург мел дечу хенахь, Сталина шен чоьхьарчу гIуллакхийн министре Берия Лаврентийга омра дира СССР-ан дахарехь уггаре а хала киртиг тIехIоьттинчу муьрехь мехала дакъа ца лаьцначу, цу синтем байначу къомаца дерг гуттаренна а къасто.

[11] Сталинан боьхачу ойлано шен тидаме ца оьцура ЦIечу эскаран могIарехь нохчаша гайтина доьналла. Вай хьалха билгал ма даккхара, нохчаша цу тIамехь кхин долчу кегийчу къаьмнашца дустича, уггаре а къеггина лар йитина. Цара доьналлица ларйина Брест гIап, Курск, Ленинград, Сталинград. Нохчо хилла берхIиттара бен валанза волу къона пулеметчик Нурадилов Ханпаша цо шен куьйга х1аллак вина 920 фашист. Иштта, нохчий хилла Эльба хи йистехь барт бина волу эпсар Висаитов Мовлид, Рейхстаган херцарш тIехь цIен байракх айбина волу Исмаилов Хьаким. ТIеман муьрехь эзар нохчо пачхьалкхан совгIатаца билгалвоккхур ву.


Амма мехала дакъа ца лаьцна бохург иза боьха харцо йара, ткъа иштта дика идеологически гIулч а йара Ермоловс болийна некъ чекхбаккха, ткъа дуьненна-м бала бацара цигахь хуьлучунан.

Берияс Сталинан омра йист йоцучу къизаллица кхочуш дира, Соьлжа-ГIала НКВД агентийн тоба дIа а кхачийна. Цо шен нахана омра дира нохчаша а, гIалгIайша а гайтина «йамартлонан» тоьшаллаш гулде аьлла. Халкъан комиссараша диначу жамIехь билгалдоккхуш дара ткъе берхIитта динан секта а хилла, цу йукъа вогIуш Советан Iедал дохо Iалашо йолу ткъех эзар гергга стаг а хилла аьлла.

Сталинан къинхетам боцучу чалтача хIинцале буьззину барамехь гайтинера шен къизалла, цкъа ша схьаваьллачу Закавказьехь, ткъа йуха Польшехь, Балтийан мехкашкахь. И меттигаш цо цIанйинера интеллигенцих а, буржуазих а. ГIебартойн-Балкхарехь а, Кхарачойн-Чергизахь а шен тIеман машен зийначул тIаьхьа, цо сацам бира Iаьнан чаккхенехь нохчашца а, гIалгIайшца а дерг къасто.

1943-чу шеран гIуранан баттахь дуьйна 1944-чу шеран кхолламан бутт кхаччалц саьлтий а, НКВД белхалой а Нохч-ГIалгIайчу кхачийнера йалта гулда кечам беш болчухула.

Машенаш а, цIерпошташ а хIинцале кечйинера тIеман складашкахь а, аьчка некъийн станцияшкахь а. Ткъа оцу хенахь саьлтий берриге а махкахь гарнизонаш кхуллуш бара.

Чилланан беттан 22-23-чу буса дIайолайелира оьрсийша «Чечевица» аьлла йолу операци, ткъа нохчийн исторехь иза «Ардахар» цIарца йевза.

Цхьаьна дийнахь нохчийн нийсса ах къам даьхний дIасалелочу цIерпошташна чу а доьттина Центральни Ази дIахьажийра. Масех де далале и гIуллакх кхочуш дийр дара тIаьхьадиссиначу къомаца а. Ког ца баккхалучунна йа дIаваха ницкъ боцучунна цу меттехь тоьпаш тухуш йара. Муьлхха а дуьхьало йар эрна дара, ткъа и дуьхьало йан цхьа ойла бен кхоллайелла йоцу йарташ цIе тессина йагош йара, ткъа цигара адам дуьйш дара.

Республикин къилбахь ло хIинца а дашанза долуш, ламанца дIасалела чIогIа хала дара, амма коммунисташа-м хIумма а хало йоцуш, охьалаьхкира адамаш.

Баккхий нах, бераш, зударий, заIаьп нах меттигехь тоьпаш тоьхна бойуш бара.

[12] Нохчийн къоман исторехь цкъа а йоьрзур йоцу чов ю Хьайбахехь НКВД-с гайтина къизалла. ГаланчIожан лаьмнашкахь Iуьллучу цу жима юьртара адам охьадаккха хала дара, амма Бериян омра кхочуш ца дан йиш яцара, цундела шен хьаькамна муьтIахь хилар гойтуш, НКВД эпсара, полковник Гвешианис омра дира 700 стаг божалчохь цIе тессина ваго.


Ткъа дийна цIерпошташна тIекхаьчна болчара дIаболийра кха кIиранна бахбелла шайн Iожаллин некъ.

Даьхний санна бен доцуш, цIерпошташна чу а боьттина дIабуьгуш бара уьш кхо эзар чаккхарма некъ бан, Казахстанан ло хьаькхначу, шийлачу аренашка кхаччалц.

20% гергга адам новкъахь деллера. Ткъа дийна биссинарш дIакхаьчначул тIаьхьа, колхозан йистошка охьакиссинера. Цу шийлачу Iай царна тIедожийра шайн куьйга шайна чохь Iан лаппагIанаш йе аьлла. Советан Правительствон омранца хIора баттахь уьш декхарийлахь бара Iедална шайх лаьцна хаам бан, нагахь санна и хаам ца бахь цаьрга ткъа шарна хьоьжуш набахте йара.

Нохч-ГIалгIайчоьнах хIумма а ца йиссира. Ишта цIе йолуш дуьненан политически карти тIехь меттиг а йацара. Республика дIа а йаьккхина, цуьнан метта Грозненски область кхоьллинера, ткъа цуьнан кIошташ Кавказера кхин йолчу республикашна йукъахь дIасайекънера. Нохчийн йерриге а культурин а, историн мехала тIаьхьало хIаллак йина дIайаьккхинера: маьждигаш а, хьуьжарш дохийнера, ткъа церан тIулгех кхин йолу гIишлош йуттура. Хьакхарчийн ферманашкахь некъаш дехкинера нохчийн кешнийн кертара чартех.

Къоман истори йуьйцуш, къаноша йаздина а, лардина а хилла тептарш йа дагийнера йа, Москван архивашкахь къайладаьхнера.

Шен къомах йаьлла, буобер санна йиссина Нохч-ГIалгIайчоь сихонца дIайузош йара Кавказера республикийн векалшца. ТIом хиллачу регионашкара нах схьа а балийна, баха ховшийнера кхузахь. Цхьа бIарлагIа санна йиссинера шен къомах йасаелла Соьлжа-ГIала.

Цхьа жимма обаргаш биссинера ламанца. Iедалах лечкъаш бехара уьш цигахь, шайн ка йаьлча, Iедална кIело а йеш.

1944-чу шеран гIуранан беттан 24 -чохь Исраилов а вийнера.

Ткъа нохчийн къам цхьалха диссира Казахстанан пана аренашкахь. Сталин валлалц, нийсса кхойтта шарахь зийра уьш замано нехан махкахь, шело а, мацалла а, къизалла а ловш.

Къаьсттина хала дара вайнахана мацалла лан. Адам хи санна леш дара, шело, мацалла, тиф лазар ца ловш. 1944-чу шарера 1947 шо кхаччалц бIе шовзткъе итт эзар стаг веллера.

Дийна биссинарш цхьаьна шийлачу лаппагIанашна чохь Iаш бара, пхийтта доьзал цхьаьна. Балха уьш ца оьцура, тIедогIуш рицкъа царна дацара. Аренаш толлуш лелара уьш, къен йелла а бежана карор йацара те бохуш, акха бецаш лехьош, мацалла ца бала гIерташ.

Колхозе балха хIотта аьтто баьлларг-м сатесна хуьлура мацалла ца вала

[13] Яа хIума ца хиларал совнаха, бедарш а яцара нехан. 1945-чу шеран кхолламан баттахь халкъан комиссарийн Гуламан Куьйгалхочун гIоьнчас шен жамIан кехатехь яздинера: тIедуха а, кога духа а дац. Церан бераш дерзина ду, цомгуш хилар бахьана долуш, адам даларан гайтамаш де дийне мел долу лаккха болуш бу. Могуш болчу дуккха а кегий нехан аьтто бац юьртбахамехь къахьега тIеюха бедар ца хиларна.


Ткъа Iедало биначу лерина сацамехь аьлла дара махкаха даьккхина къам, шен Даймахка цкъа а йухадерза бакъо йолуш дац.

Нохчашна тIедожийра цхьаъ цхьанна тIаьхьа и тайпа омарнашна бухахь куьйг йаздан.

Ардахар

Шайн кхерчах а, махках а бевлла нохчий са мел ду тийссалора шайн Iадатах, шайн ламастех, шайн берриге а кхетам а, Iер-дахаран кеп а къаношна тешош, хIунда аьлча кхолладеллачу хьолехь уьш бен бацара къоман иэс ларда ницкъ кхочуш.

ТIаьхьарчу тIаьхьене нохчаша кховдош долу шайн Iадат а, уьш цу Iадатана а, бусулба динна а муьтIахь хилар бахьана долуш, аьтто белира нохчийн шайн къоман башхалла а, кхетам а ларба а.

Амма Советан Iедало шен ницкъ мел кхочург дора нохчийн йукъаралла кхин долчу къаьмнех къаьсташ ца хилийта, цуьнан къоман кхетам орамца дIабаккха. Цу Iалашонца кхуллуш йара идеологически кхетош-кхиоран ишколаш. Цул совнаха КГБ жигара йукъа гIертара бусулба динна, амма нохчийн къоман синхаам лахбаларал совнаха, мелхо а марсабаьллера.

Цара шайн къиссам латтабора Iедалца. Йазйина йоцу истори ларйа хала дара, амма цара иза ларйира, цу тIаьхьенан кредо а хилира цунах 1990-гIа шераш кхаччалц

[14] Карлотта Галл а, Томас де Валл а историкаша билгал ма даккхара къам махках даккхаран зеделлачо мелхо а къоман барт чIагIбира. Арахь даьккхинчу цу кхойтта шаро шайн къоман ламасташна тIера хилийтира нохчий.


Махках даьккхиначу бIе эзар адамна йукъахь дара Жовхар цIе йолу бер. Иза винера 1944-чу шеран чилланан беттан 15-чохь, нохчийн къам махках даккха исс де хьалха.

Иза даьхнийн лоьран Дудаев Мусайн а, цуьнан шолгIачу зудчун РабиIатан а кхойтталгIа бер дара. Цуьнан бералла чолхе дара. Иза жима воллушшехь кхетара шен къоман цхьаьна а хIуманна тIехь нехан санна бакъо йоций.

Боккха доьзал а буьтуш да велча, цуьнан нанна бакъо йелира Казахстанан къилбера Шымкент олучу гIала дIайаха. Цигахь шийла а йацара, белхалой а оьшура. Шен да санна дешарна тIера волчу Жовхара, кхиамца чекхйаьккхира йуьхьанцара школа.

[15] Цу шерашкахь шовзткъе итт эзар берана юкъахь ялхийтта эзар беран бен деша аьтто ца хилар тидаме эцча, Жовхаран дика аьтто баьлла ала мегар ду.


Лаккхара дешарах чекхвала шен аьтто хир боций хаьара Жовхарна, цундела цо шен ницкъ кхочург дора доьзална гIо дан, ца къехкара мел хала болчу а балхах, жимма а шен ненан дахар аттача даккха.

Къаьсттина цу чолхечу муьрехь кхечира цунна Сталин велла аьлла кхаъ. Иза дара 1953-чу шеран бекарг беттан 5-чохь. Нохчий махкаха баьхна исс шо кхаьчнера.

Советски Союзан керла баьчча Хрущев Никитас дIадолийра Сталинан политически ражан аьчка хIоз бастар. Исторехь цуьнан политикин мур «Оттепель» олуш бевза.

Коьрта гIулч йара Сталинан тешаме накъосташ новкъара дIабахар. Уггаре а хьалха и болх къизачу Берийана тIера дIаболийра. Масех баттахь кхел а йина, ткъа цул тIаьхьа нохчашна хаза кхаъ боккхуш, тоьпаш туьйхира цунна.

ШолгIа гIулч йара Iазапхочо хьийзина болу пачхьалкхан мостагIашна тIера бехк дIабаккхар.

Оцу кепара, 1954-чу шарахь дуьйна «спецпоселенец» аьлла цIе йалхийтта шарера мел волчу нохчочунна тIера дIайаьккхинера. ХIетахь дуьйна церан аьтто белира, пачхьалкхехула маьрша дIасалела.

1955-чу шеран хьаьттан баттахь дуьйна и маршо еллера тIеман совгIаташ дина болчу хьехархошна а, оьрсишкахь марехь болчу зударшна а, иштта заьIапхошна а.

Кхин мел болчарна хьалха хилла дозанаш диссинера, амма таIзар ткъа шарера пхеа шаре лахдинера. Бехке хиларан кхелан терахь а гIехь лахделлера: 1949-чу шарахь хиллачу бархI эзарна тIера 1954-чу шарахь ткъе пхиъ эзаре даьллера.

Эххар а, 1956-чу шеран мангалан беттан 16-чохь гуттаренна а чекхйелира Ардахаран къиза а, йеха а буьйса.

Лаккхарчу Советан омранца нохчий Даймахка цIа берза хилла бехкам дIабаьккхинера. ТIедогIучу шеран кхолламан беттан 9-чохь йухаметтахIоттийнера Нохч-ГIалгIайн АССР. Цунах шен хьалха хилла кIошташ дIа а тоьхнера, Къилбаседа ХIирийн Республикин дозанехь йолу Пригородни а, иштта Дагестанан дозанехь йолу Ауховски кIошташ а йиссалц. Билгалдаккха даха деза Iовхойн мохк (Ауховски кIошт) Сталина нохчий махкаха а бахале Дагестанна дIайеллера. И хаттар хIинца а къастийна а дац, дукха хьолахь цунах шина къомана йукъара барт бохаран бахьана а хуьлу.

Советски Правительствос, нохчий хи санна цIа эха буьйлалахь, хало хир дуй хууш, цхьацца бехкамаш бовзийтира. Уьш бахьана долуш, цIа оьхучеран терахь лагIдаларе сатуьйсуш, амма нохчаша а, гIалгIайша а кхин хIумма а тергал ца дора, церан дагахь Даймохк бен хIумма а дацара, цундела 1957-чу шарахь уггаре а кIезиг шовзткъе итт эзар сов стаг цIа веара.

1958-чу шарна юкъахь цIа баьхкира дукхох болу вайнах. 340 эзар махках ваьккхина хилла нохчо а, гIалгIа а цу шарахь цIахь вара, амма церан болх бацара, уьш дешна бацара, тIедогIуш цхьаьна а кепара рицкъа дацара, амма хIете а 1959-чу шеран йуьххьехь 83% нохчий а, 72% гIалгIа а шайн дай баьхначу латтанашка юхабирзинера.

БIаьстенца дистина догIу ламанан хиш санна, нохчий а, гIалгIай а чухецабаларна меттигера Iедал доьхнера. Цунна ца моьттура иза ишта хир ду, цундела цара Москва кехат йаздира шайна гIо доьхуш

[16] 1958-чу шарахь Хрущевс тIера бехкамаш дIабаьхна доллушшехь, нохчийн пхоьалгIачу декъан бен аьтто ца белира хIусам хила. Кхин берш цхьаьна ханна дIатарбинера промышленни хьукматашкахь а, йоьхначу лаппаг1анашкахь а, ширачу фермийн херцаршкахь а, ламчохь а. Мокъазаллин тIегIанехь а хьал дукха хенахь чолхе лаьттира: дешна ца хилар бахьана долуш, дукхох болчу нохчийн аьтто бацара мехкдаьттанан заводашкахь болх каро, ткъа оьрсий царех тешаш ца хиларо и хьал кхин а талхош дара.

1959-чу шарахь оьрсийн 8696 корматаллин хаарш долчу белхалошца дустича, цара беш болу болх беш 177 нохчо бен вацара.


Даймахка цIа дерзар къахьдира нохчашна а, гIалгIайшна а. Мацах дуьйна шаьш баьхначу махкахь, шайн долахь хиллачу хIусамашкахь хьеший хилира уьш, социальни бIевнехь, уггаре а лахара тарх дIа а лоцуш. Ткъа цуьнан лакхенехь-м оьрсий бара, и бакъо царна Сталина йеллера, нохчийн латтанашца а, нохчийн цIеношца а цхьаьна.

Цу хьоло гуш лаьтташшехь йуха а барт бохош бара нохчашна а, оьрсийшна а йукъахь, хIунда аьлча оьрсийн йерриге а монополи йара экономикехь а, промышленностехь а, мехкдаьттан гIуллакхехь а, ткъа нохчий са кхаччолц йуьртабахаман аренашкахь къа хьоьгуш бара, иза а доккха беркат а хеташ, хIунда аьлча дукха адам банне а болх боцуш диссинера, церан аьхкенан хаа белхаш дан дезара, ткъа царех а догIу алапа а дацара луш, йа церан гIо даккха стаг а вацара.

[17] Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а экономически          хьолах лаьцна кIоргера хаьа лууш волчу йешархочун аьтто бу «Къинхьегамхойн юьртбахаман экономика» цIе йолу блог www.ichkeria.net сайта тIехь еша.


Цул совнаха, нохчий меттигера бахархоша хьийзош бара. Нохчийчоьнан бакъ болу дай Сибрех дIабигча, и мохк шайн долахь хеттачу царна хала дара хIинца нохчий лан.

Нохчийн-м шаьш баьхначу хIусамашка чубаха а йиш йацара, йа маьрша шайн лаьттахь дIасалела а йиш йацара, йа шайн маттахь къамел дан а йиш йацара. ХIинца а дийна бу йукъараллин транспортехь нохчийн маттахь вистхилча, оьрсиша — ма бийца и жIаьлен мотт — олуш йуьхь йагош, човхийна хилларш.

Махках дахаран чов хIинца а йерзанза долу нохчийн къам йуха а зуьйш дара замано. Ма ца моьттура царна кхойтта шарахь шаьш сатийсиначу Даймахке цIа кхачарах шайна сел къиза бала хир буй.

Дукха хан ца эшнера шина къомана юкъара дов цIий Iанаре дерза. 1958-чу шеран хьаьттан беттан 23-чохь гIалгIачо дов даьллачохь оьрсий вийнера.

Цу жимачу суйнах марсайелира нохчашна дуьхьал айбинчу гIаттаман йоккха алу.

Нохчий йуха а махкаха баха бохуш адам гIаьттинера, юкъааллин гIишлойх цIе туьйссуш, нохчий бойуш. И зулам эскаран гIоьнца бен саца аьтто ца белира.

Центральни Правительствос машаран а бертан а политика йу ша дIахьош олура, амма ма-дарра гуш долу сурт ишта дацара — шеко йоцуш, нохчйн къоман шен лаьтта тIехь маьрша даха бакъо йацара.

Цера-м Соьлжа-ГIалахь даха ховша а аьтто бацара, ткъа массо а белхан меттиг кхечу къомах наха дIалаьцнера. Даймахка цIа вирзинчу нохчочун дахарах дийнна цхьа къиссам хиллера.

Лаккхарчу классийн дешархойн буьззинчу барамехь дешаран шо чекхдаккха аьтто бацара, хIунда аьлча хIора бIаьста уьш дай-наношца Казахстане шабашке эха дезаш бара, рицкъа дакка, ткъа къахьегаро гIелбина уьш гурахь бен цIа ца богIура. Ткъа шайн Даймахкара химически а, мехкдаьттан а йаьккхийчу заводашка нохчашна некъ бихкина бара уггаре а боьха болх бан а.

Москвас-м ахчанца кхачо йора ишколаш а, кхин йолу хьукматаш а республикехь йан, амма Нохчийчоьнан лаьттан кийрара дIа мел узучу сурсатащца иза дустича, цара луш долу ахча хIордала кхетта догIанан тIадаммал бен дацара. Советан Iедал цIубдар санна тIелеттера нохчийн латтана. Шерашца ца Iебаш, схьаузура цо цуьнан массо а сурсат. Ткъа ала деза, и цIубдар хIинца а дуьзна а дац, шенна ша мелдиънарг — шена марах охьлитта хан кхаьчнашшехь…

Советски Нохчийчоь

1960-чу а, 1970-чу а шерашкахь дахаран кхачалла хьалха ца хиллачу кепехь лаккхайаьллера. Нохчийчоьнах Россин Къилбан промышленни центр хиллера.

1969-чу шарахь кхузахь шекар а, шуранан сурсаташ а, консерваш а, цемент а, электроэнерги а йоккху 49 йоккха завод йара. Амма экономикин коьрта дакъа дIалоцуш мехкдаьтта дара. Нохчийчоьна СССР-ана хIора шарахь 21, 23 миллион тонн мехкдаьтта дара доккхуш. Ткъа иза Iедало бечу хаамашца долу терахь бен дац, ма-дарра дерг леррина лахдинера. Мекхдаьтта долчу метигашна уллохь кхоллайелира промышленность. 1910-чу шарахь кхоьллина хиллачу керосинан заводашна хIинца кхин а кхоъ тIекхеттера.

1939-чу шарахь шен болх дIаболийнера «Шерипов» цIе йолчу мехкдаьтта даккхаран промышленни дуьххьара схьайиллинчу завода, ткъа цунна тIаьхье схьайиллира «Ленин» (1958) завод а, «Анисимов» (I959) завод а.

Мехкдаьттанан и йоккха кхо завод схьайелларо аьтто белира нохчашна шайн мехкдаьтта кечдарал совнаха, СССР-ан регионашкара догIуш долчунца болх бан а.

Нохчийчуьра заводийн аьтто бара шарахь 24 миллион гергга мехкдаьтта кечдан. Кхин йолчу регионашкара мехкдаьтта а Нохчийчохь кечдо бохург бакъ дацара, цу эладиттано кхиамца къайладора Нохчийчоьхь доккхучу мехкдаьттанан бакъ долу терахь. Нохчийчу кхин йолчу регионашкара мехкдаьтта сехьа дакхха дехкина некъашкахула ма-дарра аьлча Нохчийчуьра мехкдаьтта а, цунах дина сурсаташ а дара Центральни Росси дIакхачош.

Советски Союзан цхьа кема дацара стигла айлуш нохчийн мехкдаьттанах кечдина авиационни даьтта ца хилча, хIунда аьлча кхин йолчу регионашкара мехкдаьттанах деш долу даьттанаш ишта лаккхара кхачалла йолуш дацара.

1939-чу шарахь Соьлжа-ГIалин мехкдаьттанан заводехь дIахIоттийна хиллачу даьтта даккхаран гIирсах Сталина ворхI тонн цIена деши деллера. Цу гIирсо шен болх Советан Iедал доххалц шина сахьтана а сацийна бацара.

Нагахь санна ларамза а, цуьнан болх галбаьллехь, Советски Союзан мехкдаьттан промышленностан министр масех сахьт далале Соьлжа-ГIала кхочура, хIунда аьлча цу гIирсан болх сацар СССР-н барамехь чолхе бохам ларалуш бара.

Цу гIирсах пайда а оьцуш, нохчийн мехкдаьттанах доккхуш хилла и авиационни даьттанаш массо а союзни республикашка дIакхачош а дара, иштта Варшавски бартан а, кхин болчу а мехкашка духкуш а дара.

Соьлжа-ГIалин мехкдаьттанах доккхуш долу парафин уггаре а цIена сурсат лоруш дара, цундела иза килсан чIурамаш дан Ватикане дIакхачош дара. Мехкдаьттанан ниIматах Соьлжа-ГIала йуьзначу хенахь, нохчий-м геначу Сибрех, хьацарца а, цIийца бепиган цостар эца рицкъа доккхуш бара. СССР йоьхначул тIаьхьа, Нохч-ГIалгIайн хьаьрмахь хилла Советан Эскар ша арадолуш, диц ца делира даьтта доккхуш хилла гIирс эккхийта. Къаьсттина билгалдаккха деза, и гIирс лаьтташ хиллачу мехкдаьттанан хьаьрма ког баккха йиш йацара цхьаьна а нохчочун а, гIалгIачун а. Вай хьалха билгал ма даккхара, царех цхьа а цигахь кертара нехаш дIайаха а балха оьцуш а вацара.

ХIинцалц жима хилла Соьлжа-ГIала, шо шаре мел долу шорлуш йара. 1939-чу шарахь 172 000 хилла бахархойн терахь 1979-чу шаре 340 000 эзаре хьаладаьллера, ткъа йуха а нохчий цу бахархошна йукъахь уггаре а кIезиг бара.

Корматаллин хаарш долу белхан ницкъаш тIеберзо а, нохчашна а, оьрсийшна а йукъара интеграци ларъйан а Iалашонца центральни правительствос ахчанца кхачо йира ишколийн а, колледжийн а гIишлош йан, цундела 1960-чу шарахь республикин аьтто белира дешаран тIегIа айда.

[18] 1969-чу шарахь Нохч-ГIалгIайчохь 228 000 дешархо волуш 569 юккъера ишкол а яра, иштта 289 лерина ишкол а яра 15 000 меттигана, шиъ университет а яра, ткъа царех цхьаъ мехкдаьттан промышленностан говзанчаш кхиош йолу Соьлжа-ГIалин мехкдаьттан институт яра.

.


Культурни дахар а дара промышленни долчуьнца цхьаьнаэшшара кхиам болуш доьдуш: 1970-чу шарахь кхузахь 484 библиотека а, 400 оьздангаллин кхерч а, 300 кинотеатр а, кхоъ корматаллин театральни училище а, исбаьхьаллин шиъ ишкол а, мукъамийн ишкол а йара. Зорбане долучу деа газета а, шина литературни журнала а хIора дийнахь арахоьцура миллион гергга экземпляр, ткъа меттигера телестанцис хIора дийнахь бахархошна керланаш довзуьйтура. Нохчийн хьал хIетахь мелла а хьалха хиллачуьнца дустича дикачу агIор хийцаделла хеталуш дара. Церан аьтто бара политически дахарехь а, пачхьалкхан куьйгаллехь а дакъа лаца.

1970-чу шерашкахь меттигера советашкахь 50% депутат а, иштта 19% куьйгалхо вайнехах вара.

Йуьхьанцара ойла йича, иза башха доккха терахь дацара, амма итт шо хьалха и гайтам 2% а ца кхочура.

1973-чу шарахь дуьххьара оьрсий ца хаьржира Лаккхарчу Советан куьйгалле.

[19] Иза вара 1973-чу шеран хьаьттан беттан 28-чохь хаьржина волу гIалгIа Боков Хьажбикар. Иза оцу даржехь вара 1990-г1а шо кхаччалц. Цуьнан метта нохчо Завгаев Дока хIоттийнера.


Хеталора, Нохчийчуьра къаьмнаш машаре кхаьчна. Амма цу социальни синтеман хьал башха тешам болуш дацара, хIунда аьлча нохчашна хIинца а диц ца деллера шаьш махкаха дахар. Иза хуучу Советан Iедала йуха а шен мекаралла гайтира. Цунна лиира нохчийн-оьрсийн тIаьхьарчу бIешеран истори орамца хийца.

Нохчийн истори йухайазйаран мукъ карабеллера профессорна Виноградов Виталийна. Цо кхоьллира «Нохчийчоь шен лаамехь СССР-ана йукъайахар» цIе йолу харц исторически болх.

Виноградовс дийцарехь, Россис шен син-оьздангаллин кхачалла лекха хиларца ломара акха къаьмнашна цивилизаци йовзийтинера.

И ойла вуно тамашийна йара, хIунда аьлча дерриге а маьлхаг дуьне теш дара кавказхоша бIешерашца латтийначу къиссаман. Цул совнаха, Росси коча ца йеънехь, уьш шайн пачхьалкха а йолуш маьрша бехаш бара. Цундела профессорас дуьйцучох нохчийн Iилманчаш тешо КГБ-н гIо ийшира. Иза гIоьнна йеъча, нохчийн Iилманчаш а цу харцонах ца бевлла тешнера.

Цуьнан харц йозанаша дуьйцура йа Кавказан тIом а ца хилла, йа ламанхоша шайн маршо а ца къиссина. ХIетахь хилларг иза Дагестанан а, Нохчийчоьнан а, Чергизойн а акха ламанхоша деш долу къолаанаш сацо гIерташ, царна цивилизацин баххаш довзо гIерташ Россис къахьегар ду.

И харцо йешча кхета мегар ду Виноградовна хьалха нохчийн истори бехйан, цуьнан сийлаллин зIаьнарш гуттаренна а йайа хIоттийна билггал Iалашо хиллий. Советски Союза хIетахь барам боцуш къа хьоьгура ламанхой тешо ша гIерташ шаьш царна цивилизаци а, культура а йеана бохучу ойланах. Амма ламанхоша цу «цивилизацих» муха махбелла а вайна хууш ду.

Политически раж хийцайелла йоллушшехь, цу пачхьалкхан нохчашца болу имперски хьежамаш кхин хийца ца белира. Советан Iедалан сацам хилира нохчийн йукъаралла социальни уггаре а лахарчу тIегIане йаьккха, цуьнан къоман кхетам, Iадат, ламаст хIаллак дина дIадаккха, тIекхуьу чкъор тешо шен къам бух болуш ца хиларах, ткъа Iедална муьтIахь хилчхьана кхин дахарехь Iалашо йоцучу Виноградовс хIуммаъ хало ца йеш йаздора шен харц жайнаш.

Ша сийлахь воккха историк а, кавказовед а хеташ волу Виноградов ма-дарра аьлча, Iедало ловзош йолу тайниг йара, ткъа цуьнан йозанаш хIинца вайна ма-хаъара доь доцуш дайна, ткъа Кавказан историн а, Iаламан а, син-оьздангаллин а сийлалла дуьненнна а йевзаш йу.

Виноградов Iедало ловзош вара. Цунна хьалха хIоттийна коьрта Iалашо йара колхозехь болх бан бен кхин карах дер доцу, Iилманна тIера воцучу акха нохчочун васт кхоллар.

Ткъа Iедалан культурин ирхенашка кхача нохчо йа Делах, динах ваьлла хила везара йа, оьрсий зуда йигна хила везара. Йоккха программа йара чухецна нохчийн кхиамаш къайлабаха Iалашонца. Ткъа иза кхочуш йар долийнера 30-чу шерашкахь дуьйна. Къаьсттина хIетахь кога хIотта ца йуьтуш, лестош йара нохчийн интеллигенци. Цуьнан къеггина масала ду Нохч-ГIалгIайчоьнан йаздархойн Союзан болх. Союзан шийтта декъашхочунна юкъара иссанна хан тоьхнера, ворхI Сибрех хьажийнера, виъ тоьпаш тоьхна вийнера. Нохчийн культурин а, Iилманан а гучудаьлла мел жима зIийдиг а Iедалан къизачу херхо дIахьокхуш дара.

Ткъа Соьлжа-ГIала-м Советски Союзан гIала санна хаза кхууьш йара, и йоккха пачхьалкха шен сурсаташца йузор цо цхьаьна денна сацийна а дацара.

Нохчийн хIаллак йиначу интелллигенцин кхин цхьа тоьшалла ду — Цебиев Ахьмад — нохчийн Iилманан дIабайна малх, дуьненахь а вевзаш хилла физик.

Цуьнан цIе къиза къолам хьаькхна йайинера Советан Iедало, ткъа цо мел бина Iилманан болх, цуьнан мел хилла кхиам цуьнан накъосташна дIабеллера. «Явление генерации СВЧ — колебаний полупроводниковым диодом с одним p-n–переходом» — цу Iилманан хиламах хIинца а жигара пайда оьцу зIенийн гIирсаш кхолларехь а, вайна массарна а йевзаш йолу мобильни телефонаш йарехь а.

Карарчу хенахь, нохчашна шайна а ца хаьа шен йист йоцучу аьттонашца вай цец дийхина ца йолу мобильни телефон кхолларехь шайн махкахочун Цебиев Ахьмадан хааршах пайда эцна хиллий.

Ткъа Iамаьркара а, Японера а, кхин болчу мехкашкара а тоьллачу электронни фирмаша цу Iилманан хиламан буха тIехь хIинца а керланиг гучудоккху зIенан гIирсаш кхолларехь а, царех пайда эцарехь а.

Цебиевс кхоъ Iилманан керла хилам гучубаьккхина, радиоэлектроникин а, шуьйрачу радио зIенан а декъехь ткъе йалх говзар йина, иштта диллина а, къевлина а зорбане баьлла цуьнан шовзткъе итт Iилманан болх.

Амма цуьнан сел боккха а, къеггина а болу и кхиам йукъара хилира, ткъа Ленинан лаккхара совгIат цо болх биначу лабораторехь массарна а кхечира, Цебиев виссалц.

Иштта дара Советски Нохчийчуьра культурни-исторически хьал.

Нагахь санна, экономикин кхиар цу боларехь диссинехь, коммунисташа йуьйцуш йолу социальни архитектурас цхьа хийцамаш хилийта а мегар.

ХIетахь Советски Союз эскарца а, космосехь болчу кхиамашца а Вовшахтоьхначу Iамаьркан штаташца къиссалуш йара. И къовсам бахьана долуш экономика а тишлуш лаьттара.

Советски Союза инзаре дукха ахча дара дойуш шен эскарна, ткъа политически аппарат лелорна а йоккха харж йезара.

Социализмана йеш йолчу пропагандас кIезиг пайда бохьура: центральни правительствос бахархошна кховдош долу хьашташ цIиндар хIинца а кIезиг дара.

Бюрократис ницкъ бина йолу экономикин машена сецош йара инвестициш а, ткъа оьрсийн а, оьрсий боцучеран а йукъаметтигаш а меллаша йуха а йухуш йара.

Экономически а, политически ирхенашкара керла йукхадовларан хьокъехь къаьсттина чIогIа нохчаша шайн дагара хаийтира динан ламасташка берзарца: 1970-чу шерашкахь республикехь жигара болх бан буьйлабелира къаной. Цара къа хьоьгура шайн къоман исторически а, культурни баххаш лардарна тIехь. Цара беш болу болх бахьана долуш, церан дийна иэс хиларна аьтто белира нохчийн къоман син-оьздангалла а, кхетам а ларба.

Кегирхой буьззинчу барамехь цара бохучунна тIаьхьа хIиттина бара, уьш шайн ма-хуьллу юьстах бовла гIертара нохчийн къоман мехалашна хийра долчунна. Цу хьокъехь къаноша йоккха меттиг дIалоцура нохчийн къоман дахарехь.

Бусулба дино а, махках дахарах болчу дагалецамаша а, нохчийн этнически кхетамо а халкъан ламасташ йухаметтахIотторехь керла гIулч йаккха аьтто бира. 1980-чу шерашкахь нохчий шайн культуре бирзира.

Шен агIор коммунистически куьйгалла цунна дуьхьало йан гIертара: СССР-ан издательски отдела ца магийнера махках дахар аьлла муьлхха а дош хьахо, амма цуьнан чов и ирча сурт гиначеран дегнашкахь хIинца а Iийжара, ткъа тIекхуьучу чкъурана бакъ дерг хаьа лаьара [20] ГIалгIайн маьрша боламан баьччас Кодзоев Iийсас шен политически хьежамашах лаьцна ишта дийцира: «Иза дуьххьара доладеллера тхо хьехархойн институтан студенташ долчу хенахь. Тхо махках даьхна нах дара, тхуна цунах лаьцна ша дерриге а хаьа а лаьара. 1944-чу шарахь сан доьзалехь цхьайтта стаг вара. Со уьш массо а цхьаъ цхьаьнна тIаьхьа дIа а воьллина, суо цхьалха цIа вахара.

къийла а ца луш, цунах лаьцна дийца а лаьара. [21] 1962-чу шарахь со дуьххьара лаьцначу хенахь, ас кхелахочуьнга элира, аш суна йеш йолчу кхело со декхарийлахь во со велла дIаваллалц Советан Iедалца къиссам латто.

Перестройка

Система хийцалур йу бохучун хьокъехь Москван геронтократически куьйгаллера цхьа а вист хуьлуш вацара.

Хрущев даржехь хийцина волчу КПСС-ан къена баьчча Брежнев Леонид башха кхеташ волчух тера дацара кхолладеллачу хьал чолхе хиларах. Оцу кепара, стагнацис а, пачхьалкхан декхаро а кIелбитина болу мохк массо а тIегIанехь кIоршаме хилира, ткъа куьйгаллехь болчарна хIинца дукха хьолахь шаьш бен дагахь хIумма а дацара.

Къаьсттина, Москван правительствон аьтто ца белира капитализмаца къовсалур йолчу кепехь мехкан экономика латто.

Аьргалла йолчу товарашна, къаьсттина углеводородошна долчу мехийн керчаро а, дика а, вуо а йуртабахаман шерийн хийцадаларо а экономика кхиссайала йолайалийтира.

Правительствос луш долу жоп цхьаъ дара: мехаш охьадаха декхара хьарчо деза.

Иштта а замано зийна йолчу пачхьалкхан финансийн система гIелъеллера СССР Iамаьркан кхиамашна тIаьхьакхачо гIерташ.

1979-чу шарахь Советски Союз Афганистане тIамца чуйахара. ЦIечу Эскаран цIе а, Советски Союзан сийлалла а зуьйш боккъалла а боккха тIом хилира цунах.

Къаьсттина Афганистанехь карор ву вайна «Ардахар» олучу исторически агIонан кIант. Нохчийн къам махкаха даккхале масех де хьалха вина волу Дудаев Жовхар 1957-чу шарахь шен ненаца а, вежаршца Даймахка цIа веара.

Сарахь деша а доьшуш, дийнахь электрикан болх бора цо, жимма а шен доьзална гIо хилийта. 1962-чу шарахь цуьнан аьтто болу Тамбов гIалара тIеман хIаваан училище деша хIотта. Дешарна тIера а, ша хьекъал долуш а хилар бахьана долуш, цуьнан аьтто белира Калужски областера Сяковка олучу тIеман-хIаваан базера 54-чу йезачу бомбардировочни полкана йукъаваха.

1968-чу шарахь иза Коммунистически парти йукъа вахара. И харжам цо тIеман гIуллакхан лаккхарчу тIегIане вала Iалашонца а ца дира, Дудаев боккъалла а тешара «реформировать» йиначу социализма къаьмнашна йукъара дов дIадоккхур хиларах.

1970-чу шарахь иза Белая олучу базера 1225-чу йезачу бомбардировочни полке дехьаваьккхира.

Цхьа шо далале, цуьнан аьтто белира Гагарин Юрийн цIарах йолчу ТIеман-хIаваан академин эпсараллин кадетствон академи деша хIотта.

Дешна ваьллачул тIаьхьа иза Белая базе йухавеара, цигахь йалх шо даьлча цунна командиран гIовсан цIе йелира, ткъа цул тIаьхьа штабан куьйгалхо хIоттийра, йуха полкан командир а. Дудаев дуьххьара нохчо вара Советан Iедалан лаккхарчу тIегIане вала аьтто хилла волу.

Советски Союза Афганистанехь тIом болийначу хенахь, Дудаев 185-чу йезачу бомабардировочни полкан куьйгаллехь вара.

[22] Дукха нохчий Iадийнера атеистически я, цул гIоле ортодоксальни ларалуш йолчу Советски Союза шаьш санна бусулба болчу Афганистанера гIаттамхошна тIе герз детта долийча. Советски Союза лелош дерг харцо юй гуш дара царна, ткъа муджахIидаша латтош болу къиссам Имам Шемала бначу тIамах тера хетар.

Амма Дудаев ишта ойла йолуш волчух тера дацара. Нагахь санна иза бакъ делахь, цо гIаттмхойн ши юрт дIашарйинера бохуш дуьйцу. Амма Россин оборонин министра Грачев Павла дийцина долу иза, бакъ ца хила а тарло, хIунда аьлча къаьсттина и хаам бовзийтинера Хьалхара нохчийн тIом болалучу хенахь. И хаттар кIоргера довза лууш волчу ешархочун аьтто хир бу www.ichkeria.net сайта тIехь «Дудаев Афганистанехь: бакъ а, харц а хаамаш» цIе йолу таллам беша.


Цигахь ша куьйгалла дечу секторехь авиационни подразделениш нийса йухайахарехь тIеман хаарш а, говзалла а гайтарна цунна грамота а йелира, ишта Тарту гIалина йистехь йолчу йадерни бомбардировщикийн хIаваан базанан куьйгалле а хIоттийра.

Ткъа цу хенахь, Советски Союзан куьйгалхочун дарж дитира Брежвневс. Цуьнан метта веара реформатор Андропов Юрий. Йалхийтта бутт цо цу даржехь боккхуш, малхбузера дуьненца йолу йукъаметтиг йуха а даръеллера, ткъа советски машен цIинъйан гIерташ цо къахьегар гIийла дара: тIеман харж алсам йолуш йара, ткъа и бахьана долуш СССР йоха гергга йаханера.

Коррупцис дIалецира пачхьалкха, ткъа къечу нахана йукъахь малар даьржинера. Андроповна тIахьа, дарже хIоьттира Черненко Константин. Цо куьйгаллехь йаьккхина хан кхин а йоца а, йеса а йара ала мегар ду: ша даржехь баьккхинчу кхойтта баттана юкъахь ханна воккхачу баьччас динарг хIумма а дацара Iамаьркаца йолу йукъаметтиг кхин а чIогIа талххор бен — цо омра дира 1984-чу шеран Олимпийски ловзарш бойкотировать дан, ткъа оцу кепара Советски Союз дуьненна кхин а чIогIа йуьстах йелира.

Черненко валар а ца гуш диссира йукъараллина, хIунда аьлча хIетахь политикин майданехь гучуделира керла, шатайпа васт — 54 шо кхаьчна волу Горбачев Михаил. Цуьнан цIе сиха лепа йолайелира газеташкахь.

И керла баьчча хьалха хиллачарел чIогIа къаьсташ вара. Уггаре а коьртаниг дара иза къона хилар, хIунда аьлча и санна болчу политически кхиамна 54 шо дукха дацара.

Цуьнан коьрта герз дара — шатайпа амал, адамах дог лазар, реформитстки кхетам. Цу дерригенан а гIоьнца аьтто белира цуьнан гуламо цхьа барт хилла шен кхаж дIалуш, КПСС-ан Генеральни секретарь хIотта.

Цуьнан ойла нийса йара: гуш дара шийлачу тIамо коммунизмана массо а агIор эшам бохьуш хилар а, иза лаппалг санна эккха гергга йахана хилар а. Горбачевс бохучух кхета хала дацара: Советски Союз шен кхиарехь Малхбузел тIаьхьа йиссинера, цунна тIаьхьа кхочур йолуш а йацара ша хьал долуш а, дуьненан йукъараллехь цIе йоккхуш а ца хилахь.

Цо хIоттийна Iалашо кIоргера бух болуш а, тIаьхьало йолуш а йара. Горбачевс дийцарехь карарчу хенахь болу политически раж ларбийр болу экономически кхиам баккха масех биллам кхочуш бан беза: уггаре а хьалха шийла тIом чекхбаккха беза. Нагахь санна СССР тIеман аренашкахь шен ВВП йойуш ца хилахь, керла гIулч йаккха аьтто хир бара. Ткъа цу кхиаме кхача, уггаре а хьалха Малхбузеца барт бан беза. Амма цу барт баран къамел йуха а дIадоло Малхбузен лаам хилийта СССР цунах жимма а тера хила йеза. Оцу кепара, Горбачевс сатуьйсучу ирсечу хиламийн зIе тасса, уггаре а хьалха оьшуш дара керла политичеки дахарна ницкъ лур болу «адаман йуьхь йолу социализм» кхочуш йар.

Герзана дойуш долу ахча, жимма кхоош хилча, цуьнах рыночни социализман бух тIехь экономика кхолла мегар дара: долахь бахам йухаметтахIотторан а, либерализацин а йоккхачу Iалашано гIо дийр дара сурсаташ арахецар алсам даккха а, йохкар-эцархойн тоба кхолла а. Цу хийцамийн ирхе хир йара СССР-ах суверенни а, маьрша а республикех лаьтташ йолу керла политически кхоллар йича.

Проект доккха маьIна долуш йара. Шен дахар нийсачу хорше дерзийта советски халкъо хийцамаш хьашт хиларах кхеташ, центральни правительствона хан йала йезара Перестройкан хIора а тIегIанах тIедогIучун меженах санна пайда эцийта.

Уггаре а хьалха кхочуш дан дезаш долчу цу гIуллакхан социальни-экономически амал йара: Горбачевс Iаламат доккха дакъа диллина Малхбузера кху заманан промышленни технологех пайда эца, амма инновацех пайда бацара конкуренцина ницкъ ца хилча.

Ала деза сурсаташ цIиндар дан а дара эвсаралла йоцуш. И инвестициш бахьана долуш, советски правительствон дуьнен йукъара декхарийла йаха дийзира. Хиллачу харжа бюджетан дозанера ара а йаьлла и Iаламат даккхий декхарш дIатакха аьтто боцу пачхьалкхан казна йохийнера.

Чоьхьарчу экономикера арадевлла миллиардаш соьмаш бахархошна хьалхарчу хьаштийн хIуманаш а, йалта а эцарна дIахьажийнера.

Цу гIуллакхо ахчанан рынкехь де дийне мел долу сом гIелдеш йолчу лаккхара инфляцига далийра дерриге а.

Экономически бохамах кIелхьарайала гIертачу СССР-а кхин а алсам ахча дойура. Цхьаьна а инвестицийн гIуллакх хир дацара Iаламат доккха эскар а, оьгIазе партийни бюрократи а лело Союзан экономикина аьтто бан.

Амма керлачу баьччан ницкъ ца тоьира Iедалан структура йохо, цул совнаха, иза хIинца а кийча вацара советски раж хийца: планови экономика а, цхьаьна партиян система а.

Цу дерригенан а жамI хилира цуьнан экономически Iалашона капиталистически системан кхачамбацарш, хуьлуш пайда а боцуш, кхин а чIогIа кIаргдинера: пхеа шарна йукъахь ликвидни сурсатех йаьллачу правительствон аьтто бацара хIинца керла некъаш леха.

Москва хIетахь шена хуьлуш болу тIеIаткъам бахьана долуш, сурсаташ арахецарехь йаккхийчу кризисашна тIенислора,

[23] СССР йоьхча 1991-чу шеран г1уранан баттахь ВВП 1980-г1а шарахьчул 17% лахара дара, ткъа инфляци 14% лаккхара.

амма тIебогIучу хиламашна уггаре а чIогIа юкъагIортар дукха хьолахь тIехьажийна дара историкаша Дешан Маршо (Гласность) цIе йеллачу йукъараллин демократизацина.

И гIуллакхаш дукха хьолахь тIехьажийна дара политически бахьана долуш набахти чохь хан токхурш мокъа бахарна а, шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь майрра хьайн ойла йовзийта маьрша хиларна а, Малхбузе даха адамна бакъо йаларна а, коммунистически йоцу вовшакхетарш къобалйарна а.

Зорбанна тIехь латтош хилла болу тергам лагIбеллера: хьалха ала а йазда а мегаш ца хилларг хIинца дIакхайкхош дара.

И хийцамаш хилла масех шо далале Россехь а, иштта Советски блокан кхин болчу мехкашкахь а политически дебаташ йуьйлайелира.

Къаьмнийн йухаметтахIоттар

Йозуш йоцу хаамийн агентствош кхиор а, пачхьалкхан архиваш йеллар а, зорбанна тIехь латтош болу тергам лагIбар а чоьхьарчу политикехь йоккхачу гIовгIанца тIеийцира.

СССР-ан историн йеса хилла агIонанш йазъйан историкаш буьйлабелча, ма дарра аьлча хIинцалц социализман цIе ца йожо къайладаьккхина мел хилларг Iора даккха буьйлабелча, халкълахь гучубевлира дуьххьара къаьмнийн лехамаш.

Цу тIаьхьалонех уггаре а чIогIа зен хилларш Прибалтийски республикаш йара — СССР-ехь уггаре а хьал долуш а, уггаре а «малхбузера» а йолу.

[24] Эстони а, Латви а, Литва а 1940-чу шарахь СССР-ах д1атоьхнера Германина а, СССР-ана а юкъахь хиллачу «Молотовн-Риббентропан» олучу т1е ца латаран пакте хьаьжжина.


Нохчийчоьхь санна, цу кегийчу мехкашкахь хиллачу пропагандас СССР-ана шайн лаамехь йукъара арадовла мегар хилар даржийра.

1986-чу шеран гIуранан баттахь Ригехь боккха къоман гулам хилира, иза полицис къиза саца а бира.

1988-чу шарера 1989 шаре кхаччалц оцу кхаа республикехь граждански боламашах Халкъан фронт кхоьллира, ткъа цо республикаш йозуш ца хилар кхайкхира.

Итт шо хьалха ишта йолу ойланаш цIий Iанош сацийна хир йара, амма Горбачевна лаьара политика цIинъйан а, и тайпа гIаттамаш магор бахьана долуш, бIе эзарнаш адамаш шегахьа дерзо а.

Кестта и тайпа хиламаш Прибалтикан дозанера арабевлира. Халкъан фронташ массанхьа а кхоллалуш йара.

Къоман синхаам йухаметтахIотта болабелчхьана, латтанашца доьзна, шираллера дуьйна къастонза диссина хаттарш а самадевлира къаьмнийн кхетамехь.

СССР бIе сов субъектах лаьтташ йара, царех цхьайерш шайн башхалла ларъечу кегийчу къаьмнех йуьзна йара. ЦIеххьана самабаьллачу къоман кхетама цIе латийра Нохчийчоьнна ши ког тассал хир йолчу Ламанан Карабахехь. Цу лаьттахь Iаш дукха хьолахь эрмалой бара, амма Карабах Азербайджанна йукъа йогIуш йара. Эрмалойшна а, азербайджанцашна а йукъахь дуьххьара дар-дацар хилира Сталин веллачул тIаьхьа. Горбачев Iедале хIоьттича, эрмалой шаьш керстанаш хиларе терра, кхерабелира, бусулба лулахойн культурни геноцидах.

Меттигера интеллигенцис а, политикаша а доьхура школашкахь эрмалойн мотт Iаморе а, шайн мотт азербайджански маттаца нийсса пачхьалкхан мотт лараре а.

Ткъа азербайджанцаша шайн рогIехь и латта шайн хилар тIечIагIдора, и бахьана долуш Ламанан Карабахана автономни статус йала уьш реза а ца хилира.

1987-чу шарера I989-гIа шо кхаччалц и ши агIо шайн къовссамаш дIахьош йара, ткъа Горбачев уьш барте бало гIертара. Къаьмнаша шаьш реза ца хиларг гайтар гена даьллера, и бахьана долуш дуьххьара маьрша бахархойн кхалха дийзира.

1988-чу шеран чилланан беттан 20-чохь доккхачу девнан суй летира: эрмалойн тобано хьийзинера Азербайджанера ши йоI. Ши де даьлча, азербайджанаш а, эрмалой а Аскеранна уллохь дуьхьалIиттабелира. Цигахь хилла латарш бахьана долуш, Азербайджанера жима ши кIант вийнера.

Ткъа кхин а масех де даьлча, азербайджанийн тобанаш тIелетира шайн коьртачу шахьарна Баку гIалина масех чаккхарма геналлехь хир йолчу Сумгаит гIалина. Нийсса кхаа дийнахь цара дукха зенаш дира — цIий Iанош, ницкъ беш. Цара лелийначун жамI хилира вийна ткъе йалх эрмало. Бекарг беттан I-чохь гIала чудеанчу Советски эскаро сацийра цигахь хилла гIаттамаш, амма зенаш хилар бахьана долуш, йуха кIирнахь дуьйна цу махкара эрмалой дIаэха буьйлабелира. 1988-1989-гIа шерашна йукъахь бIеннаш адамаш дайинера, ткъа эзарнаш махкаха бевлира.

Нохчийн дешан маршо

Бакъ дерг дийца маршо йаларо аьтто белира Советан Iедало къаьмнаш махках дахарах а, кхин йолчу латтийначу къизаллех а лаьцна долу исторически белхаш даржо, ткъа цара цIеххьана самадаьккхира халкъан иэс, шайн лаамехь Советски Союзах къаьмнаш кхетта бохуш йолчу теори харц хилар а гойтуш.

1987-чу шарахь кхоллайелира «Кавказ» цIе йолу дуьххьара кульутурин цхьаьнакхетаралла. Цуьнан коьрта Iалашо йара Кавказан къаьмнийн башхалла а, халкъан иэс а лардар. Коьртачу декъехь иза вовшахтоьхнарг вара исторически факультетан къона арахецархо Межидов Бектимар. Цунах лаьцна ма-дарра вай рогIера кортошкахь дуьйцур ду.

«Кавказа» майрра дуьхьало йира Виноградов профессоран ойланашна, хIинцалц политикас ца магийна хилла долу тоьшаллаш тидаме а дахкош.

Къаьсттина цо тIелецира политикас къобалйиначу историографина реза ца хилла а, и бахьана долуш университета ца магийна а хилла болу историкаш: уггаре а хьалха иза вара профессор Ахмадов Хьусейн — Нохч-ГIалгIайн Iилманан талламан институтан белхало. Виноградовна дуьхьал хиллозза къамел дар бахьана долуш иза 1985-чу шарахь институтера дIа а ваьккхина Джалка олучу жимачу йуьрта дIахьажийнера хьехархочун болх бан.

Межидовн а, Ахмадовн а доттагIаллин йукъаметтигаш кхоллайелира. Вайна гур ду церан уьйра тIаьхьа мел йоккха меттиг дIалоцур йу йозуш йоцучу Нохчийчоьнан керлачу исторехь.

Исторически а, культурни а къовсама куьйгалла дIалаьцначу муьрехь, экономикас хIаллак беш бара миска нах.

Перестройкин тIаьхьалонаш къаьсттина чIогIа хаалуш йара Нохчийчоьхь. Оьрсийшна а, нохчашна а йукъара хьал хIинца йуха а телхаш дара, къаьсттина иза доьзна дара белхан меттигашца а, дешарца, хьашташца а.

Оьрсийн терахь Нохчийчоьхь лахлуш дара, дукха хьолахь уьш Соьлжа-ГIалахь бехаш бара, ткъа йарташкахь бехаш коьртачу декъехь нохчий а, гIалгIай а бара.

90-чу шерашкахь и ши къам бийца кхиам болуш дацара: церан дешаран тIегIа уггаре а лахара дара, ткъа мокъазалла а, бераш далар а йерриге а Советски Союзехула уггаре а лаккхара дара.

[25] 1989-чу шарахь 15, 56% нохчий дишколан дешаран кечам хилла а бацара, 13,32% юьхьанцара школа чекхяьккхина бен бацара, 25% бен аьтто бацара дипломах дозалла дан. Историка Гакаев Джабра1ила дийцарехь, 70% нохчий бехачу ярташкахь дешар уггаре а лахарчу т1ег1анехь ду. Цаьрга дешийта оьшу г1ирс бац, я хьехархой а бац тоьуш. Ярташкара ишколийн арахецархойн аьтто бац шайн хааршца Россин г1аланашкара арахецархошца къисса, цундеоа нохчийн дешаран юкъара т1ег1а оьрсийнчул дуккха а лахара ду.


60-70-чу шерашкахь Нохч-ГIалгIайчоьнан хилла кхиам хIинца цкъа а ца хилча санна дIабаьллера.

И тайпа хьал дара мокъазаллин декъехь а. Уггаре а пайдехь йолу белхан меттигаш оьрсийша дIалаьцнера, къаьсттина мехкдаьттанца йоьзна йолу.

Официальни гайтамашца Нохчийчоьхь хIинца а шарахь йиъ миллион тонн буьйда мехкдаьтта арахоьцуш доллушшехь а цуьнан заводашкахь 16—18 миллион тонн мехкдаьтта кечдеш доллушшехь а, промышленни центр хилла Соьлжа-ГIала йерриге а Россехь механически даьттанан гIирсаш арахецарехула хьалхарчу меттигехь йоллушшехь, массо а нохчо къен вара. Иза официальни гайтамаш бен бацара, амма ма-дарра кхин а совнаха дара Нохчийчоьхь доккхучу мехкдаьттанан терахь.

[26] 1980-чу шерийн юьххьехь тIехулара скважинаш тишлуш йара: 1989-чу шерашкахь мехкдаьтта даккхар шарахь 21 миллион тонн терахьера 7,4 миллион тонна лахделира, ткъа кхин а пхи шо даьлча и барам 5,3 тонн тIе охьаделира. Лаьмнийн маьIда даккхаран промышленность юхаметтахIотто йаьккхий технологически инвестициш оьшу, амма цу шерашкахь къийеллачу СССР-ан сацам хилира керла скважинашна буро тоха а, тишйелларш ц1инйан а керла хьашташ билгал ца дан.

Буьйда мехкдаьтта даккхар лахдаларо доккха зен дира меттигера экономикина: 1960-чу шерийн юьххьехь Нохч-ГIалгIайн 70% бюджет мехкдаьтта доьхкина хуьлучe пайданах лаьтташ йара, ткъа и даккхар сацийча ликвидностан халонашна тIеIоттайелира нохчийн экономика.

Москван правительство юкъагIоьртира мехкдаьтта доьхкина хуьлуш болу пайда Нохч-ГIалгIайн казначу ахчанан трансферташца хуьйцуш: оцу кепара Кремла юхатуьйхира республикина тIейогIуш хилла йоккха экономически кризис, амма республика шен гIоьнах йозуш а йира. Социальни кхачаллин цу политикас меттигера экономикина аьтто ца белира хийцайала. Оцу кепара, мехкдаьтта даккхар даима лахлуш доллушшехь (1990-чу шарахь 4,2 миллион тонна буьйда мехкдаьтта даьккхинера, 1991-чу шарахь 4,1 тонна, 1992-чу шарахь 3,6 тонна ишта кхи дIа а), кхин йолу экономикан сектораш хьалха хилла пайданаш хийцан а, къовсам латто а ницкъ болуш йацара.


Горбачевс схьайиллинчу демократис самабаьккхинера церан къоман кхетам, ткъа хIинца кху халонашца иза кхин а чIогIа марсабаьллера.

Центральни Iедална шаьш дуьхьал хилар дуьххьара нохчаша гайтира Гуьмсахь биохомически завод йан йолор ю аьлла хаам беъча. Инженер Ижбулатов Руслан коьртехь а волуш, талламхойн тобано дIайахьанчу кхеташонашкахь гучуделира цу заводехь бийр болу болх адамашна а, гонахара Iаламна а кхераме хирг хилар.

[27] Ши шо хьалха, 1986-чу шеран 26-чохь Чернобылехь хиллачу бохамо Iадийнера йерриге а юкъаралла, цуьнан баланан аз ца хезаш ца диссира СССР-ан цхьаьна а маьIIехь. ХIетахь дуьйна, Советан Iедало лагIбира гонахара Iалам лардархошна тIехь шаьш латтийна болу тергам, цу хаттаран хьокъехь шаьш къинхетам боцуш ца хетийта. Цундела, ларамза дац уггаре а хьалхара коммунизмана дуьхьал болу гIаттамаш Iалам лардаран цIарца дIахьош хилла хилар.

.


ХIутоссург беттан 22-чохь гIаттамхоша Iедало магийна боцу болам кхоьллира, иза Iедало ца магийнера, хIунда аьлча болам коммунистически партица богIуш кхоьллина бацара. Цара сацам бира шолгIачу дийнахь шуьйра гулам вовшахтоха.

Цуьнан жамI хилира гIалин эзарнаш бахархоша дакъа а лоцуш йоккха митинг.

КПСС цхьаболу декъашхой цу гIаттамна шаьш дуьхьал хилар гойтуш, сцени тIе бевлира, къамел дан дагахь, амма бахархоша шок йетташ, маьхьарий детташ, аьтто ца белира царна, цундела церан дIабаха дийзира.

Цу дийнахь дуьйна, нийсса беа баттахь, хIора а кIиранан дийнахь эзарнаш адамаш вовшахкхетар Соьлжа-ГIалара Ленинан цIарах йолчу майданехь, биохомически завод йар сацаде бохучу кхайкхамца.

Оцу ханна йукъахь боламо шен тIеIаткъам бира йерриге а Нохчийчоьнна. Гуламаш хилира Устрада-ГIалахь, Гуьмсехь, Хьалха-МартантIехь, Шелахь. Адамийн тобанашна йукъара схьакъестара хьалхара баьччанаш. Дуьххьара гучувелира хIинцале «Кавказ» цхьаьнакхетаралле юкъавахийтина волу, шозткъа шо кхаьчна волу Бисултанов Хож-Ахьмад. Цуьнан куьйгаллехь и болам политически хатIе бирзинера. Прибалтийски республикашкахь кхолладеллачу хьоло дог ира-кара хIоттийна волчу цо Нохч-ГIалгIайн Халкъан фронт кхоьллира.

Экологически гIаттам политически амал оьцуш бара: Бисултановс республикин куьйгалла бехке дира эвсаралла йоцуш хиларна а, бахархойн хьашташ тергал ца дарна а. Цуьнан коьрта лехам бара политически векалаллехь оьрсийшна а, нохчашна а йукъахь болу къастам гуттаренна а дIабаккхар.

Йуьхьанцара советан Iедало шен ламастехь ма-хиллара жоп делира цу гIуллакхна, Халкъан фронт кхоьллинаош толлуш, ткъа и ша фронт шуьйрачу хаамийн гIирсашкахула бахархошна адамийн барт бохош болу ницкъ санна йовза а йовзуьйтуш.

Iедал реза ца хиларо-м фронтан декъашхойн цIе кхин а чIогIа айинера йукъараллехь, цундела дукха хан йалале Бисултановх Нохчийчоьнан уггаре а вевзаш волу баьчча хилира.

И кхачамбацар къасто а ца хиъна, правительствос кхин некъ лехира. Цо омра дира Бисултанов а, Халкъан фронтан кхин болу баьччанаш а лаьцна дIабига.

Халкъо Советан пачхьалкхана тIехь боккхуш болу толамо шен меттиг дIайелира демократически йухаметтахIоттарна: цхьаьна партийан раж хIинца лестича, массарна а лиира политически Iалам хаздийр долу тоба йа, болам кхолла.

Иштта, 1988-чу шеран чаккхенехь кхоллайелира Бусулба динан йухаметтахIоттаран Парти. Цуьнан коьрта Iалашо йара пачхьалкхан атеизмо ца магийна, хьийзина хилла йолу исламан мехалаш Нохчийчоьнан йукъаралле йухайерзор.

И парти вовшахтоьхначарна йукъахь вара къона журналист Удугов Мовлади. ХIетахь башха девзаш доцучу «Ориентир» цIе йолчу дессидентски газетан директор хилла волчу цунах кестта, йозуш йоцучу Нохчийчоьнан коьртачу турпалхойх цхьаъ хир ву.

1989-чу шарахь кхоллайелира «Нийсо» цIе йолу гIалгIайн къоман ассоциаци. Цуьнан куьйгаллехь вара вай жимма лаккхахь вийцина хилла волу Кодзоев Iийса.

Миллион бахархошка КПСС йитийтина хиллачу консенсусе цIийхьадар сацо Iалашонца йукъагIоьртира Горбачев. Цуьнан сацам хилира парти дIайаккха, къена ветеранаш керлачу администраторшца хийца а хуьйцуш.

Нохчий къам шен векалалла йоьхуш дара, ткъа иза харц а дацара: цхьа а нохчо партехь йа, цу хенахь Нохчийчоьхь хиллачу Парткоман Хьалхара секретаран а, Лаккхарчу Советан Председателан а даржехь цкъа а хилла вацара.

Хьалхара секретарь орьсий Фотеев Владимир вара, ткъа Лаккхарчу Советан Председатель вай лаккхахь вийцина хилла волу Боков Хажбикар вара.

Сацам хиллера Фотеев нохчашха схьаваьллачу хьаькамаца хийца, хIунда аьлча нохчийн а, гIалгIайн шайн-шайн векал хилийта республикин куьйгаллехь.

Кхаж белира йуьртбахаман министр хилла волчу инженер агрономан Завгаев Докун.

[28] Иза дуьненчу ваьллера 1940-чу шарахь. 1944-чу шарахь шен доьзалца а, дерриге а нохчийн къомаца а махкаха ваьккхинера. ЦIа вирзича, цунна йуьхьанцара классийн хьехархочун болх карийра, ткъа цул тIаьхьа иза колхозе дехьа велира. 197I-чу шарахь цо политически болх дIаболийра, цкъа хьалха ша схьаваьллачу Теркйистехь, ткъа йуха йуьртбахаман производствехула кхочушдаран структурийн белхало хилира цунах. Иза йуьртбахаман министран а, совхозийн Ассоциацийн а директоран даржехь вара, парткоман шолгIа секретарь хIотталц.


1989-чу шеран чилланан беттан 7-чохь КПСС Областной комитета хин йолу ротаци тидаме а оьцуш, баккхий политически хийцамашка болу сатийсам бовзуьйтуш, дIахьедар дира.

[29] «Грозненски рабочий» газетас йаздора: «Керла политически атмосферас а, демократизацига йаьккхинчу гIулча а, йукъараллин ойла цIинйаро а вайна аьтто белла XX-чу бIешеран йуьххьехь а, I930-чу а, I940-чу а шерашкахь мел лелийначу къизаллех а ма-дарра бакъдерг дийца. Бехк боцуш нохчий а, гIалгIай а, кхин долу къаьмнаш а махках дахар хIора а советски стаган лазам бу, хIунда аьлча вайн махкахь хала ду и киртиг тIе хIоьттина ца хилла доьзал каро». ЦК КПСС пленума сацам бира чилланан беттан I7-I8-чохь гIаланашкахь а, йарташкахь а Сталина махках даьхна къаьмнаш дагалоцуш дешаран семинараш вовшахтоха.


Шовзткъе пхеа шарна юкъахь дуьххьара нохчийн аьтто белира шаьш лайна бала майрра дIабийца. Семинаршка эха буьйлабелира эзарнаш нах, ткъа халкъан а, Республикин куьйгаллин а барт йухаметтахIоттийна хеталора Сталина лелийна къизалла Iорайаьккхаро.

1989-чу шеран мангалан баттахь Завгаев партин хьалхара секретарь хIоттийнера. И гIулч, хетарехь чIогIа кхиам болуш а йара, хIунда аьлча нохчаша хазахетарца тIелецира КПСС дарже шайн махкахо хIоттар. И хилам цара шайн исторехь маьIне лорура.

Хеталора, итта шерашца махках даьккхина, хьизийна долчу нохчийн къоман эххар а аьтто баьлла шен кхоллам ша сатийсиначу маьрша хорше дерзо.

II КОРТА

Завгаевгара Дудаеве кхаччалц

Маьрша а, цхьаьннах а дозуш ца хила а нохчийн къоман йолу сийлахь бакъо тидаме а оьцуш, нохчийн къоман маьрша ойла а йовзуьйтуш, цу къоман кхолламах йолу исторически жоьпаллех а кхеташ, иштта кхин дIа нохчийн къам шуьйра кхиа мел оьшу хьелаш кхолла Iалашонца а, нохчийн къам кхиарах а, Iалашдарах а терго а йеш, Нохчийн Республикехь дехачу кхин долчу къаьмнийн бакъонаш а, хьашташ а лоруш, Конгресса даздаран хьелашкахь дIакхайкхайо Нохчийчоьнан пачхьалкхан суверенитет.

Нохчийн къоман конгрессан суверенитетан Деклараци йукъара.

Радикальни хийцамаш

Хан дIа мел йоьду а, гуш дара перестройкас болх беш ца хилар. Экономика йухаметтахIоттар меллаша доьдуш дара, ма-дарра аьлча экономика стагнацера рецессе йаьллера.

Горбачевс беана болу хийцамаш адамашна керла социализм хIотточул, тишачух довлар санна хетара.

Йукъараллин ойла шина декъе йекъайеллера: цхьаьна агIор бюрократис а, партийн белхалоша а, эскара а гIо лоцуш болу, хийцамаш ца хилийта а, раж ларда а лууш болу консерватораш бара, ткъа важа агIор бара перестройка сихъйан лууш болу, и сиха кхочуш хилийта СССР-ах а бовла реза болу радикальни реформисташ бара.

Хьалхарниш Лигачев Егорна уллохь гулбеллера, иза правительствехь шолгIа стаг вара. Ткъа тIаьхьарниш бовзуьйтуш партийн Москван декъан секретарь Ельцин Борис вара.

Царна йукъахь дуьххьара Iоттадалар хилира I989-чу шеран товбецан баттахь, хIетахь Ельцина шен дарж дитира. Горбачевна ца лаьара и политически раж йелхо, цундела цуьнан аьтто белира ша векал винарг говрахь сацо.

Ельцинна иза башха хаза ца хийтира, амма уггаре а хьалха иза хаза ца хеттера Россин дукхох болчу бахархошна, хIунда аьлча царна иза бен ца хетара шаьш къоьллах лардийр верг.

[30] Цхьаьна 1989-чу шарахь промышленни производство 6% лахделира, инфляци 10% алсам йелира, ткъа пачхьалкха шена хилла зенаш меттахIотто, дешийна тIе кхевдира. Модернизацина ахчанца кхачо йан Iалашонца Горбачевс гIо дехначу йаьккхий коммерчески банкаш, пачхьалкха хьал долуш ца хилар шайна гучудаьлча, декхара дала ца тигира.

.


Керлачу баьччана йуххехь вай тховса «антикаст» эр долу болам кхоллабелира, иза дагахь вара цуьнан гIоьнца система чуьра дуьйна хийца.

Оцу ханна йукъахь социалистически ражана массо а агIор Iиттарш йара йеш.

ЧIагIйеллачу экономически кризиса, адамийн ойла марсайохуш, дика бахьанаш делира центральни правительствона йемал деш, куьйгалле хIитта лууш болчарна.

Нагахь санна хьалха дуьхьал йевлларш прибалтийски республикаш бен ца хиллехь, хIинца цу гIаттамаша дIалаьцнера йерриге а Советски Союз, и бахьана долуш, иза эзар дакъа хилла йекъайелла дIайала кхераме а йара.

Горбачев кхетара ша дукха хIума цхьаьнаэшшара кхочуш дан лууш хиллий, амма карарчу хенахь дукха тIаьхьа дара: экологически дуьхьалонаш Халкъан фронташа куьйгалла дечу демократически гIаттамашка йирзинера.

Оцу кепара, фронташна йукъахь керла политически субъекташ кхоллайелира, царех дукхох йерш къоман бух болуш а йара. Советан Iедал йукъагIоьртира, автономи хийцамаш кхийдош, меттигера меттанаш пачхьалкхан лоруш, культурни йухаметтахIоттарна ахчанца кхачо йеш.

Ма-дарра аьлча уьш йукъараллин ойла йуха а партийн хорше йерзо гIертара. Амма церан дагахь дерг кхочуш ца хилира. Йозуш йоцу ассоциацийн терахь де дийне мел долу алсам долуш дара.

Уггаре а хьалха шаьш аьлларг кхочуш дан буьйлабелира керла хIоттийна баьчча Вальйас Вайно коьртехь а волуш эстонцаш. Къоман мотт пачхьалкхан мотт дIакхайкхоран хаттар дийцаре диначул тIаьхьа, 1988-чу шеран лахьанан беттан 16-чохь Эстонин Лаккхарчу Совета йовзийтира суверенитетан деклараци, цуьнца догIуш Эстонин законаш СССР-ан законел коьрта дара.

Иза хIинца а Эстони СССР-ах къастар дацара, амма дерриге а цу тIе доьдуш дара. ТIедогIучу деношкахь Латви а, Литва а Эстонина тIетайра, цул тIаьхьа и тайпа ойланаш йовзийтира Гуьржи махкахь а, Украинехь а, Молдовехь а, Беларусехь а.

Балтийн мехкашна а, Кавказан республикашна а тIаьхьа Центральни Азиян республикийн рагI кхечира.

1986-чу шеран гIуранан баттахь Казахстанехь баккхий гIаттамаш буьйлабелира — адам реза дацара Горбачевс меттигера Лаккхарчу Советан куьйгалхочун, казахан къомах волчу Конаевн метта оьрсий Колбин Геннадий хIоттош ву аьлла шайна хезча.

Цу гIаттамех гIалин барамехь тIом хилира. Цу тIамехь ши стаг вийра, кхин а ши бIе стагана чевнаш йинера. КГБ-с дIалаьцнера пхи эзар гергга стаг. 1989-чу шеран асаран баттахь къаьмнийн йукъара девнаша дIалецира Узбекистан. Цара и мохк граждански тIеман бисте балош бара. Шина а махкахь Горбачевс бахархоша лоруш хилла меттигера куьйгалхой хийцира, амма оцу кепара цо хIумма а ца дира СССР йохар сихдар бен.

Цу карзахдаьллачу хьолехь Ельцин адаман маьрша ойланца къиссам дIахьош а вара, шен демократически Россера хийцамаш сихбан ницкъ кхочург деш а вара.

Оцу кепара цунна лаьара кхин дIа Союзана демократизаци йан Горбачевс кхоьллина йолчу политически институте (Халкъан депутатийн гулам) хин болчу хьалхарчу харжамашкахь консерваторашна шен ницкъаш гайта.

Иза йара 2250 делегатах лаьтташ йолу суперпарламент. Уьш хаьржинера СССР-ан йерриге а хьаьрмахь, уьш жоьпаллехь бара Союзан Лаккхар Совет хIотторна.

Цу керлачу органе харжамаш хилира 1989-чу шеран бекарг беттан 26-чохь дуьйна хIутоссург беттан 26-гIа кхаччалц. И харжамаш дуьххьара бара Коммунистически партийн декъашхо воцучо дакъа лаца магош болу. Ельцинна иза боккха кхиам бара, хIунда аьлча Демократически Россис 600 меттиг йаьккхира, ткъа ша радикальни баьччас шен харжаман хьаьрмахь 92% кхаж баьккхира.

Цунна дуьхьал волчу Лигачевна, Советски «къеначу гвардийца» нийсса уггаре а кIезиг кхаьжнаш дIаделлера. Реформистийн толамо Молдовехь а, Украинехь а, Беларусехь а гIаттамашна керла некъ биллира.

[31] Молдовехь 16 депутата Молдован Халкъан фронт кхоьллира, цуьнан гIоьнца цара майдане араваьккхинера кхо бIе эзар стаг, шайн мотт пачхьалакхан мотт кхайкхор доьхуш, Сталина йукъайаьккхина хиллачу кириллицин метта латинийн алфавитах пайда эца аьтто хилийтар а доьхуш.

Украинера «Суверенни Рух» цIе йолу болам Украинера къоман килс тIечIагIйар доьхуш бара. Беларусехь гIаттамхоша закона магийна боцу шайн байракх айбира.


Ткъа оцу хенахь къаьмнийн юкъаметтигаш талхар чIагIлуш дара. Вай кхул хьалха йийцина хиллачу Ламанан Карабахана тIаьхье алу тессира кхин а шина регионехь — Абхазехь а, Къилба ХIирехь а. И шиъ Гуьржи махкана йукъайогIуш а йара, Тбилисера марша йала лууш а йара. 1989-чу шеран бекарг баттахь Абхазин коьртачу шахьаран Сухуми гIалин Университетан ректора масех бутт хьалха эстонцаша йовзийтинчух терра суверенитетан Декларацина куьйг йаздира, цуьнца нийсса иза къобалйира политикин а, йукъараллин а дукха векалша.

Амма карарчу хенахь дийцаре деш дерг Советски Союзана юкъара арадовлар дацара, шен суверенитет кхайкхиначу кхечу респуликах къастар дара. 1990-чу шеран товбецан 20-чохь Къилба ХIирис а кхайкхира шен суверенитет, йозуш ца хиларан декларацина зорба а тухуш.

Горбачевс вист ца хуьлуш тIелаьцна Эстонис чухецначу механизма советски республикаш аьтта, царех кегий этнически пачхьалкхаш кхоьллинера. Югослави йоьхначул тIаьхьа цу процессах балканизаци эр ду. Балканашкахь иза ма-хиллара, Гамсахурдиа Звиада куьйгалла деш хиллачу Гуьржи мехкан правительствос гIаттамаш совцо эскар дIахьажийра. ГIуранан беттан 11-чохь Гуьржийн къоман гвардис Къилба ХIире дIалецира, цигахь муьлхха а дIасалеларна новкъарло а йеш.

[32] Гуьржийн баьччас шуьйрачу хаамийн гIирсашка дIахьедира: хIирийн къам — иза Рокски дукъахула дехьа лалла йезаш йолу нехаш йу. Оха ХIирийчу а дахана, хIирий тхан караберзош, уьш гуьржий хуьлуьйтур бу, ткъа нагахь санна царна ишта чIогIа оьрсий безахь, Гуьржи махкара Россе дIабаха беза уьш.

Нохчийчуьра хьал

Вайна гуш ма хиллара дешан маршоно КПСС-ах тера йолу цхьаьнакхетараллаш кхоллайаларе далийра. Йуьхьанцара гонахара Iалам лардарна тIехьажийна хилла боламаш тIаьхьа къоман амале бирзира.

Маьрша ойланаш партехь ца хилийта, Горбачев цуьнан куьйгалла къонда гIоьртира, меттигера баьччанаш махках бахарна тIе а товш. Нохчийчоьхь кхаж белира йуьртбахаман министр лаьттинчу Завгаев Докун. Иза Iедална муьтIахь гIуллакхо вара. Теркйистера Бено-Юьртара схьаваьлла а вара, ткъа иза хууш ма-хиллара даима оьрсийшкахьа ойла йолуш хилла меттиг йу.

Иза башха чIогIа дош лелаш ца хиллехь а, амма нохчо хилар а тоьар дара, меттигера бахархойн цуьнца ларам хилийта. Завгаев Доку партийна дукха хIуманна декхарийлахь вара. КПСС бахьана долуш, цо колхозера пхьарера республикин коьртачарех цхьаъ йолчу министерствон куьйгалхочун дарже кхаччалц некъ бира.

Иза вуно дика вогIуш вара, нохчий жимма а совцо.

Амма цуьнга а ца хоттуш, иза цу дарже хIоттор къоман кхетам буьрса баккхаран бахьана хилира.

Керла баьччано халкъан лехамаш ма-барра бовзуьйтур хиларах тешна болчу интеллектуалаша уггаре а хьалха дIаболийра болх, Нохч-ГIалгIайн интеллигенцин Ассоциаци а кхуллуш. 1990-чу шеран чилланан беттан 23-чохь, Ардахар дагалоцуш, цхьаьнакхетар вовшахтуьйхира цара. Завгаев кхайкхинера шуьйрачу хаамийн гIирсашка вистхила.

Цо шен къамел дIадолийра Сталина латтийначу къизаллина йемал дарца. Ткъа иза хууш ма-хиллара, хIинцалц магийна дацара ала.

— Вай тахана кхузахь гулделла, бехк боцуш къам махках доккхучу хенахь кхелхинарш дагалаца. Тахана вайна хаьа социализм хIуттучу муьрехь, Сталин бехке вара шен къизаллина, цо ларам ца бинера къаьмнийн политикехь хиллачу Ленинан мехаллийн. И бахьана долуш, дийнна къаьмнаш йамартхойн сийсаза цIе а кхуллуш, гуттаренна а шайн Даймахках, маттах, кхерчах дехира — дIахьедира Завгаевс.

Завгаевн Iалашо адамийн дегнаш карзах а ца дохуш, церан маьрша ойланаш партийн хорше йерзор йара. И бахьана долуш, социализман зуламашна йемал диначул тIаьхьа, цуьнан къамел цу социализман гуманитарни мехаллашка дирзира:

— Вайна уггаре а доьхна деана хиллачу кху дийнахь, вай ойланца массо а цу Сийна Сибрех ду, Казахстанан пана аренашкахь ду. Вай доггах баркалла боху вайца и бала лайна, и бала бекъна хиллачу эзарнаш оьрсийшна, казахашна, украинцашна, гIиргIазошна, узбекашна. Цу ирча а, къиза а хиллачу заманахь вайн иэсехь сирла мIаьргонаш а йиссина, ткъа уьш йоьзна йу вайна йовхо а, шайгара гIо а кховдийна хиллачу тайп-тайпана къомара нахаца. Иза а вайн историн цхьа дакъа ду — билгалдаьккхира цо.

Эххар а, уггаре а тIаьхьара хиламех дерг олуш, къаьсстина къоман гайтамашах лаьцна, цо шен къамелехь кхайкхам бира массаьрга а экстремизм тIе ца лацаре:

— ТIаьхьарчу хиламаша вайна гойту, мел доккхачу зуламе боьрзу къаьмнашна йукъара цабезам. Тахана вайна хи санна шера гуш ду Перестройкан кхиам вайх, вайн бартах боьзна хилар. Вайна ца оьшу къаьмнашна йукъара цабезам, вайна ца оьшу сепаратизм, вайна ца оьшу тайп-тайпанчу къаьмнаш йукъахь цатешам а, зулам а даржор долу ницкъаш.

ХIинца коьртаниг ду болх бар, экономика кхиор, экстремизме Iеха ца бойтуш, хьанал къа хьегар. Иза ду хIора а вахархочун сийлахь декхара — элира Завгаевс.

Цуьнан къамелана дукха адам реза хилира. Хетарехь, Завгаевна хаьара йукъараллин ойланна тIеIаткъам муха бан беза. Оцу кепара цунна йуххехь хIинцале гуллуш гуо бара.

Амма Завгаевс дина и чулацаме къамел ма-дарра аьлча Iедалехь висса Iалашонца дина дара. ЦК КПСС Хьалхарчу Секретаран къамел хиллачул тIаьхьа, Сталина дина зуламаш шуьйра дийцаре дан долийра.

[33] 1990-чу шеран мангалан баттахь историкан Бугай Николайн «Нохчий а, гIалгIай а махках бахар» цIе йолуш йоккха статьйа зорбане йаьллера. Исторически тоьшаллашца цо цец йаьккхинера йерриге а йукъаралла. Историка довзийтира хIинцалц зорбане девлла ца хилла кехаташ, Сталина а, Берийас а вовшашка дина къамелаш а. Иштта тидаме далийнера Сталин пачхьалкхан куьйгаллехь волчу хенахь 30-50-гIа шерашкахь къаьмнашна тIехь латтийна къизалла.


Йазйанза йолу историн агIонаш йийца аьтто а беш, Завгаевс профессораш а, Iилманчаш а, академикаш а ул-улохь латтабора, цо церан тIекхуьу чкъурана мел оьшу хьелаш кхуллура, ткъа къона чкъор партийна оьшуш дара, тIейогIучу демократизацин дарце ша дIа ца хьакхийта.

Цуьнан политически проектан коьрта Iалашо ма-дарра аьлча зен-зулам доцуш, социалистически системан халонах чекх а ваьлла, дуккха а ханна куьйгаллехь виссар йара.

Хьалхара кхачамбацар дукха сиха гучуделира. Вай хьалха аьлла ма-хиллара вайнехан цивилизацин тIаьхье нохчий хилла ца Iаш, церан вежарий гIалгIай а бу. ГIалгIайн къоман терахь 200 000 стаг бен дац, ткъа церан латтанаш Нохчийчоьнна а, Къилбаседа ХIирийн республикина а йуккъахь ду.

Уьш а нохчий санна махках баьхна хилла а бу, цIа бирзича иштта халонашна тIеIиттабелла а бу, амма цхьа башхалла йолуш: Москвас гIалгIай шайн дерриге а латтанийн дай хила ца битира. ГIалгIайчоьнан къилба-малхбузен хьаьрмара жима кIошт Къилбаседа ХIирийн республикин дIайеллера, хIунда аьлча гIалгIай махкаха баьхначу хенахь цу хьаьрмахь кхоьллинера ХIирийчоьнан коьрта шахьар Буро-ГIала. Къаьмнийн йукъара барт ца бохийта правительствон сацам хилира Пригородни олу кIошт гIалгIайшна дIа ца йала.

ХIинца дешан маршо йаьллачу муьрехь гIалгIайша а кхойкхура и исторически гIалат нисдаре.

Завгаевс нохчашка национализмах ларло бохучу муьрехь, Кодзоевс дийнна урамаш дара гIиттош гIалгIайн къоман кхетам самабаккха Iалашонца.

Цо дийцарехь, Нохч-ГIалгIайн АССР-ана ГIалгIайчоь йукъайогIуш йоллушшехь, амма ГIалгIайчоь даима а экономически а, социальни кхиарна йуьстах лаьттина йу, цуьнан лан дезна дукхох долу инвестицийн дакъа Соьлжа-ГIалахь хилар а, цунах болу пайда дукха хьолахь оьрсийшна а, нохчашна а хуьлуш хилар а.

[34] Шен жимачу къоман массо а векалш Къоман Конгрессе а гулбина, Кодзоевс ассамблейа ишта къамелаца ерзийра: муьлхха а къам Iалашдеш лардаран коьрта биллам бу цуьнан шен къоман пачхьалкхан кеп хилар. Карарчу хенахь гIалгIайн къам тIеIоттаделла коьрта хало йу цуьнан автономи йухаметтахIоттор. И кхачамбацар нийса къаста ца йича адамийн дахар цкъа а кхачалла йолуш хир дац.


Кодзоевс гIовттийначара Завгаевна тIедожадора шайн лехамаш центральни правительстве бовзийтар, оцу кепара ГIалгIайчоьнна Пригородни кIошт йуха йерзо гIо а деш.

И кхоллайелла кхачамбацар куьйг кIелара дIа ца йалийта а, чехкачу Кодзоевна гIалгIай къам дуьхьал далийта а Завгаевс тешо йира халкъан депутатийн гуламехь махках даьхначу къаьмнийн хьокъехь закон кховдор ду аьлла, ткъа цу закона къобалдан деза бакъо йоцуш дIа мел даьккхина хилла латта шайн дайшна дIадалар.

ГIалгIай цхьа жимма а севцича, Завгаевс долийра Бисултанов Хож-Ахьмадана тIаьхье партийни бюрократи дIа а йаьккхий, административни даржаш цIинде бохуш кхайкхамаш беш йолу Халкъан фронт дIайаккхар.

Арахь хуьлучу гIаттамийн терахь белхазаллин терахьца нийсса лаккха долуш дара: перестройкин тIаьхьалонаша шайх лаьцна хоуьйтуш дара, къаьсттина цара тIеIаткъам бинера экономически уггаре а гIийлачу чкъурана.

Царна йукъахь бара хенийн белхаш деш болу нохчий, церан терахь ши бIе стаг гергга дара (бахархойн 10—15%). ХIинца тIедогIуш рицкъа а доцуш биссина уьш, гIаттамхойн тобанех дIакхеттера.

Завгаевна хаьара нагахь санна и массо а нах шегахьа а берзийна, царех шен политически гарант ша йича, цо оппозици дIайаккхарал совнаха, Советан Iедал доха герга дахча, шена дика гIортор а кечйир йу. Цундела ша дарже хIоьттина дукха хан йалале, Хьалхара Секретарьс омра дира кIоштан ворхI секретарь балхах мокъа вита а, иштта балхара дIабехира дуккха а партийни баьччанаш а, меттигера хьаькамаш а.

Иза массарна а революци сацор санна хийтира, цундела Завгаевца болу ларам стигла кхаччал лаккха а белира.

Секретарьш хийцаро Халкъан фронтан политически майданера дIайаккха дика лард йиллира.

ХIинца кхин а цкъа ца хьахо, гIалгIайн хаттар дара къасто дезаш. 1989-чу шеран лахьанан беттан 4-чохь халкъан депутатийн Гуламо бехк боцуш махкаха даьхначу къаьмнийн хьокъехь, деклараци тIечIагIйира.

Иза хIинца а реабилитацин закон дацара, амма гIуллакх цу тIе доьдуш дара, цундела цунна зорба тохар бахархоша доккхачу хазахетарца тIе а лецира.

[35] Завгаевс шен политика чIагIйан деш долу гIуллакхаш социальни а, динан а агIонашка а даьржаш дара. Конфессиональни тIегIанехь, Завгаевс ахчанца кхачо йира бусулба динан институташ кхолла а, керла маьждигаш схьаделла а, иштта таро йира СССР-ехь дуьххьара Макке хьаж дан а, гIо дира Исламски совет кхолла а. Социальни тIегIанехь керлачу Хьалхара Секретарйа хIоттийна йоккха Iалашо йара, амма иза кехат тIехь йиссира, кхин кхочуш ца хуьлуш.

.


Завгаевн цIе хIетахь йукъараллехь шуьйра йаьржина йара. 1990-чу шеран бекарг баттахь цуьнан башха аьттонаш бара цу политически кхиамех боккха пайда эца. Хьалхара аьтто бара Нохч-ГIалгIайчоьнан Лаккхара Советан хIоттам цIинбар.

И дарж Боков Хажбикарера ша схьаоьцуш хиларе терра, Завгаевн аьтто белира республикин лаккхара кхочушдаран Iедал партийн лаккхарчу даржаца цхьаьнатоха.

Цхьаъ цхьаьнна тIаьхьа политически кхиамаш бохуш, цуьнан аьтто белира 1990-чу шеран бекарг беттан чаккхенехь халкъан депутатийн Гуламехь меттиг йаьккха.

Конгрессан Устава билгалдинера хIора шарахь меттигийн пхоьалгIа дакъа цIиндийр ду аьлла, Союзехь политически нийсо хилийта.

Консерваторашна а, радикальни реформисташна а йукъахь хуьлучу Iиттадаларша и хийцамаш латаран майданах тардинера, хIунда аьлча цхьа а доза доцуш хIора а болам вовшашна тIелатарш деш бара.

Вайна ма-гарра, Конгрессехь ницкъ болуш политик вара Ельцин Борис, ткъа цо рогIера кховдийна политически агIо миллионаш бахархоша Россина сийлахь боккхачу сатийсамца тIе а лецира.

Ельцина ойла кховдийра Российски Республикин Президентан дарж хIоттаде аьлла, оцу кепара Лаккхарчу Советера законаш тIеэца йолу бакъо дIа а йоккхуш, СССР эвсаралла йолчу Iедалах а йоккхуш.

Харжамша цо кховдийнарг тIе а лецира, масех де далале Конгресса йийцаре йира Республикин Президентствон Конституци а, президент Ельцин хIоттор а.

Ельцин эрна хан йойуш вацара, цо сихонца арахийцира суверенитетан Деклараци, цуьнан буха тIехь Россехь тIеэцна долу законаш Лаккхарчу Совета тIеэцначарел ницкъ болуш хир ду. Оцу кепара, европейски пачхьалкхашна тIера а, цул тIаьхьа шен федеративни республикашна тIера а тергам байна йолу Советски Союз шен центрах а йелира.

КППС тобане хIотта дагахь волчу Завгаевн аьтто белира дикачу дарже а кхочуш, депутат хила. Амма цуьнан боккхачу политически кхиамна новкъарло йеш йара нохчийн политикехь гучуйаьлла кхин цхьа къеггина цIе — Хасбулатов Руслан.

Иза Московски университетан бакъонан профессор а вара, интеллигенцис вуно чIогIа лоруш а вара.

Горбачевн гуоне кхаьчначу цо куьйгалла дора дуккха а законопроектийн, оцу кепара цо шен дика цIе йаккхийтира Iедалехь а, иштта нохчийн йукъараллехь а.

Хасбулатовн цIе де дийне мел долу политикехь шуьйра йевзаш хилар хаза ца хетара Завгаевна. Церан йукъараллин маьIна долуш, масех доккха дов делира, цундела Конгрессехь болчу харжамшкахь церан дар-дацар политически дебаташкахь а коьрта кхачамбацар хилла дIахIоьттира.

Эххар а и шиъ Ассамблея йукъа вахийтира, амма тIаьхьа вайна гур ду цу шинна йукъахь кхоллабеллачу цабезамо нохчийн хиламашна муха тIеIаткъам бийр бу.

Партияш кхоллайалар

Завгаевна мел лиънехь а, Халкъан фронт гIелйаларо оппозици дIа ца йеккхира. Бисултановн боламо кхин а чIогIа йаккхий Iалашонаш хIитто йолийра.

1989-чу шеран мангалан баттахь Халкъан фронтан пIендарах гучуйелира «Барт» цIе йолу культурни ассоциаци.

Иза нохчийн къоначу поэта Яндарбиев Зеламхас кхоьллина къоман тоба йара.

Вай хьалха вийцина хиллачу обарг Зеламхин цIе тиллина волчу Яндарбиевн доьзалан муха мехаллаш хилла а кхетар мегар ду. Яндарбиев Зеламха вина I952-чу шарахь Казахстанехь. 1981-чу шарахь цо чекхйаьккхира Соьлжа-ГIалара ишкол, ткъа цул тIаьхьа шен дерриге а дахар Зеламхас литературина а, культурина а дIаделира, КПСС-ан культурни вовшахкхетаршкахь куьйгаллин даржашка а кхочуш.

Журналистикехь а, Iилманан гуонашкахь а шен хаарш хиларе терра, Яндарбиевн йоцачу ханна йукъахь аьтто белира финансисташца йукъаметтиг нисъйан. Цара гIо дира цунна «Барт» цIе йолу партийни органна зорба тоха. Ткъа цо шен рогIехь йукъараллина йовзуьйтура йозуш йоцу Нохчийчоь кхолларан майра ойланаш.

Завгаевс шен тергоне ийцира Iедалан массо а дакъа, и бахьана долуш тIаьхьарчу хенахь цунах реза ца хила а буьйлабелира. КПСС йукъахь цуьнца цабезам болчара оппозиционни боламаш кхолларехула шайн болх дIаболийра, ткъа тIаьххьара Хасбулатовца даьллачу девно иза массарна а дIа а хаийтира.

Оцу кепара, къоначу интеллектуала сацам бира «Бартах» КПСС санна боккъалла а политически парти кхолла, амма Халкъан фронт санна кегайелла а йоцуш[6].

[36] 1990-чу шерийн йуьххьехь Халкъан фронтан политически ницкъ кхачийнера, ткъа иза иракарахIиттош хиллачеран цунна тIехь терго къуьссуш, шайн барт боьхнера. Ткъа ша Бисултанов 1990-чу шеран лахьанан баттахь ахча дайарна бехке винера. Цул тIаьхьа Халкъан фронт масех кегий тобанна йекъалур йу, ткъа эххар а йухур йу.

.


Иштта кхоллайелира Вайнахски демократически парти (ВДП). Цо йукъараллина кховдош йолу коьрта ойла йара — Россех Нохчийчоь йозуш ца хилар а, Кавказан къаьмнийн конфедераци кхоллар а.

[37] Вайнахски демократически партийца нийсса Яндарбиевс кхоьллира лаьмнийн къаьмнийн Конгресс, 1918-чу арахь Чермоев Тапас кхоьллинчух терра, цуьнан хилла Iалашонаш а йолуш. Конгресс хилира Абхазин коьртачу шахьарехь Сухуми гIалахь. Цигахь губеллера Кавказан ткъаессана къаьмнийн векалш. Цхьаьнакхетарехь дийцаре дира Москвахь бехачу кавказхойн хьашташ довзуьйтуш йолу цхьаллин политически парти кхолла, амма вай хьалха йийцина хилла йолу къаьмнийн гамонаша новкъарло йира и ойла кхочуш йан. Амма барт хилира йозуш йоцучу пачхьалкхийн конфедераци кхоллайалийта бух кечбийр болу Кавказан къаьмнийн Ассамблея кхолла.


Цуьнан политически программийн коьрта пункташ йара пачхьалкхан атеизм дIайаккхар а, динан бакъо йухаметтахIоттор а, вай хьалха йийцина хилла йолу Мехк-Кхел йухаметтахIоттор а.

Йуьхьанцара Завгаевн правительствона «жоьпаллин оппозици» санна йовзийтина хилла йолчу ВДП-х кестта КПСС дозанал арахьара маьрша ойланан коьрта гIирс хилира.

Яндарбиевн партийна тIаьхье гучуйелира дуккха а керла цIерш. Хьалхара йара физикин-математикин Iилманан профессора Гойтемиров Рамзана куьйгалла деш йолу экологически фракци — Баьццара болам. Цунна тIаьхьа рагI кхечира интеллектуалийн либеральни хьежамаш болчу «Дош» цIе йолчу боламан. 1990-чу шеран хIутоссург беттан 4-чохь кхоллайелира Нохчийн социал-демократически парти, цуьнан декъашхойх цхьаъ вара похIма долу журналист Музаев Тимур. Цунах лаьцна ма-дарра вай жимма тIаьхьа дуьйцур ду.

ГIеххьа хьежамаш болчу консерватораша кхоьллира граждански бартан Болам. Цо къобалдора дуккха а партийш хилар а, Россица федеральни зIе латтор а, ткъа ши шо хьалха кхоьллина хилла а, карарчу хенахь Соьлжа-ГIалахь болх беш а йолчу Бусулба дин йухаметтахIоттаран партин аьтто белира радикальни партийн гуонехь шен меттиг йаккха а, и санна йара МВД хьаькам хиллачу Гантемиров Беслана куьйгалла деш хилла бусулба динан некъан партийа а.

Цу партийн терахь алсам далар бахьана долуш, Нохчийчоь Россех къастарна кхерабеллачу гIалгIазкхиша, Кодзоевс а, гIалгIайн радикалаша а кхоьллина хилла ГIалгIайн демократически парти санна шайн болам кхоьллира.

Вай хьалха ма-аллара, жигара политически къовсам Коммунистически партина шена чохь а дIабоьдуш бара. 1990-чу шеран бекарг баттахь Лаккхарчу Совете хиллачу харжамех реза ца хилира куьйгаллехь долу коьрта Iедал. Критикашна йукъахь вара вай хьалха вийцина хилла волу университетера талламхо, Виноградовс балхара дIаваьккхина хилла волу Ахмадов Хьусейн.

Оцу кепара, правительствехь гучуйелира керла цIе — Умхаев Леча. Иза гIишлошъйаран компанишкахь кхиъна волу пачхьалкхан гIуллакххо вара. КПСС-ан дукхох болу декъашхоша санна цо къобалдеш дацара 1989-1990-гIа шерашна йукъахь Завгаевс Iедална централизаци йар.

Карарчу хенахь цо кхоьллина болам «Суверенитет» цIе йолуш бара, иза коьртачу декъехь реза боцучу коммунисташна хилла ца Iаш, гIеххьа хьежамаш болчу националисташна тIехьажийна а бара.

Цундела цуьнан цхьа ког Лаккхарчу Советехь хила безаш бара, ткъа важа векалалла а, демократи а йоьхучу «неформальни боламашна» йукъахь хила безаш бара.

Оцу кепара Умхаевс Нохчийн къоман конгресс вовшахтоха ойла йовзийтира. Цу конгрессе партийн векалш кхайкхина ца Iаш, хIора а йуьртара делегаташ а кхайкхинера.

И гIуллакх массара а чIогIа къобалдина тIеийцира. Умхаевна тIетайра националистически партийш а. Царна ца лаьара Завгаевс а, Умхаевс а Iедал къуьссучу йукъахь хIаллак хила, цара сатуьйсура Конгресса рекрутингови база а кхоьллина, иза нохчийн культура кхио Iалашо хIоттийнчу интеллектуальни ассоциациша тIелацаре. [38] 1990-гIа шо Iаламат дукха партийш кхоллайаларал совнаха, интеллектуальни вовшахкхетарш кхоллайаларца а билгалделира, цу йукъахь йара гIалгIайн Iилманчийн Ассоциаци а, Нохч-ГIалгIайн истори талларан а, къоман интеллигенцин а Ассоциаци.

Цунна тIехь шен терго латто дагахь хиллачу Завгаевс а къобалдира Умхаевс долийнарг.

Оцу кепара, 1990-чу шеран хьаьттан баттахь Умхаевс Конгрессан Вовшахтохаран комитет дIакхайкхинчул тIаьхьа, иза хазахетарца тIелецира йерриге а къоман политически майданехь.

Комитета шен болх дIаболийра хьаттан беттан 15-чохь.

[39] Нохчийн къоман конгресс вовшахтохаран комитет 1990-чу шеран хьаьттан беттан 15-чохь тIечIагйинера. И конгресс вовшахтоха дуьххьара ойла кховдийна хилла волу Умхаев Леча цуьнан президент хIоттийра. Кхочушдаран декъашхой бара Вайнахски демократически партийн баьччанашах цхьаъ волу Сосламбеков Юсуп а, историк Хожаев Далхан а, профессор а, поэт а Бисултанов Апти а, йаздархо Бексултанов Муса а, йаздархо, поэт, драматург Ахмадов Муса а, спортсмен Зубайраев Чингиз а, историк а, Лаккхарчу Советан депутат Эльмурзаев Юсуп а, историн Iилманан профессор Эльмурзаева Ганга а.

Советски номенклатуран векалш санна комитетана йукъа баханера Яндарбиев Зеламха санна болу радикалаш а. Царна тIекхийтира вай вийцина волу Ахмадов Хьусейн а. Цунах лаьцна ма-дарра довза лууш волчун аьтто хир бу www.ichkeria.net сайта тIехь йеша.


Йуха зорба тоьхна йовзийтира декларацин коьрта 13 Iалашо: царна йукъахь йоккха меттиг дIалоцура историс а, культурас а. Къаьсттина Iалашо хIоттийнера нохчийн этнически тоба кхоллайаларах лаьцна дийцар йаздар а,

[40] Декларацехь дуьйцуш дара: Нохч-ГIалгIайн АССР-ан бахархойн 60% дIалоцуш долу нохчийн къам а, Дагестанан АССР-ан 3% бахархой а шен дай баьхначу лаьттахь маьрша даха йиш йоцуш, итта шерашца бала хьоьгуш дара.

Центральни правительствос нохчийн хаттар къастор сецор а, 230 000 нохчочунна шен мехкан дозанел арахьа ваха везаш хиларо а, Нохчийчоь дIалаьцначу экономически а, социальни а кризиса а, къоман мотт йухаметтахIотто хьашт хиларо а, син-оьздангаллин тIаьхьало Iалаш йан езаш хиларо а тахана айдина ГIалгIайн автономи йухаметтахIоторан хаттар. Махкахь къаьмнийн йукъаметтигаш телхаш хиларо нохчийн халкъана хьалха йаьккхий кхачамбацарш хIиттайо, уьш дIа ца йахча, къам кхиа йиш йолуш дац. Цу хьелашкахь, Нохчийчоьнан массо а кIошташкара векалша а, халкъан депутаташа а, кхоьллина вовшахтохаран комитет, нохчийн къоман Гулам дIабахьаран жоьпалла шена тIе а лоцуш.

иштта политически Iалашонаш а — ма-дарра аьлча нохчийн къоман цхьалла а, иштта суверенни Нохчийн Республика кхолларан ойла кхочуш йан а гIо дийр долу гIирсаш кхоллар.

[41] Йерриге а деклараци йеша мегар ду www.ichkeria.net сайта тIехь.


Вовшахтохаран комитетан Iалашонийн деклараци цхьаьна агIор программни кехат лара мегар дара.

Суверенни республика кхолла ойла чIагIйелира Комитетан радикальни а, кхин болчу а массо а декъашхойн кхетамехь. Конгрессан цхьаьна а вовшахтохархочо мах ца хадийра карарчу хенахь Россех политически дозуш хиларан хьал.

Уггаре а хьалха цо социальни а, культурни а, политически а къастар гойтура. Цуьнан коьрта жамI дара нохчий уггаре а къен а, дешна боцуш а, уггаре а мокъаза а бара. Автономни республикас нохчийн культура буьззинчу барамехь кхиарна новкъарло йора, цо исторически харцо тIейожайора. Цу дерригено а новкъарло йора нохчашна шайн Iадатаца а, динаца а йогIуш йолчу пачхьалкхан кеп кхолла. Амма карарчу хенахь церан аьтто бацара шайн маттахь къамел дан а, йа цуьнан ерриге а фонетика буьззинчу барамехь йовзуьйтуш, шайн алфавит лело а.

[42] Сталин Iедале вале шуьйра дуьйцуш дара нохчийн фонетикин нийса транскрипцина оьшу алфавитан хьокъехь дерг. Цундела хьашт хилира латински алфавит кхолла, иза кириллицал мелла а атта а, нохчийн артикулированни грамматикаца а йогIуш йара.

Сталин Iедале а веана, цо къаьмнаш махкаха даха долийча, I944-чу шарахь кириллица Нохчийчуьра пачхьалкхан алфавит лерира, кхин йолчу республикашкахь санна. И кхачамбацар къаьсттина чIогIа хаалуш дара Нохчийчоьхь, хIунда аьлча кириллицас нохчийн дукхох йолчу фонемашна эвсаралла йолуш транслитераци йан новкъарло йора.


Цундела Комитетан программе хьаьжжина радикалаш а, гIехь хьежамаш а берш а, массо а цхьаъ санна реза хилира.

[43] Вай хьалха ма-аллара, Горбачевн перестройкан коьрта Iалашо йара СССР-ах маьрша а, суверенни а республикех лаьтта керла конфедеративни сойуз кхоллар йара. Иза хIора а йозуш йоцучу а, автономни а республикас куьйг йаздинчу федеральни барта тIечIагIдина хила дезаш дара.

И гIуллакх шуьйра дийцаре деш дара, хIунда аьлча нагахь санна цхьа республика а куьйг йазда реза ца хилахь, и ерриге а бIов йухуш йара.

ТIаьхьа вайна гур ду хIетахь цу бартана куьйг йазда Нохчийчоь реза ца хилар, Нохчийн хьалхара тIом болабаларан бахьана хуьлуш. Список йовза мегар ду сайта тIера «Нохчийн къоман конгресс» декъехь.


Коьрта хаттар Нохчийчоь суверенни республика хила йезий дацара, цо цу суверенитетах муха пайда эца беза дара. ГIехь хьежамаш болчарна иза дика аьтто бара Нохчийчоьне Россица нийсса бакъо йолу керла федеративни пакт хIотто.

Ткъа радикалашна суверенитет дика таро йар республика йозуш ца хилар кхайкхо а, кхин йолчу республикашца нийсса Кавказан конфедераци кхолла а, гуттаренна Россин олаллах Нохчийчоь маьрша йакха а.

Конгресс

Вовшахтохаран комитетан болх кхехкаш бара. Гуламехь дакъа лецира 1000 делегата: царех 839 нохчаша кIошташкара хаьржина вара. Царна тIекхийтира дозанел дехьара диаспоран 55 векал. Политикин а, Iилманан а цIейаххана болу гIуллакхой ца биссира цу хиламна йуьстах.

Программа йерзо оьшург уггаре а кIезиг кхо де дара.

И тайпа доккха цхьаьнакхетарна ахчанца кхачо йан а, йуург латто а, хьеший дIатарбан а атта дацара.

Цу гIуллакхна йоккха харж оьшура, цундела Вовшахтохаран комитет финансисташ лаха йолайелира. Цара хьегна къа эрна а ца диссира: бахархоша а, тайп-тайпана хьукматаша а, кхечу пачьалкхашкара диаспораша а гIо дар бахьана долуш, Комитетан аьтто белира оьшуш хиллачул шозза алсам ахча гулда.

Массо а реза хуьлуш, сацам бинера нохчийн культура юхаметтахIотторан Фонд кхолла. Цу фонде дIахьажор долуш дара совдаьлла долу ахча. Фондан президент хIотиийнера къона йаздархо Ахмадов Муса.

И организаци вовшах а тоьхна, гулам дIабахьа аьтто баьлча, Вовшахтохаран комитета дIадолийра Конгрессан кхочушдаран органийн структура кхоллар, ма-дарра аьлча хIинца оьшуш йара Конгрессан политически программин чулацам кечбеш, и программа Лаккхарчу Совета кхочуш йар тергал дийр долу подразделениш.

Оцу кепара, Конгрессан Кхочушдаран комитет цуьнан правительство а, координационни центр а лара мегар дара.

Цу белхан терго Президента йийр йу, ткъа цуьнан метта шина вице-президента. Конгрессан куьйгалхой ассамблейа схьайиллинчу дийнахь дуьйна болх бан йолалур йолчу Кхочушдаран комитета хIиттор бу.

1990-чу шеран товбецан баттахь ша дерриге а кийча дара. Амма цхьаъ дара Вовшахтохаран комитетан сагатдийриг: Конгрессехь хила безаш болу лулара гIалгIай.

Ма-дарра аьлча, уьш нохчий бац, уьш нохчашца цхьаьна этнолингвистически доьзалера бу, ткъа и ши къам культурни декъехь вуно тера хиларна, цу шинна юкъахь къастам дIабаха хала дара.

Шина а къомера дукхох болу нах реза бара нохч-гIалгIайн пачхьалкхан цхьалла ларъйан, ткъа нагахь санна политически кхиар, хетарехь кхечу агIоне доьдуш делахь а, Вовшахтохаран комитетан дукхох болу декъашхой къаьмнаш къастийта лууш бацара.

ГIалгIай шайн рогIехь махкаха даьхначу къаьмнашна реабилитацийа йаран Закон къуьссуш бара хIинца а. Уьш тешара, цо шайна Пригородни кIошт йухайерзор хиларах.

Умхаевн а, Лаккхарчу Советан кхин а кхаа декъашхочун а сацам хилира гIалгIай цхьажимма тебан Iалашонца Къилбаседа ХIирийн республикин куьйгаллица лаккхарчу тIегIанехь цхьаьнакхетар вовшахтоха, Гулам хилале хьалха и хаттар дийцаре дан.

Цхьаьнакхетар ХIирийчоьнан коьртачу шахьарехь Буро-ГIалахь хилира. ХIирийша шаьш Пригородни дIайала реза ду элира, амма республикин промышленни дукхох йолу потенциал тIехь лаьтта шайн коьрта шахьар Буро-ГIала дIайала шайн йиш йац элира.

Шина а агIонан барт хилира мелла а сиха и гIуллакх берта далор долу комисси кхолла.

Умхаев а, цуьнан нах а шаьш и хаттар къастийна даьлла моьттуш, Назране бахара, меттигера политически ницкъашна дуьхьало йан.

Амма хIирийша кховдийнарг Кодзоевс а, цунна тIаьхьа хIиттинчара а аьттехьа а тIе ца лецира.


Бесплатный фрагмент закончился.

Купите книгу, чтобы продолжить чтение.