16+
Болатан Зараъ

Объем: 148 бумажных стр.

Формат: epub, fb2, pdfRead, mobi

Подробнее
О книгеотзывыОглавлениеУ этой книги нет оглавленияЧитать фрагмент

Болатан Зараъ

(Цхьана классехь дешначу йо1ана Зараъина)

Нохчийн лаьмнашкахь, кхин йолчу яртех б1арге къастаяллал башхалла а йолуш, ца къастаяллал кхечу яртех тера а йолуш, цхьа юрт 1уьллура хьаннех доьтинчу арцашна, лаьмнашна юккъехь шен ц1е Селайд а йолуш. Оцу юьртахь вехаш-1аш вара, массара юьртахь лоруш, лаьмнашкахь массо а ярташкахь вевзаш а волуш, цхьа воккха стаг, Болат шен ц1е а йолуш. Болатан дас нийса хаьржина хиллера шен к1антана ц1е. Х1унда аьлча, иза жима стаг волуш дуьйна вара болат санна ч1ог1а дог-амал йолуш а, т1амехь мостаг1чунах тасалучу хенахь уггаре а ницкъаллачарех цхьаъ а. Къона волушехь шен хьекъалца а г1араваьлла, вара и, т1ом болучу хенахь нохчийн т1емлойн баьчча хаьржина хилла а. Шен дахарехь дуккха а халонаш т1е1ийтаеллера воккхачу стагна Болатна, амма уггаре а халаниг дара цуьнан х1усамехь доьзалхойх цхьа йо1, Зараъ, бен ца хилар. Цунна ч1ог1а лиънера шен цхьаъ мукъна а к1ант хилийта, амма доцург паччахьна а эшна олу-кх.

Нахана ца гуш делахь а, шен даима к1антах хьоьгуш волчу Болатас, Зараъна жима йолуш дуьйна 1ама динера цхьадолу к1ентийн хьуьнарш. Зараъас мажаран топ а кхуссура ч1ог1а нийса, шаьлта, тур а хьовзадора йо1а муьлхха а говза т1емало шен говзаллех хьоьгура волуш. Болат-м, шен дагахь цунах къайле а йина латтош вара, амма цхьана юьртахь 1аш болчу нахана ца хууш х1ун хира ду? Дера ду к1езиг х1ума-м, делахь а шаьш Болат ч1ог1а лоруш хиларна баккхийчара а, кегийрачара и шайна хууш дериг говза къайла доккхура.

Болатан йо1 ю аьлла доцуш, Зараъ ша а яра лула-кулахь а, дехьа-сехьа юьртахь а г1араяьлла шен г1иллакх леладан хаарца а, хьекъал алсама долуш хиларца а. Амма массарна, жимчунна а, воккхачунна а Зараигахь товш хетарг, иза цуьнан хазалла яра. 1уьйренца схьакхетта малх санна елаелла-екхна а, дог ц1ена амал йолуш а яра и. Ткъа хазалла ю массо а хенахь шена ца лаахь а, адмашна юккъе мелла а хьаг1 кхуллуша, къовсам юккъе тосуш а.

Сийначу байт1ехь даьлла Пет1амат-зезаг санна дуткъа дег1, куц-кеп долчу Зараига хьоьжуш а, къайла-къулах делахь а, деррехь делахь а, захалонаш хьехадеш а безамаш кхийдабеш а дуккха а кегийра нах бара. Юьртана йист лоцуш, цхьанхьа т1аьхьадисарна кхоьруш санна, ч1ог1а сиха дог1уш самукъане сирла тулг1е йолуш хи дара. Юрт лакха т1ехь а йолуш лахахь хьадда доьдучу цу ломан хина йисттехь ялсаманен суртаца дуста мегара долуш хаза дара. Гобаьккхина т1еяьлла буц йоьттина бес-бесара зезагаш, дуькъа гаьннаш долу, заза даьккхина хазаделла дитташ. Юьртара мехкарийн сирла, самукъане тобанаш хуьлура дашо малх суьйренга г1оьртича ц1еста к1удалш а карахь хина т1ейог1уш. Хьуьна юккъехь сиха ког болу лу хааделла лом санна, мехкаршна тебаш-м хуьлура оьздачу к1ентийн тобанаш а. Ломана басахь зезагаш санна хаза, куц-кеп долуш дуккха а бара мехкарий цу ломана юьртахь. Х1ора йоь1ан, шена генара гушшехь, б1аьрг серлаболуш а, аз ловза доккхуш а кегийра нах а бара. Зараъ цхьаъ яра акха басахь даьлла зезаг санна массо а дуьненах самукъадаьлла. Цуьнан жимчу даго х1инца а ца бинера шен кхолламан харжам. Цуьнан хьажар, елаялар б1аьргашца лаца г1ерташ, я шайн ира б1аьргашца цунна буру хьийзош, ойланаш дег1ах хьерчош к1езига-м бацара к1ентий. Йоь1ан жима дог дара-кх х1инца а самадаланза. Х1ора суьйрана к1ентийн тобана юккъера хьалха аьтто баьлларг-м г1уртура цуьнан дог эца, цуьнан ойла шегахьа хьовзон.

Тахана йо1аца къамеле валан аьтто баьллера юьртана лакхахьа шайн долахь к1отар а йолуш, накхармозий санна дукха шайн жа-уьстаг1ий а долуш волчу Махьмудан к1ентан Къудузан. Къайладахийта йиш яц, цо цхьа де хьалха Зараин доттаг1ий-зудаберашна цхьацца совг1аташ дина хилар, шен йо1аца къамел дан аьтто боккхург. Зараин шен пурбанца иза аьтто зудабераша хазахетарца баьккхира Къудузан, совг1ател совнаха оцу къамелах шайн мелла а самукъадаккха а дьухьала бацара забарен мехкарий-м. Уьш цхьа цуьриг а г1алат а ца бевллера оцунна т1ехь.

Мелла а хьаьвзинуо мара а болуш, алсама хьаьвзина амалш а йолуш, 1аьржуо аматехь а волу Къудуз къамел доцца дийцан лууш вара. Цуьнан шабериг безам стоммачу сизаца шен ден эзар уьстаг1ашна юккъехула чекхболуш хетара. Уьстаг1ий-м цхьа б1е бен ца хила а тарлора, амма къамел-м дара мел к1езиг а цхьана эзар уьстаг1ан барамехь:

— Кхин болу бахам ца бийцича а, цхьа эзар уьстаг1 оцу хьан когашна буха кхосса йиш йолуш ву-кх со таханлерчу х1окху исбаьхьчу суьйрана, — шен ма-хуьллу йоь1ан дог оьцуш там бан г1ертара Къудуз, ма хуьллу йо1ана юххе а те1аш, шен к1ора санна 1аржачу ц1оц1къамашна бухара буьрса б1аьргаш а къерзош.

— Суна-м шун ирзонехь мел дукха а цхьа б1е уьстаг1 бен кхабалура бац, бохуш дуьйцуш хабарш ма хезина, — эккхийтира 1айшат ц1е йолчу жимчу дег1ехь, эхь доцуш ю аьлла шен ц1е д1аяхна йолчу Зараъин накъоста.

— Х1ун! Муха бохура ахьа? — шен сихачу б1аьргашка лахийтира цо, шен дашна юккъе иккхина йо1.

1айшат-м шен зарзаранчух тера долу жима аз декадеш елалуш, зудберашна т1ехьа д1алечкъира.

— Иза-м тхуна а ма хезина, — 1айшатна орцаха бевлира кхинарш а мехкарий.

Амма Къудузан сиха карадира алан дешнаш:

— Шайн хьаг1 йолу меттанаш ду уьш-м нехан. Шайн боцу аьтто тхан хилчи, ца ланлуш, ца олуш х1ума дац цара, — ша ц1ена бакъдериг дуьйцуш хилар т1етадеш деган т1е куьйг а дуьллуш сиха д1адерзон г1оьртира нуц хила г1ерташ вериг, уьстаг1ех лаьцна долу къамел.

Амма шен накъосташа дижийтича а, и къамел дита реза яцара Зараъ-м:

— И эзар уьстаг1-м суна схьалора ахьа, хьуо пис стаг ца хилар а гойтуш. Ткъа хьайна х1ун до ахьа? — Къудуз зуьйш хаза б1аьргаш а гойтуш ц1аьххьана хаьттира Зараъас.

Къудуз-м шен г1уллакхаш тоделла дог1ийла кхийтира, амма уьстаг1ех даимана валар-м дацара цуьнан кестта шен дахарехь хиндериг гарехь:

— Ой, уьстаг1ий хьан хилчи а, сан хилчи а х1ун башхала ю? Хьо нускал хилла сан керта хьийзаш, хьуна т1аьхьа хьийзар дац ткъа уьстаг1ий а? — эккхийтира, Зараъас муха дуьйцу ца кхетачу Кхудузас.

Гонахара маьхкарий-м Зараъас к1антаца беш болчу бегашех кхетта дукха хан яра. Уьш-м самукъадаьлла буьйлура, белар лачкъадан ницкъа боцуш.

— Ванах, эзар уьстаг1 сан томана юккъе бог1уш хилчи, со муха йолалура ю хьан уьйт1ахула и тоба уьстаг1ий т1аьхьа а даьхна? Томана йо1ана дог1уш долу х1ума цуьнан ден ц1ахь дуьсуш ца хуьлу? — шега цец деъна кеп х1иттайора йо1а.

Къудуз-м, зудберийн беларца цхьана шен уьстаг1ийн тоба а къайла йолуш тарделла, жимма воьхна соцунг1а хилла висинера.

Кхеташ дара, и захлу гена дериг ца хилар, мел ч1ог1а эзарнаш уьстаг1ий Зараъин уьйт1а лаьхкина лаьтташ делахь а.

Кхин цхьа захало а дара Зараина кег-мегарнаш дитича, т1ехьаьвзина.

И захлу-м дера дара Зараина дийнна говрийн рема кховдон тарлуш!

Иза иштта дара: Зараъин лергех, мухха делахь а, цхьана суьйрана хинйисттехь мехкарша хабар туьйхира. Бийболатан к1ант Висита рема ялон Теркал дехьа вахана ву аьлла.

— И рема дера ю Виситас хьуна йоьг1на ялош, — бохура мехкарша, Зараъин лерге а те1аш.

— Рема а ялош ц1авеъча, хьо ехийта баккхийн нах бохкийтур болуш бу-кх к1анта! — Зараъ хьийзоран кеп х1иттош т1етадора зудбераша.

Виситин да Бийболат т1аьххьара хиллачу т1амт1ехь йинцу чевнех кхелхинера цхьа шо хьалха. Бийболат Зараин ден, ваша санна юххера ларалуш, дика доттаг1 хилла вара. Виситас х1инца а Зараин да Болат шен да санна лоруш вара. Бийболат дийна волуш-м цкъа нисделлера Виситин Зараин юккъехь безам бацахь а, билгалла х1ун ду ала йиш йоцуш цхьа алун суй эккхар. И санна долу х1ума-м Зараин накъосташна ца тусалуш дисин йиш яцара, мел ч1ог1а лиъчи а. И саннарг, Зараина шена дицделча а, мехкаршна дагахь лаьттара. Бакъдерг дийцича, зударийн цхьа ша къаьсттина синхаам бу и санна х1уманашна т1ехь. Божарий цкъа а т1аьхьакхуьур болуш х1уманаш а дац уьш! Висита рема ялон вахана аьлла ма хеззинехь, оцу х1умана а цхьа бух бан дезара зударийн ша-тайпа долчу хьекъалан. И бух бара, мехкарийн кхетамца, Виситана дукха хенахь дуьйна Зараига болу къайлаха безам. Иштта ца хилчи, жима стаг, къонах стенна воьду турпаллин г1уллакхаш лехан? Амма мехкаршна ца хаара, шен да кхелхинчул т1аьхьа, Висит кхин а герга хиллера Зараин дена а, х1усамна а. Зараъ-м шен йиша санна лоруш ма варийца жимстаг. Делахь а делан къевленаш дукха ю-кх, ц1ий гергара ма дацара Виситийн, Зараийн. Х1инцалца дуьйцург бегашца т1еоьцуш йолу Зараъ а, стенна делахь а цхьана х1умано садаъан юьйлира. Хьанна хаъа, иза-м кхерамен г1уллакхе ваханчу Виситина шен вешина санна сахьийзаш хилан а мегара.

Ши к1ира сов хан а яьллера хин йисттехь мехкарша Зараъ хьовзийна, буьйсана юккъехь Зараъ цхьана цаевзачу г1овг1ано самаяьккхича. Т1е х1ума а юьйхина и арайолуш, дадас мохь туьйхира цуьнга:

— Йо1! Хезий хьуна, самаяла сихха! Т1е х1ума а кхоллий араяла!

— Х1ун хилла, дада? Сингаттамен х1ума-м дац хилла? — дена дьухьала араелира йо1 оцу хенахь.

Амма йо1а динчу хаттарна жоп х1окхеран шуьйрачу уьйт1ахь дара, схьа хетарехь. Уьйт1е юьззина геннара яьхкина хилар билгало йолуш хьацарах ша и хи санна т1еда говраш яра.

«Зараъна рема ялон вахана Висит!» — шен накъостийн мехкарийн шабар-шибарш дагадаьхкира йо1ана, оцу ойланах ела а къежира иза. Арахь, даьржина беттаса делахь а, буьйса яра, цундела йо1 елакъажар цхьанна а ца гуш дисира.

— Йолла а кхосса говрашна хьалха, жимма хан а ялийтина, хьацар жимма дакъаделча, хи а малийта цаьрга, — элира Болатас йо1е.

Йо1е и болх банлур бу-бац аьлла шек а вацара и, шен йо1 дика евзара денна. Делахь а, Висита а, сиха т1е а вог1уш, вуьйлира йо1ана г1о дан. Шаьшиъ жима долуш дуьйна ша ма-яккхара ц1е а йоккхуш:

— Виса, х1ара говраш стенгара евлла буьйсана юккъе? — хаьттира Зараъас Виситига, денна ца хозийтуш.

— Говраш нисъялар Делан болх бу-кх… Х1орш г1алг1азкхийн аренашкара ялийна, — аз жимма лахдина хаийтира йо1ана жимчу стага.

— Виса, суна ялийна-м яц хьан и говраш? — ах бегашийна, ах к1ант зуьйш елакъежаш, хаьттира йо1а.

— Яц! — доцца хадийра Виситас.

— Суна ца ялийнехь, тхан уьйт1а х1унда лаьхкина ахьа уьш? — къарцалора йо1.

— Шун уьйт1а ца лаьхкина… Сайн ден метта аса лоруш волчу Болатан уьйт1а лаьхкина, — резавоцучу т1ег1ана т1ехь аз дийкира жимчу стеган.

— Виса, ас-м хьо хийзавеш, бегаш бой! Жима волуш дуьйна бегашах кхетар волуш ца хилла-кх хьо! — шен рог1ехь реза йоцу кеп х1оттийра Зараъас.

Болат оцу хенахь кевнах а ваьлла ладуг1уш вара юьртахь кхин цхьа а г1овг1а юй. Юькъачу хьаннех юьзина йолчу шина рег1ана юккъехь 1уьллучу юьртахь тийна дара. Наггахь «г1алх-г1илх!» олучу ж1аьлийн г1овг1ано бен билгала а ца йоккхура бошмех юьззина къевлаяьлла юрт.

— Ма белахь суна дегбаам, со генара веъна жимма к1адвеллачух тера ду, бегашех кхетачохь а вац, Зараъ! — йоь1ан дегъбаъамах к1елхьаравалан г1оьртира жима стаг.

Иза ма дара йо1ана дезарг-м!

— Мехкарша-м хьо суна рема ялон вахана ма бохура, со оцу говрийн меха а ца лору ахьа, Виса? — к1ант к1елхара ца волийтура Зараас.

— Хьан мах-м, сан йиша, итт реманал а лакхара бара. Амма говраш аса вайна ца ялийна. Уьш байлахь дисинчу берийн нанойн дуьхьа ялийна ю. Амма сайн йишина цхьа безамехьа нисбелла дин-м балийна аса! И лаьтташ болу дин гой хьуна? — йо1ана там бан г1оьртира Висита, цунна совг1атана к1айн дин а луш.

— Баркалла, Виса, суна-м ца оьшура и дин а, хьо могуш-маьрша ц1авирзичахьана, — х1инца-м бегаш ца бора йо1а.

Церан шина дена юккъехь долу гергало бахьанехь Виситий, Зараъий а дара ваш-йиший санна цхьана хьалакхиина. Хала киртиг яра жимачу стаганий, йо1аний дахарехь т1ех1оьттинарг.

Говраш д1а1алашйина девлича, Зараъ лохачу раг1ун к1ела яхара, к1антана юург охьайилла. Ткъа Висита ц1ийнат1ехьахула хьаьдда доьдучу сирлачу татолана т1е вахара, юьхьах хи тохан. Жима стаг раг1у к1ела веъча Зараъас лохчу истолан т1е йиллинера, суьйрана кечйина х1инца а шелъелла яланза сискал, т1оберам, сихха к1еглеш т1ехь деттина схьадолуш дара дакъадина жижиг а.

— Со ойла еш яра, — элира Зараъас г1айг1анечу озаца, юьхьаха гата а хьокхуш, раг1уна к1ела вог1учу Вистига. — Ахьа дийнна рема схьа а яьккхина битинчу нехан а ма ду бераш а, берийн бераш а хир ду. Церан ойла ян а йой техьа ахьа а, хьо санна болчу т1елатархоша а?

Раг1уна к1елахь Зараъас латийна чиркхана серлонехь соцунг1а хилира Висита, йо1ийгара дагахь а доцуш иштта хаттар шена хезча. Амма и хаттар-м цо ша-шега дуьххьара деллачух тера дацара. Халла раг1уна к1ела тарлуш онда вара жима стаг.

— Паччахьан эскаршна хьалха а лелхаш, вайн лаьтташна т1едог1у некъаш а гойтуш, вайн адамаш а дойъуш, вайн а, шайн а берех бобераш а деш, харцонаш лелийначу г1алг1азкхийн, г1алмакхойн реманаш, бежнаш ду оха царех таса а луш, цаьргара дохурш. Вай ца бина царех мостаг1ий, цара бина вайна а, шайна а бала. Уьш паччахьах бевдда баьхкича, вайх царнна тешамен лулахой хиллера. Амма паччахьа шаьш хьаьстича, сиха 1ехабелира уьш, сихбелира вайн ярташ ягон а! Дала бекхам бийр бу церан т1аьхенна а техь! — олуш шен майра сирла б1аьргашца йо1е хьажира Висит.

— Хьо хьанна луьйш ву, ва к1ант? — къамело 1ехийначу Зараъаний, Виситиний дагахь доцуш, дийкира воккхачу стеган аз.

— Адамаллех, къинхетамах лаьцна цхьацца ойланаш йора оха-м, ваша, — олуш лохачу г1анта т1ера г1аьттина дег1 нийсдира Виситас.

Жимчу стеган шена хезначу къамелан кийсагах жам1 динчу воккхачу стага элира:

— Дера, г1алг1азкхий-м къонаха къам дара, вайна юккъехь-м ц1ий ийдина гергалонаш а дара хьалха заманчохь. Царнна хьалхабевллалеларш хир бу-кх церан б1аьрса дайъинарш. Охьалахлол, Висита, х1ума кхаллал. Йо1, суна а доттал г1алмакхчай, — олуш истолан йистте д1атарвелира воккха стаг.

Висита а хиъира охьа цул т1аьхьа.

— Ваша, говраш а, бежнаш а юьртарчу мискачу нахана д1анийсаян, юьртара баккхийчу нехан г1о оьшура суна. И хьайна т1елоцур дацара техьа ахьа? — дехар деш хаьттира жимачу стага юучу х1умана т1е а кхевдаш.

— Кхана 1уьйрана чукхойкхура бу аса баккхийнарш, — цхьана х1умана ойлане а хуьлуш элира Болатас, жимма 1ийна т1етуьйхира: — Висита, мискачу нахана ахьа а, хьан накъосташа а динарг доккха г1о ду. Т1аьххьара вайна паччахьан хьадалчаша кховдийначу т1емаша г1орасиз даьккхина дукха адам. Вайн наха вовшен г1о дахь а, хала киртиг ю дукха нахана т1ех1оьттинарг. Иштта делахь а, со дийна волучура хьан ден меттана а хилла 1аш а хиларна, цхьа хьехар дара сан хьуна а, хьан накъосташна а дан лууш. Дайшкара даьллачу г1алатех кегийра бераша, зударша жоп далан дезаш дац, муьлхха а къоман г1иллакхе даьккхича а. Вайн бераш бахьана долуш нехан берийн багара сискал яккхар нийса дац. И аша дийриг, т1ом боьдуш болуш хилча а, инзаре х1ума ду. Цулла совнаха, шун дахарна кхерамен х1уманаш а ду уьш. Герз д1аса тухучу меттехь даима а бац д1атохан аьтто болуш. Вайшинна юкъалелан вайн кхин зударий а бац, цундела со ца аьлча а ца волу. Хьайн х1усама а кхоьллина, вахаран т1е ойла а яхийтан дезара ахьа.

Эхь-бекх лаьцна, Висита истола т1ера г1атта сихвелча, омран кепехь куьйг хьажийна, и охьа а хаъийтина, ша г1аьттина чу вахан д1аволавелира воккха стаг.

Виситас шен керта ца ялийра цхьа корта а говр, бежан. Амма Зараъина боьг1на хиллера буьйсана к1айн хеташ хилла сира дин. Оцу буьйсана говрашна Зараъас йол юьллуш дуьйна хаъалора, динан йо1е кхоллабелла безам. Йо1а шена хьалха йиллина йол ца хьанъеш, цуьнга леррина хьоьжура сира дин. 1уьйрана говраш мискачу нахана д1аса юьгуш, сира дин-м Зараъина уллора д1абаккхан а ца белира. Бера санна йо1ана т1аьхьа а баьлла лелара сира дин. И сурт гинчу баккхийнчара а дин йо1ана битан сацам бира. Сирдин аьлла ц1е а кхоллаелира динан оцу дийнахь.

Зараъеран кертахь Сирдин д1абоьхкуш а бацара. Ша юьрта йистте яжа а йоьдура говра, ша ц1а а йог1ура. Йо1а нускал санна хаза а, ц1ена а латтайора Сирдин. Заръина говра а езаелира барам боцуш, амма нахана гуш дийнахь иза т1ехиъна хахкар-м ца хуьлура цуьнан. Нохчийн йо1ана товш дацара и санна дериг, цундела Зараъ буьйса юккъе яхача, божарийн духарца, шен говра хуура. Сирдин-м оцу хенахь самукъадолий, т1ема балан боллу моьттуш хуьлура. Туьйранахь бийцина т1емаш долу дин санна лелара и лаьмнашкахь, ломана буьххье хьалахьодуш, т1емабаьлча санна охьахоьдуш. Ткъа Зараъ ша хуьлура оцу хенахь уггаре ирсен йо1 х1окху доккхачу дуьнен чохь! Хабарш-м дукха дера дара Сирдинах, Зараъах лаьцна, делахь шен б1аьргашна гинарг цхьа а вацара.

Иштта чекхъелира лаьмнашкахь ялсамане санна йолу йовха аьхке. Дитташна т1ера, маждеш, г1аш а эгийна, гуьйре а хьаьдда т1ехйолуш яра. Шелонан дуьххьара денош а дара малхаца къийсалуш чуьрадевлла. Жимчу Зараъин Сирдинан-м цхьанна самукъадолура г1аш эгна чекх са гуш елахь а, хьуьна юккъехула лам буьххье хьодуш, детин з1аьнарша туьйсуш долчу седарчашца а, боккха корта болу можачу баттаца а къуьйсуш. Тешамен а, самукъане а доттаг1-дин карийнера жимачу Зараъина, амма къоначу йоь1ан б1аьргашна чохь даима а хаъалора сингаттам. Накъостий мехкарий шайн безамаш карош а, маре оьхуш, шайн дахаран некъ билгала боккхуш бара. Зараъина кхочушдерг мехкарийн шабар-шибарш бен дацара. Висита кхин Теркана дехьа ца вахара, шен даьхни а, ирзо а лелош тийначу дахаре ваьллера и. Зараъ йолчу х1ора дийнахь бохург санна вог1ура жима стаг, амма шен йишица санна вара и даима а х1окхуьнца. Делахь а кхин цхьанна а йо1ана т1ехьаьвзина, захалу дийцина хаъавелла а вацара и. Зараъина-м и х1аваъ санна вара, схьахетарехь! Х1аваъ долуш, вай цуьнан тидам а ца бо, амма и доцуш цхьа минот а ца дахало дуьненчохь. Зараъас кест-кестта олура Виситига:

— Ванах, Виса, хьо цхьана а йо1ана т1ехьаьвзаш а ма вац! Хьо зуда ялон дагахь а вац?

— Амма Виситас бегаш бора дуьхьала:

— Сайн йише кхочуш ериг ца карийна суна х1инца а! — олий.

«Ткъа, нагахь Висас боккъал а зуда ялаяхь, аса х1ун дийр ду техьа?» — ойлано хьовзайора Зараъ наггахь.

Дуьххьара шийла денош а кхечира эххар а нохчийн лаьмнашка, дуьххьара ло а кхоьссира. Шелоно делахь а, т1емашкахь дукха хиллачу чевнаша делахь а воккха стаг Болат ц1аьххьана цамогуш хилла вуьйжира метта. Меттахь к1ира даьккхича цкха цхьана суьйрана Зараъица шаьш цхьана дисинчу хенахь, цо йо1е элира:

— Зараъ, сан йо1, хьо ч1аг1лолахь, хала денош т1екхочуш ду хьуна. Со меттара кхин г1атталура воцуш цамогуш хилла, хьо х1окху нана дуьненчохь цхьаъ йитина д1авахан дезаш ву со кестта. Хьо хьуо юьсура юйла хууш санна, аса цхьацца хьуьнарш-м 1амийнера хьуна, делахь а со ч1ог1а г1алата ваьлла. Х1инца, со к1елависича бен ца кхийти со. И сан бехк бу, суна къинт1ера ялахьа.

— Ахьа х1ун дуьйцу, дада? Ма кхераехьа со! — б1аьрхи хьаьдира йоь1ан сирачу б1аьргех.

Йо1 ден куьйг буйна а лаьцна 1аш яра, гонаха хуьлуш дерг г1енаха долуш санна хеташ.

Уьйт1ахь Сирдин терсаш хийтира воккхачу стагана. Йоь1ан коьртах куьйг а хьокхуш, сихавелира и шен къамел чекхдаккхан:

— Зараъ, сан йо1, со могуш волуш хьан дахаран ойла ян езаш хиллера ас! Со д1аваьлча, хьан бийр бу хьан амал. Ц1аьххьана, хабар дуьйцуш волуш, цамгаро хьовзийра воккха стаг. Дикка 1ийра и дош ца алалуш, жимма чу садеъча сихвелира и къамел чекхдаккхан. — Виситица цхьана х1усама кхолла еза ахьа. Цуьнга кхочуш суна вевзаш к1ант вац… Маржа я1… ма г1алат дели сох! Зараъ, хезаш юй хьо? Хьо хьадий г1о, аса кхойкху ала Виситига!

— Дада, Дада! — йо1 лаьттара, ша х1ун дийр ду ца хууш.

— Сан йо1! Ладог1а соьга! Ма яйъа эрна хан… сихха кхайкха Виситига! — т1аьххьарачу ницкъаца мохь элира Болатас.

— Со х1инцца… со сихха.., — арахьаьдира йо1, ша х1ун леладо ца кхеташ юха чухьаьдира.

Мохь ца алалуш, воккхачу стага куьйг ластийра, йо1 сихъеш. Зараъ къевла елира 1аьржачу буьйсанан кийрахь.

Дикка хан елира оцу меттехь, Зараъ юха гучуйолуш, Висита йо1ал хьалха чуиккхира воккха стаг волучу чу.

— Ваша! Ваша! — озах ца вохан г1ертара жима стаг…

— Дада..! — багаг1аттийначохь лаьттара маьнгийна йистехь йо1.

Куьйг нисдина, ког нийсбина х1инцца набъозийча санна 1уьллура воккха стаг Болат. Дикка хьаьжичий бен кхеташ дацара и садоь1уш ца хилар.

Байлахь дисина жима ши бер санна юх-юххехь лаьттара воккха стаг т1ехь 1уьллучу маьнгина хьалха Виситий, Зараъий. Уьйт1ана юккъехь, стиглара эгачу даккхийрачу лайн чимашна бухахь, хиллачух кхеташ санна, тийна лаьттара Сирдин а.

Воккхачу стеган Болатан кошна т1ехь а лаьттара уьш кхоъ иштта вовшен уллохь: йо1, к1анттий жимма т1ехьа, корта олла а бина, Сирдинний.

Иштта д1адахара шийла 1а а, шийла б1аьсте а, кхин хийцамаш боцуш. Зараъ шен ц1ен чохь ша 1аш яра. Лула-кулара, генара гергара наха доладаран кеп х1оттош, бер-кер доийтура, йо1аца буьйсанаш яхан. Дийнахь-м даима а Висита хуьлура уллохь, Сирдин а.

Кхин цхьа 1а а дара юккъах т1ехтилла доьдуш. Воккха стаг кхелхина шо сов хан яьллера, эххар а Виситас хаьттира Зараъига:

— Зараъ, суна схьахетарехь, ваша, ша кхелхачу суьйрана соьга цхьаъ ала воллура. Со ч1ог1а бехке ву цунна уллора д1аваьлла хилла, и могуш воцуш 1уьллуш волуш. Хьуна а хаьий техьа цунах х1ума? Х1ун ала г1ерташ кхайкхинера техьа цо соьга?

Зараъин б1аьргах жима седа санна хин т1адам хьаьдира. Ткъа муха алан дезара оьздачу йо1а, х1инца шен силла дукхавезаш волчу к1анте, дас ша д1акхалхале хьалха шена т1ехь йитина еза къайле! «Ша йигар хьуна т1едожийна дадас» — алан дезара цо? Иштта дешнаш к1анте ца олуш-м х1ара яла а кийча ма хир яра.

Х1умма а ца элира йо1а шега динчу хаттарна дуьхьала. К1ант кхийтира, йо1ана ала бег1ийла ца хетийла, дас шега аьлларг. Кхин иштта хаттар ца дира Виситас Зараъига.

Уггаре а б1аьстенан денош хазделлачу хенахь кхечира лаьмнашка ирча къаъ! Паччахаьн эскарш г1оьртинера нохчийн аренца йолчу ярташна чу. Яккхий тоьпашца сийна ц1е тосуш йохаеш яра б1еннаш цхьанна а новкъа боцуш эзарнаш шарашкахь х1окху аренашца бехаш болчу нохчийн ярташ. «Аккхарой бу уьш!» — ц1е кхоьллина х1аллакдеш дара машарен Делан адамаш, аганахь 1оьхку бераш а цхьаьна. Лаьмнашкара яхь йолу к1ентий, шайн тобанаш гулъеш, буьйлира аренгара вежаршна г1о-накъостала дан лаха бийса. Тамаш бойла дара оцу майрачу к1ентийн тобана юккъехь Висита а ца хилчи. Ша новкъа валале Зараъ йолчу кхечира и, алан дешнаш-м ца карадора:

— Вашас санна аса а хьо цхьаъ юьту-кх хьо, сан хьоме йиша! — бохура цо.

Амма йоь1ан б1аьргах хин т1адам а ца буьйжира х1инца, к1ант цец а воккхуш.

— Хьан некъ оцу везчу Делан карахь бу-кх! Т1емана юккъехь ког ницкъала, куьйг маса хуьлийтийла хьан оцу Везчу Дала! — олуш новкъаваьккхира йо1а жима стаг.

Виситин б1аьхойн, дошлойн тоба 1уьйрана новкъа йоккхуш нахаца а хилла, чуеъна йо1 сарралца яьллира кертахь даьхни д1а1алашдеш, кертахь ирзон т1ехь болх беш а. Суьйрана юххерачу лулахойх чекхъелира и, шен ц1енон а, даьхнин а 1уьналла дар царнна т1едуьллуш. Ша х1ун дагахь ю, мелла ханна хьовса деза шен бахаме, цунах дерг-м ца дийцира йо1а шен лулахошка. Лулахой дика хиларе терра, цара и санна долу хаттар дана а ца дира.

Буьйсана, лула-кулара нах набарна д1абийшинчу хенахь, Зараъас, нускал санна хаза кечбира шен маса Сирдин. Тоьллачех шена т1е озийра божарийн берзакъ. Герз а кечдира йо1а жима йолуш дуьйна шена дадас ма-1аммора. Т1уьналла т1екхочура йоцуш топ-молха, ирдина кечдина терс-маймал тур, дарг1ойн шаьлта, ц1елатон мокхаз а, Болатас мехкадаьттанах даьккхина сихадогу молха чу доьттина масех кхаба а. Кхинболу т1емалоша ца лоруш дицдина 1ад, деха-доца пхерчий чохь долу ботт а д1анисйира йо1а Сирдинан букъна т1ехь, нуьйрана уллохь. Дин кечбина, ша кечъелла, оьзда дина а яьлла, халлий бен бергийн тата ца лацалуш, юьртаха елира жима Зараъ.

Ма-торру хьуьннаха доьттинчу лаьмнашца, арцашна т1ехула, лахъелла, кадечу мохо ядийна хьош йолчу сирачу мархех тера, дукъделла техкаш лаьттачу диттийн баххьашна бухахула маса лахенгахьа охьашершаш яра Зараъин Сирдин. Керла сийна г1а даьллачу диттийн баххьаш дуьззина даьллачу зазийн яйн хазчу хьожаца ийна даьржинера, лаьмнашкахь бен кхин цхьана а меттехь ца хуьлуш долу, ц1ена х1аваъ!

Рог1енчу лекхачу арце Сирдин хьалаяьлча, диттийн жимма нилхалла йолучохь геннара гора аре. Хьаннаша техкош долу аьрцийн даккъаш сийна аренга охьахьаьддера. Арцашна юккъехула, 1инна чухула инзаре боккха лаьхьа санна хьийзаш, йоккхачу г1овг1анца лахенга хаьддера сирла тулг1е йолу доккха хи. Лайх, шанех дуьззина мархашна юккъехула ирх дахана, стиглах а г1оьртина лаьттачу лаьмнашкара охьахьаьдда дог1ура и хи. Моьттура и маса, сиха, девнен тулг1еш а ю, аренгахь дукха герзах доьттина чудеъначу паччахьан эскарна т1екхача сихделла. Оцу хин йисттехула ширчу некъаца охьайоьдура жима Зараъ шен Сирдинна т1ехь. Х1окхулла хьалха 1уьйрана охьабаханчу Виситин дошлойн говрийн ларанаш а яра хаъалуш, дас 1амийначу йо1ана. Гарехь, Сирдин аьрха хилар бахьана а, говр ша цхьаъ хиларна а мелла а, хьалха д1абаханчарна герга г1оьртинера йо1.

Буьйсана Виситеран б1аьхойн тоба мелла а делахь а, садо1ан дезаш яра. Царнна т1е1оттаялан 1алашо йолуш яцара йо1, цундела цо шен Сирдин а юхаозийра к1езига. И эрна а ца хиллера, буьйса юкъала т1ехъиккхинчу хенахь, йо1ана гена йоцуш хьалха к1уран хьожа кхийтира. Сирдинан бергийн тата хезардоцуш, говрана болар лах а дина, меллаша хьалха охьанехьа яхара Зараъ. Гена боцуш садо1ан д1анийсабеллачу дошлошна ша хаъалур йоцуш улло а яхана, Сирдин сацийра йо1а. Говрана т1ера нуьйра а яьккхина, и яжан д1ахийцира цо. Жимма х1ума кхоллуш пхьор а дина, нуьйра коьрте а йиллина, верта т1е а тесина садо1ан д1анисъелира Зараъ ша а.

Сатосучу седанца Сирдинас улло а еъна самаяьккхира йо1, и эрна а ца хиллера. Гена доцуш лахахь 1инчохь, лерг ира долчу йо1ана хезира, халла бен ца къаьсташ йолу дуккха а говрийн бергийн тата, т1улгенийн г1овг1ано ч1ог1а г1елдинехь а. Дукха хьиэм ца беш, сиха кечам бина, оцу говрийн бергийн лараца т1аьхьа йолаялийтира йо1а шен Сирдин а. Дукха хан юкъа ца юлуш, хьалаг1аьттира ц1ен малх а, сатосу седана серло ц1аьххьана лахъеш. Яккхий хьаннаш да1аса а тоьттуш, резадоцуш г1овг1ане хьаьдда йоьдучу хин тулг1енаш бахьана дика ца къаьстира хьалха д1аоьхучеран татанаш, аьзнаш, цундела Сирдин а йоьдура ког байбина. Схьахетарехь, аренга д1акхачан ши-кхоъ арц бен ца дисинера. Эххара а хина тулг1енаш хьалха санна ч1ог1а дера йоцуш парг1атъевллера, иза яра, хи аренга дала кечлуш хиларна билгало. Аренца лелан 1емина Сирдин а яра мелла а самукъадаьлла, хьекъален говрана а хаъаделлера сийна аре генайоцуш хилар.

Де делкъанехьа г1оьртира, ц1аьххьана т1аьххьара арц букъна т1ехьа а дуьсуш, хьалха д1аоьху б1аьхой а, царнна ца тусалуш йог1у Сирдин а аренца д1абуьйлалуш. Мелла а шорделла, парг1ата дог1учу хина бердана йистехула бара х1инца а хьалхалерачу заманан шира некъ. Аренгахь лахбеллачу бердах тулг1е тийсалуш дог1у хина йисттехь лахахь 1уьллуш йолчу нохчийн юьрта кхачан дагахь д1аг1ертара Висита хьалха а волуш кхо б1е сов хир волуш дошло. Ломахь санна лекха яцахь а, гонаха луьста хьун 1уьллура. Х1инца, дехьа-сехьа тог1еш йолуш шорделлачу хина бердана йисттехула дитташна юккъехула боьдура шира некъ. Мог1а бахбина, шиъ говра улло нислуш бог1ура дошлой. Х1орш д1акхачан беза юрт Теркана а, паччахьан эскаран коьрта г1опана дукха генахь яра. Цундела оцу юьртахь геннара некъ бина б1аьхой, жимма садо1ур шаьш, аьлла дагахь бара. Бевза-безарш а бара цхьаболчу дошлойн оцу хьалхахь 1уьллуш йолчу юьртахь. Виситина уллохь лекхачу дег1ехь волчу, 1аьржачу динахь вог1учу Вахина-м цу юьртахь, т1ехьийза дикка хан йолуш, хаза сирла месаш а йолуш, цхьа йо1 яра, ша санна хаза Малика бохуш шен ц1е а йолуш. Ваха Висител ши шо жима вара, делахь а, г1еххьа доттаг1алла дара цу шинна юккъехь. Виситица Теркал дехьа даьхни далон х1орш оьхучу хенахь а Виситина уллохь хуьлуш вара жима зудаберийн санна хаза юткъа юьхь йолу Ваха. Дуккха а шегара хьуьнарш гайтинера Вахас г1алг1азкхашца алссама хиллачу тасадаларшкахь а. Цуьнан расха дин а бара г1алг1азкхийн а, г1алмкхойн а аренашка боьду некъ дика бевзаш.

Мостаг1ий шайна генахь хиларе терра шайн бегаш беш, вовшийн хабарш а дуьйцуш, шайн дайх бисина махкахь шаьш хиларе терра майрра схьабог1ура ламанхой. Х1инца-м оцу юьртана улло а г1оьртинера дошлойн тоба. Ц1аьххьана Виситас аьтто куьйг айбира леккха нийсдеш. Дошлой мостаг1чунна т1елата кечаман санна говран нуьйрахь нийслуш, кечам бира, и куьйг шайна гушшехь. Хабарш а, беларш а цкъа а ца дийцича санна д1атийра. Мостаг1-м хуьлийла дацара кхузара майра к1ентий бехачу хьаннашка юккъехь, делахь а, т1емло массо а заманчохь ву тасавалан кийча хила дезаш. И-м ламанхойн к1антана бер долуш дуьйна хаара нохчийн лаьмнашкахь.

Виситас ша айбина куьйг охьадахийтира, дуьхьала вог1уш, тобана хьалха х1ун-мила ду хьожуш волу шиъ жимха дошлой а гина. Уьш бара Аьрзуй, Лечий бохуш, ч1ог1а каде, маса вуьрх1ийтта-берх1ийтта шераш долуш, кегирхой. Эскарна хьалха бевлла даима а хилан беза иштта хьалхахьажархой. Мостаг1 стенгахь ву, мелла ницкъа болуш а ву баьччина б1аьргаш хуьлий, хоийтура цара.

Шайна гина мостаг1ийн тоба мел онда елахьа а, баьччина хаам беш Аьрзу даима а хуьлура велакъежина, шена хаза к1айн цергаш а гойтуш. Леча-м оццул къона волушехь, хуьлура даима а хьаьжюккъе шед а беш, ша волучулла а воккха хетийта г1ерташ.

Жимма хьацартоьхна говраш а сацош дуьхьала кхаьчна ши к1ант воьхна вацахь а, цхьа сингаттам бахьаш-м веънера. Аьрзу а вацара шен самукъне къажар гойтуш.

— Аша х1ун до, 1адийча санна? Исс корта болуш саьрмак-м ца гина шуна цигахь хьалхахь? — собар кхачадеш хаттар дира Виситас к1енташка.

Эрна бохура Виситас к1енташка и санна дешнаш. Уьш-м дера бацара, цигахь Виситас буьйцу и исс корта болу саьрмак хиллехь а, боьхна хьаьвзира болуш. Оцу саьрмакан хьаьжюккъера яьккхина ма1а а яхьара йолуш бара и к1ентий-м. Амма х1инца вара и шиъ цхьана х1умано догдохийна.

— Зударий… цигахь…, — аьлла сецира Аьрзу.

— Вайна хьалха йолу юрт мостаг1чо йохийна! Цу юьртара бевдда к1елхьарабевлла зударий-мах1ажарш бу гена боцуш х1окху некъа т1ехула схьабог1уш. Уьш ломахь к1елхьара бовлу дагахь бу! — элира доцца, Висита кхетавеш, Лечас, шен хьаьжюьккъера шед а ца бостуш.

— Мичхьа бу и зударий? Гайтал тхуна! — олуш, шен говра некъат1ехула охьайолаялийтира Виситас.

— Гена бац! — олуш Аьрзус шен сиха дин хьалха кхоьссира Виситина. Лечас а шен говр д1аэккхийтира Аьрзуна т1аьххьа.

Кестта дошлошна гира ворданий ч1ургаша т1ехь ларнаш йитинчу некъахула хьалха г1ерташ йолу зударийн, берийн шиъ-кхоъ б1е хир йолуш йоккха тоба. Царех цхьаберш чевнаш йина болучух тера а дара, цхьацца бехчалгашца дихкина ког-куьйг дара церан ц1ех дуьзина. Дуьхьала бог1уш т1емлой гича, зударий некъана йистте дитташна юккъе а бовлуш сецира, сапарг1ат садо1ан. Уьш бевдда к1елхьара бевлла к1адбеллачух тера дара. Шаберш бохург санна бецана т1е охьалахбелира уьш. Хьалха йог1уш хилла куьйг дихкина йолу йоккха стаг Хьава, цунна г1одеш г1ортор хилла йог1уш хилла кхиъна йог1у йо1 а д1анисъелира дитта к1елахь бецана т1ехь. Висита вог1уш лаьтташехь говрара воьссина улло хилира зударшна. Цхьаболчу зударийн б1аьргех хинт1адамаш оьхура, амма церан белхар г1овг1а йоцуш тийна дара. Кегийрачу берийн ц1ог1наш-м дара кхераделла а, мацделла а хьоькхуш.

Йоккхачу стагна Хьавана улло вахана Виситас хаьттира:

— Баба, куьйг лозийна ду хьан? Лозий хьан и? Дика д1адихкича х1ун дара техьа?

— Куьйг-м ца лозура сан, жима стаг, дог лозу-кх, х1ара адамийн бала гуш. Вайга х1ун де боху техьа оцу боьхачу адамаша! Олуш, дуьйцуш х1ума а доцуш, 1уьйрана малх г1оттуш юьртана гуо а бина, яккхий тоьпаш йиттина адам х1аллак ди-кх оцу дела воцучу хьакхарчаша! Ягийна д1аяьккхи-кх цара и вайн юрт!

— Божарий стенга бахана, баба? Дийна стагга а ца висина? — хаьттира Виситас.

— Мила дийна ву а ца хаьъа, мила вийна а ца хаьъа! Яккхийн тоьпаша х1оъа бетташ б1арзвинера шаверг а! Божарша а, дукхачу зударша а герз карахь дуьхьало йира оцу т1еман к1урна юккъехула. Царах х1ун хилла а ца хаьа тхуна-м, — легашкахь хорам хилла хала дара Хьавана къамел дан.

Йоккхачу стаге садо1ийтуш Висита айбавелла некъаца охьахьаьжира. Йист ца гуш дукха бара мух1ажарш. Дошлой а говрашкара биссина шайн гергарнаш лохуш буьйлабеллера.

— Баба, тхо даханза ца довлу… шу ломарчу ярташка хьалакхачалур дуй-те? — хаьттира Виситас.

— Х1умма а дац, жима стаг, тхо-м т1амана к1елхьара девличахьана меллаша д1аг1уртура дара. Шу ма к1езига ду-кх оцу Делан мостаг1ашна дуьхьала, яккхийчу тоьпашна дуьхьала. Шортта т1емлой а гулбина дан дезар-кха царнна та1азар, оцу хьаькхийн хьожа йог1учу эскарна, — шен корта, лозуш санна, лестабора йоккхачу стага.

— Баба, шун некъ цу Везчу Дала нийсбойла! Тхо ца дахача ца довлу х1инца! Тхайга х1ун дан ло хьовсур тхо! — олуш айбавелира Висита.

Оцу хенахь жимма дехьа, хьуьна юккъехь ц1аьххьана зударийн тийжар хезира, цхьаммо-м мохь а олуш. Висита улло г1оьртира, цигахь Ваха а гира х1окхунна, иза воьхна хаалуш а вара.

— Х1ун хилла, Ваха? — хаьттира Виситас.

Куьйгашца корта а лаьцна хьуьна юккъе д1аволавелира Ваха, дуьхьала х1ума а ца олуш.

— Зударий, х1ун ду кхузахь хилларг? — алан кхиъира Висита, зударий д1аса хилира сихха.

Доккхачу наж диттана бухахь юькъачу бецана т1ехь 1уьллура куьйгаш д1аса а тесина вуьрх1ийтта шо хир долуш йо1. Цуьнан г1ода юккъехь озийна йихкина шаршу хилла к1адийн кесаг яра. Оцу юккъехула х1инца а охьаледаш ц1ийн т1адамаш дара йоь1ан аг1онца. Висита кхийтира хилларг х1ун ду, йо1 садоь1уш яцара.

— Йоккхачу тоьпан х1оъанан гериг кхетта вон чов яра цуьнан, кхуза а дика схьакхаьчна и, — элира зударех цхьамма.

— Гергара стаг вуй цуьнан кхузахь? — хаьттира Виситас.

— Со ю цуьнан нус, Зулай… Иза тхан юьртан эчиган пхьеран йо1 ю… Сецира жима зуда, шен майрачуьна йишин, марден а ц1е яккхан ца лиира цунна.

Уллохь лаьттачу баккхийрачу зударша т1етуьйхира:

— Малика ю оцу йоь1ан ц1е…

— Идалан йо1 ю и.

Висита юьстаха а кхайкхина Зулайс цхьанна а ца хозийтуш хаъийтира Виситина:

— Гуьйранна Вахина хан йиллина яра Хаза йо1.

Висита ца кхетта хетадела т1етуьйхира цо, йистехьуо хьуьна юккъехь лаьтташ волчу т1емлочунна т1е п1елг а хьажош. — Д1о лаьтташ ву иза.

Х1инца Висита кхийтира, Ваха юьстаха валаран бахьанах. Цхьажимма витина а иза ша вуьтуш лаха охьаволавелира х1ара. Массо меттехь, гобаьккхина а бара чевнаш йина зударий, кхин а инзарениг — бераш! Дехьо лаьтташ болчу шен накъосташна т1евахана дагавелира Висита:

— Вахин т1ехьийза йоь1ан дакъа ду д1о зударшкахь… Цаьрга и юьрта кхачалур дац…

— Т1аьхьа кешнашка д1адуллура долуш, х1инца лаьтте далан деза дакъа, — элира х1окхарел воккха волчу Цадас.

— Мегар ду… делахь, к1ентий, сихо ян деза вай. Шу кхоъ кхузхь висина йо1ана кашна ор даьккхина и д1анийса йина, тхуна т1аьхьа ван деза делахь, — аьлла Цадин кхин шинна т1едиллира Висас и г1улкх.

Схьагарехь, х1окху адамашна юккъехь чов янза, дагна чов йина-м х1етте а, висина цхьа а стаг вацара, жима а, воккха а. Дог 1овжадинера жимчу стеган, гуш долчу суьрто. Виситас б1аьргашца лехира Ваха. И дитташна юккъехь къевла ваьллачу аг1ора д1аволавелча, цунна гира куьйга пепан диттах г1оьртина, воьхна лаьтташ волу шен накъост:

— Ваха, Делана вайначулла а алсама езаш хилла Малика… Йирзина меттиг Дала декъала йойла цуьнан! — улло вахана жима стаг маракъевлира цо.

— Дела реза хуьлда хьуна, Висита, — догэцарна баркаллица белшна т1е куьйг а тухуш жоп делира Вахас.

— Х1инца вай мостаг1чуьнга доьхура ду жоп! Сихлолахь, Ваха! — олуш шен говра йолчу аг1ора д1аволавелира Висита.

— Доьхура ду! — ша-шега олуш, церг хьакхийра Вахас, шен говрана т1е а хьодуш.

— К1ентий! Говрашка ховша! Оцу делан мостаг1ашна т1екхочур вай! — мохь элира Виситас говра а волуш.

Говрийн бергаша х1инца декадора латта! Геннахь а хезира долуш, бог1уш бериг б1о буйла. Гонахара хьаннаша и г1овг1а дуккхаза а алсама йоккхуш генна хьалха д1ахьош яра.

Шена хьалха д1аоьхуш болу дошлой севцина а хаъабелла, Зараъ динара а йоьссина тебина улло г1оьртира царнна. Диттийн дуькъа г1аьнашна, коьллашна юккъехь хьулъелла 1ийра и дикка хьоьжуш а, ладуг1уш а. Болатас жима йолуш дуьйна дика 1амийнера йо1, и теббина гуттар а улло еънера т1емлошна а, мух1ажаршна а. Цара олуш долу х1ора дош а хезира цунна, доь1уш са а т1ехь хезира. Кестта йо1 кхийтира, т1емлой т1ебоьлхуш йолчу юьртахь боккха бохам хилла хиларах. Иза кхин хьиэм ца беш, цхьа г1а а меттах ца доккхуш, текхина йистаха а яьлла, тешамен доттаг1 санна шега хьоьжуш лаьттачу Сирдинна т1ейеира. Шена х1инца гинчу зударийн миска яххьаш яра йоь1ан б1аьргашна хьалха лаьтташ, кхераделлачу берийн белхарш дара лергаш къардеш санна декаш. Даръелла, оьг1азен шед х1оьттинера йоь1ан хазачу хьаьжана юккъе. «Ас х1ун дича нийса хир дара техьа?» — ойла хьийзара Зараъин коьрта. Сихонца елира йо1 шен говра… Ткъа кхин д1а дериг-м дагахь а доцучу кепехь дийцира хьекъален говро. И когбайбина елира новкъа, амма новкъахь ца соцуш и едира бердана йистте. Берд ломахь санна лекха бацара, амма чувосса луъчунна кхин лоха а ца хетара и. Бердана а, хинна а юккъехь г1амарна т1ехь нилхха яьлла буц а йолуш шуьйра тог1и яра. Говра бердана йисттехула цкъа цхьана аг1ора хьаьдира, т1аккха вукху аг1ора. Ткъа Сирдин ша а ч1ог1а сиха йолучух тера дара, цундела и кхин хьиэм ца беш бердат1ера хина чукхоссалуш санна г1амаршна т1е кхоссаелира. Зараъ ша а ч1ог1а цецъяьллера оцу Сирдинах даьллачу хьуьнарах а, майраллах а. Амма говра-м яцара ойланаш енчохь, и тог1и чухула бергашна бухара леккха ирх г1амарийн цинцаш а кхуьйсуш хина охьанехьа лаллаелла йоьдуш яра. Дикка гена д1аихира говра, хино гола тухучохь тог1и а ц1аьххьана готта елира. Говрана х1инца-м шортта хан яра йоьдуш лаьтташехь бердах хьалаялан меттиг лахан. Иштта дуьххьара шена карийначу меттигехь иза хьалхара ши ког кхоссалуш говза д1а а тосуш бердана т1еелира. Юьртабоьду некъ бердана оцу меттехь кхин гена а бацара, цундела Зараъас говра некъана т1е хьовзийра. Сирдин цкъа юхаг1оьртира, амма йо1ана лууш дериг дан лийра а йолуш ма яра и. Юьртана улло ма г1оьрттина некъана дехьа-сехьара дитташ мелла а нилха дара, иштта дитташ к1езига долучохь д1ахьаьжича гена йоцуш юрт хааелира йо1ана. И юрт хааелла Сирдин а маса ког боккхуш, тохаелира. Дукха хан ялале говр а д1анийсаелира юькъа коканийн куллашца. Ткъа и коканеш кхачалуш доккха диъ-пхиъ талла дара ул-уллохь лаьтташ. Говра ц1аьххьана «хр-р-р!» олуш сецира, амма Зараъан лаамца хьалха д1айолаелира. Оцу хенахь стаммийчу таллашна т1ехьара говрана мерк1еллахь, борг1алаш санна къорза духар а дуьйхина волу, шиъ салтий дуьхьала велира. Салтийн карахь яра ехан мажаран тоьпаш, амма оцу тоьпанелла а деха х1унда дац аьлла хеташ буьххьехь ира кхоъ литта а долуш цхьамзанаш дара. Хьаьрса охкаделла ц1оцкъамаш а царна бухахь хьакхийн санна горга б1аьргаш а, босбоцуш б1аьрганег1арш а долуш, дукха онда волуш букар а хьаьвзина волу салтий хьалха чухьаьдира Зараина, шалгу санна шина куьйга топ хьалха а лаьцна. Шолг1аниг-м лохуо дег1ахь деха дуткъа охкаделла ши мекх а долуш волу, шелла а еха топ хьажош воллура. Амма цунна, стелахьаьштига санна малхехь серло а тухуш, накха кхача а белла лаган шед болучу хир долуш, йо1а ластийна кхоьссина шаьлта яхара мукъ бен гуш а ца буьсуш. Ц1енчу ц1ийн чопаш ара а тухуш д1акерчина цкъа-шозза когаш хьокхуш тоха а велла д1асецира салти. Амма чухьаьддарг-м говрана хьалхара когийн болата т1ехь ленаш долчу бергашна т1е1оттавелира! Топ цхьана аг1ора а южуш, ша аркъала д1акерчира онда салтий. Говра улло а яхийтина лохачу салтийчуьна са эцна йолу шаьлта, говрана т1ера ца юссуш, чукхевдина схьа а яьккхина, цуьнан къорза барзакъах хьаькхина ц1ийх ц1ан а еш шен батта йиллира йо1а. Зараъин хьаьжаюккъера шад-м ца баьллера х1инца а д1а. Говра д1аса а йолаялийтина, кхин цкъа а охьакхевдина кара ийцира цо, метта ван г1ерташ, узарш деш 1уьллучу ондачу салтийчуьнан еха топ. «Иштта герз долчу эскарца т1ом муха бан деза шаьлтанашца? Муьлхачу махкахь хаькхарчий санна деба техьа х1ара бакъйолу хьакхарчий!» — ойланаш йора йо1а, цкъа тоьпе хьожуш, т1аккха хьаьрсачу салтийчуьнга хьожуш. Оцу хенахь шен горга хьаькхийн хуьрсийн санна болу ши б1аьрг схьабиллира узарш а деш салтийчо. Уьш-м ца биллинехь а х1умма а дацара! Буйнахь, буьхьиг лепаш цхьамза болу топ а йолуш, говра т1ехь т1евог1авелла жима стаг ламанхо вара суркуй а тиллина. Амма аьрон куьйга жимачу стага шен хазчу коьртара баьккхира куй. Салтийчуьна горга кегийра ши б1аьрг цецдеъина боккха хилан г1оьртира, амма Дала ца делларг хилан йиш яц-кх! Зараъас месаш бухахь къайлайохуш т1етиллира куй. Йоь1ан б1аьргашна хьалха х1оьттира хьуьнхахь доьлхуш хиллачу берийн сурт, 1адаяллал ч1ог1а хезира церан аьзнаш… Салтий х1инца а вара цецваларх ца валалуш бухахь 1уьллуш:

— Георгий! То-о-лам-хо! — дара цунан т1аьххьара дешнаш, шена дог лоцуш хьажийна цхьамза а болуш говрахь дошло шена т1ех1оьттина гуш.

— Сан ц1е Зараъ ю! Со вац Герги! Амма аса сайн ницкъа ма-кхоччу йойура-м ю шу боьхалаш! — элира ша-шега йо1а, дин т1ехьарачу когашна т1е а х1оттош, д1а а оьккхийтуш.

Х1инца кхийтира йо1 Сирдина лелош хиллачу кепах. Х1окхарна хьалхахь волу мостаг1 шеначулла а хьалха говрана хаъалойла а кхийтира йо1. Йоьдуш лаьтташехь вортанах куьйг а хьокхуш, хьаьстира цо шен Сирдин:

— Х1инцачул т1аьхьа аса ахьа бохург дийр ду!

Цхьажимма некъаца д1а а яхана, ког тасалуш санна хилла, болар лахдира Сирдинас. Хьалха хьажадеш лергаш меттах а даьхна и некъана т1ера юьстаха елира. Х1инца говра хьуьна юккъехула х1ора дитт дагардеш санна йоьдура. Лекхачу таллана диттана к1елахь нисъелча, говра сацийна, тасаелла диттана буьххье елира Зараъ. Шен ден баьччан хилла, озийча яхлуш йолу турмал баттара а яьккхина, гонаха а хьалха а хьаьжира йо1. Некъаца хьала а, охьа а цхьа а т1ехь б1аьрг соцуш х1ума ца гира йо1ана. Х1инца хьалха цуьнан шина сатлийчунна т1е1оттаялар хиллачу меттигера д1а юьрта т1екхаччалца хаъалуш кхерамен х1ума дацара. Амма юьртана чувуллучохь некъана т1еерзийна йиъ йоккха топ яра. Уьш-м яцара кхин хьулъйина къайлаяьккхина а. Г1ароле вахийтинчу шина салтийчух дегайовхо йолуш хилан тарлора церан кхузара накъостий. Яккхий тоьпашна уллохь г1арол деш а вацара ц1е ягош верг, йоккха топ кхуссуш т1е1уттуш долу хаьштиг а буйнахь. Салтий-м урамаш хьаладуьззина 1оьхкучу адамийн даккъашна т1ехула когаш бохуш д1а схьа лелаш бара: цхьаберш нехан бунна чуьра х1оъаш гулдеш, котамаш луьйцуш, урс хьакхар доцуш церан кортош хьийзош сацар доцуш уьш йойъуш, бежнаш, уьстаг1ий дойъуш, ц1ийх а буьзина бара. Шайна «г1алх!» аьлла ж1аьлина-м цара йа топ тухура, йа тоьпана цхьамза, 1уттий чекхбоккхуш, садоккхура церан.

Кхоъалг1анарш бара юьртахула буьйлабелла лелаш, къаьркъано хьерадаьхна б1аьргаш а къерзош юрт юьззина 1охку юьртахошна юккъехь стагга а дийна вуй хьоьжура уьш, тоьпан цхьамзанаш 1уьттуш чекхдохуш. Кортош дохуш, леррина оцу г1уллакхана лелош долчу, галешна чу нийсдора. Буьрсачу г1опехь оцу х1ора коьртах дукха ахча лора х1ора салташна. Оцу т1аьххьарчара, шайна аганахь 1уьллуш доьлхуш дийна бер карийча, и, цхьа т1ам а лоций, ирх а кхуссий, к1ела цхьамза хьалха а болуш топ лоцура. Ирх кхоьссина кхераделла бер, шийла мохь а олуш, тоьпана цхьамзийна т1едог1алора, амма кестта чуьра са д1адолий, д1атуьйра и Делан малик.

— Акхароша аккхарой кхуллу! Х1у дайъан деза х1окху аккаройн! — бохуш маьхьарий дара юьртана т1ехула хьийзаш йилбазан мохь санна.

Лекхачу талла буьххьехь 1аш йолу Зараъин чуьра ц1ог делира, б1аьргех хин татолаш а хьодуш:

— Ва, Везан дела! Хьуна гуш дац х1ара! Х1окху дуьненах жоьжаг1ате ма йина оцу хаьаькханех схьадаьллачу тайпано!

Ша муха юссу ца хууш, ларъялар дицделла, кегийн гаьннаш а кегдеш, г1овг1анца чуйоьссира Зараъ лаха. Коьртара куй божош, шина лергана т1е куьйгаш а дехкина гуонаха цхьа х1ума ца гуш ехха 1ийра и, кегийн татолаш санна беснешна т1ехула охьаоьхуш хиш а долуш. Эххара а Сирдин еъара йо1ана улло, кхуьнан дог оьцуш белшах батт 1уьттура цо. Оцу говрана адамийн мотт ца хууш хилар тамашена х1ума дара. Ша хьайба делахь а, цуьнан ц1еначу дагца, цуьнгахь яра бакъйолу адамалла! Мелла а ша, дукхаха дериг Сирдин бахьана, метта йеъча, уггаре хьалха йо1ана дагадеънарг дара: «Висита! Дошлой! Уьш-м бог1уш лаьтташехь гурана кара доьду экха санна, х1окху боьхалашна кара г1ур бу!» Йо1а ч1ог1а нийса ойла йора, х1окху юьртахь гулвелларг хир вара кхоъ сов эзар мостаг1. «Нагахь санна юьртана ламанхоша т1елатар дахь!» — аьлла юьртана массо а аг1ора д1ах1иттийна йаккхийн тоьпаш а яра. Къаьсттина дукха, йиъ йоккха топ, йара Виситин дошлой т1ебог1учу, лаьмнашкахьа йолчу аг1ора!» Со орцаха ца ялахь, дошлой х1аллак хир бу-кх!» — ойла тесира Зараъин коьрта чу. Ягийча санна, т1ехьа ши куьйг тоьхна хьалаиккхира йо1. Катоьхна схьаэцна сира басахь суркуй а, 1аьржа месаш буха а нисъеш, т1еозийра цо шен хазчу горгачу коьртана. Ц1окъбергана санна, чохь суй лепаш, ч1аг1алонах буьзина бара йоь1ан сира ши б1аьрг. Яккхийн тоьпаш! Яккхийн тоьпаш!» — коьрта хьийзара йо1ана. «Со яккхийн тоьпашна улло цхьа а салтий ца вита хьажан еза, Виситин дошлой т1елетича!» — бохура цо ша-шега. «Салтий-м дукха бу зингатий санна! Ларалур яц со суо цхьаъ! Х1ун дийр дара?» — т1аьхьах1оьттина Сирдин а йолуш, тебаш юьртана улло г1ерташ яра йо1 хьуьна юккъехь хьулъелла. Кестта дитташ кхачийра, гена-м яцара юкъаметтиг йо1аний яккхийчу тоьпашний.

Говра хьуьнхахь а йитина, йиъ жима кхаба кечъйира Зараъас чохь мехкадаьттах даьккхина сихдогу молха а долуш чудоьттина. Т1ехула т1аьрсиган ч1уьйригаш а йолуш леррина кечйина кхабанаш-герз шена дехьа, сехьа г1одъюккъе а дихкина, куллашна т1аьхьа хьулла а луш гуттара улло текхиш т1еяханера йо1. Цуьнан баьццара басахь йолчу г1овтало а г1одора цунна къайлаха йисан. Яккхийн тоьпаш-м гена яцара, амма х1ун дийр дара йо1а ша цхьамма оцу мостаг1ийн инзаре буьрсачу герзана. «Яккхийнчу тоьпашна уллохь х1оънаш ма бац! Х1унда бац? Стенгахь бу уьш?» — хоьттура цо ша-шега. Йо1 тебина 1уьллучу меттера ца гора йоккха топ юлуш болу г1ирс. Ойла-м нийса енчух тера ду, ткъа стенга бехьана цара и г1ирс? Стенгахь? Стенгахь бу?» — ша-шен садуура Зараъас. Яккхийнчу тоьпашна уллохь стагга а воцучура цигахьа гуонаха лахан беза аса йоккха топ юлуш болу г1ирс!» — ч1аг1о йира йо1а. Сийначу бецаца цхьаъ хуьлуш, ийна текхина йоккхачу тоьпашна улло яхара и. Цигахь гуш стагга а ца хиларх, вай бохург-м бакъ ца хиллера. Маларо а, йовхоно а мелла а г1елвина кхоъ салти вара йаккхийн тоьпан чкъургех букъ та1ийна тевжина 1аш. Йо1 царнна ши-кхоъ г1улч уллохь луларчу жимчу куллана т1ехьа 1уьллура. Х1инца яккхийн тоьпана х1оънаш а карийнера цунна, уьш т1ехьа аг1ора вовшин т1ет1а боьттина лаьттара, нагахь т1ом эккхахь схьаэцан кийчча хир болуш. Кхаъа салтийчунна букът1ехьа нислуш текхина йаккхийн тоьпан х1оъийн барзана т1еяхара йо1. Х1оънах жимма тера яра 1аьржачу т1аьрсигах ботт болу горга кхаба. Йо1а цхьа кхаба х1оттийра х1оънашна юккъе, малхболу аг1онца. Чохь мехкдаьттах даьккхина т1еда молха чохь долу шолг1а кхаба кхин а цхьана х1оънийн оьлана юккъе х1оттон кечъеллера йо1, амма жимма дехьа, ц1енонна уллохь т1е гата а тоьхна ворда а гина, тебаш цунна т1еяхара Зараъ. Ц1ийнан пенна а, вордана юккъе а ша нисъелча, шаьлтанца гата хадийна чу хьажира и. Кегийрачу гатанан т1оьрмигашна чохь тоьпан молха дара. И т1оьрмигаш-м йоккха тоьпана бирг1ана чу хоьура долуш дара, цу чохь а хаъаделира йо1ана тоьпан молха. Шолг1а кхаба, гатанах вордана т1ехь бинчу тхевнна, т1екхийсира Зараъас. Гонаха а хьаьжина, текхина юьртаха йолуш яра Зараъ. Х1инца-м сиха лелан дезара цуьнан, кестта схьакхачан безара Виситин дошлой. Кхаъа салтийчунна уллохула т1ехъялар дара коьртаниг, амма йо1ана «х1инца-м куллана т1екхечи со» аьлла хетачу хенахь цхьа салтий ц1аьххьана йовхарш а йина меттахвелира. Моьлкъано санна корта айбина гонаха хьаьжира и. Амма цецдеъна висира, цунна хьалхахь, ши-кхоъ г1улч хир йолуш, кхуьнга а вирзина 1уьллуш ламанхойн жимха вара.

— Орц…, — аьлла д1асецира цуьнан боьха мотт, шаьлтано хадийна лаг а доьллуш.

Ц1окъберг санна тийна, беълара кхоссаелла улло нисъелира йо1 г1овг1ано самаваьккхинчу кхин а шина салтийчунна. Церан а саделира «къикъ-микъ!» алан ца кхуьуш. Буьрса лаьхьа санна хьаьвзира Зараъин маса шаьлта оцу шина йовссаршна юккъехула. Уллора куллашна т1ехьа къевлаелира и б1аьрган нег1ар тухучу юккъехь. Кхоъ салтий-м х1инцца наб озийна йоккхачу тоьпана ч1ургах д1атаь1инчух тера 1илла висира.

Дуьххьара санна Висита хьалха а волуш, дарвелла кхо б1е дошлой-ламанхо вог1ура мох санна говрашка некъатехула леккха ченан к1ур а г1аттийна. Церан мог1а бехха бахбеллера, уьш шиъ цхьана, я цхьаъ ша бен ца тарлора готтачу новкъахь. Некъана дехьа, сехьа-м хьалха санна хьун яра. Дошлойн тобана генна хьалха, некъ зуьйш ваха дезаш волу Аьрзуна, Лечина т1аьхьакхиъина бевлла аьлла хеташ бог1ура дошлой. Даима а «сихало садаьккхина» олуш волу Висита а вара сихвелла массарел хьалха говра лаьллина вог1уш. Генахьа юьртан г1аларташ шена хаъаделча-м жимма меттавеъна, леррина хьалха хьожуш вара и. Амма оццул йоккха яьккхина г1овг1а мостаг1чунна ца тусалуш юьсийла дацара.

Эскаран инарлас омра дира юьртахь та1азарш лелош долу эскар кийча хилийта аьлла. Г1аролехь волчу шина салтийчунна г1ончаш а хьовсийра эпсарша, инарлин омра кхочушдеш. Яккхийнчу тоьпашна уллохь байъина салтий карийча-м гуттар а хьераваланза висира инарла.

Оцу хенахь Аьрзуй, Лечий т1екхаьчнера вийна 1уьллучу шина салтийчунна. Амма хьоьжуш лоттийла дацара, бисина дошлой а цига кхечира сихонца. Виситас ч1аг1о йира, мостаг1 метта веъна валале т1елата деза аьлла. Говраш човхийна юьртехьа дошлой чухахкалуш дуьхьала вог1уш иттех салтий нисвелира кхарнна. Уьш-м тоьпаш хьала айба а ца кхиъира. Таррашца берина охьабехкира салтий дарбеллачу дошлоша. Иза иттех салтий, инарлас човхийначу эпсарша, г1ароле хьажа бахкийтанарш бара. Ткъа юьртахь-м х1окхарнна дуьхьало ян ницкъалла кечам бара беш. Йиъ йоккха топ дошлой бог1учу аг1ора ерзийна юлан кечъеш бирг1а ц1анъеш бара салтий. Эпсарша т1е мохь олуш а, шайна улло нисвеллачунна тухуш-1уттуш а салтийн мог1а нисйбан г1ерташ бара. Цхьа вуткъа веха, 1аьржачу аматехь, 1аьржа мекхаш а долу эпсар вара яккхийн тоьпаш кечъеш болчу салташна т1евирзина, уьш ма-торру сихбеш ц1ог1а хьоькхуш д1аса уьдуш.

Тоьпара баьлла х1оъа санна чухецаелла йог1у ламанхойн-дошлойн говраша ницкъала г1овг1а яьккхинера. Цхьаболу салтий боьхна хьийзара, къаьсттина яккхийн тоьпаш юлуш бохкурш. Гена боццуш дошлой а гучубевллера, ченан к1ур айбина йог1ура церан говраш. Яккхийн тоьпаш юьйлина бевлла хаьштигаш т1едахьан кечбеллера салтий, 1аьржа эпсар омра дан куьйг айбина д1ах1оьттинера, цуьнан б1аьрг яккхийн тоьпан х1оънийн оьлана йисттехь цхьана тамашена х1оънах кхеташ. Эпсар-м ца кхийтира и х1оъа боцийла, и ц1аьххьана иккхина д1аяхара, массо а х1оьънийн оьланах сийна ц1е а йоккхуш. Дера иза Зараъин совг1ат дара, шен кхабана чохь цо ломара деъна.

Болатас мацах хьалха шаьш цхьана т1елатар динчу мостаг1ийн г1опара цхьа ц1естак1удал санна т1ехь хьийзина юткъа бирг1а а йолуш, цхьа яй беънера ц1а. И хиллера шен ц1ахь къаьркъа деш болу яй. Болатас пхьерашка цунах яйтинера мехкадаьтта кхехкош, т1еда молха деш пеш. И т1уьна молха тоьпана чу дотта йиш яцара, амма цунах яьлла ц1е д1аяйъа йиш-м яцара. Т1ехула т1аьрсиган ботт а беш, леррина кечйинчу кхабанашна чохь д1аса лелон атта а дара и т1уьнамолха, эккхар а дара цуьнан ницкъала. Т1еман тасадаларшкахь и герз оьшура дуй хаъара Болатана, Зараъас х1инца гайтира и муха герз ду. Цулла а совнаха, Болатас йо1ана 1амийнера шен инзаре ехачу мажартоьпана т1е турмал ч1аг1ян а. Мел генара хеташ делахь а, цундела дара Зараъас ша йаккхийн тоьпийн х1оънийн оьлана т1ейиллинчу кхабана нийса топ тохар. Иза-м х1инца а яра шен Сирдинна т1ехь хьуьна юккъехь хаъалуш, кхин цкъа а топ кхосса кечам беш яра и. Шозлаг1а кхоьссинчу тоьпо эскаран тоьпан молха т1ехь долчу ворданах цхьана и сийна ц1е тесира. Ворданан гатана тхевна т1е кхоьссина кхаба а яра мехкадаьттах даьккхина т1уьна молха чохь долуш, ткъа цунах яьлла ц1е д1аяйъан йиш ма яц!

Говраш хаьхкина бог1уш болу дошлошна а гуш лилхина д1аяхара яккхийн тоьпаш а, царнна т1аьххьа и 1аьржа к1ура ирх бохийтуш иккхира тоьпан молха т1ехь йолу ворда а. Гонаха мел хилла салтий а аьтта д1абахийтира, уллохь нийсбелла кхинарш а и сийна ц1е летта хаьштигаш санна богуш бара. Оцу хенахь к1урана юккъехула юьртана чоьхьа тилира Виситин кхо б1е дошло! Церан тарраш дара малхахь бекхаман ц1е хилла лепаш! Дошлойн буйнахь мостаг1ий лохуш хьийзаш, уьш ч1ог1а тера дара сирла леттачу хаьштигех. Везчу Дала шен кхиэл еш яра х1окху юьртахь а, х1окху махкахь а б1ешерашкахь та1азар латтийначу геннара кхуза схьаоьхуш, ц1ий 1еночу мостаг1ашна. Амма ч1ог1а дукха бара-кх хьакхийн хуьрсий санна дебаш болу Делан мостаг1ий! Х1окху махкахь санна дукха бара-кх уьш х1окху юьртахь гулбелла а! Делахь а, х1ораммо шен ира тур массийттаза ц1ийх дузуш юьртах чекх-м лилхира Виситин майра ламанхой. Мостаг1 меттавеъна валале юьртах бевлира уьш, хьуьнхахь къевла а бевлира. Юьртара ца бовлалуш, Виситас омра деш човха а беш бехира цхьаболу кегирхой.

Юрт, к1ура хаъабелла зингатийн т1уьйлигах тера яра, дошлой чубаьхкина аг1ора-м юьртахь х1инца а 1аьржа к1ура бара лекха ирх оьхуш, джин санна лекхара т1еоллабеллера и инзаре ирча сурт хилла. Тоьпамолха т1ехь долу ворда иккхинчу гонаха кхаъа-деъа ц1енойх а яьллера ц1е, уьш а дара г1ийла догуш. Йиъ йоккха топ а яра, когаш кегбина гезарий санна ирх-пурх 1оьхкуш. Юххехь лилхинчу йоккхачу тоьпана х1оънаша вовшаха лелхийтира уьш, х1ун ю ца хуург а еш. Паччахьан пхьераша ламанхойн мохк баккхан йина яккхийн тоьпаш яра уьш! Х1инца тера яцара уьш генара кхуза ялош хиллачех. Т1ехь малх а сецаш, гуттар а кечйина, ц1ан йина лелош яра уьш салташа. Х1инца-м бацара и салтий а, йа и йаккхийн тоьпаш а! Меженаш яьхна, д1аса а кхийсина 1оьхкура йаккхийн тоьпаш а, салтий а. Шаьш лехнарг карийнера царнна массарна а х1окху мискачу нохчийн юьртахь. Амма к1езига машарен адмашна зенаш а ца деш-м ца хиллера уьш шаьш а х1аллак. Х1инца, хьалха юьрта юккъехула маларо а, дарбаларо а б1аьргаш а ц1ийдина, дукха адам дерина охьадиллина куьйгаш а, шаьш а ц1ийх буьзина кхин а цхьамза хьанах 1оьттина чекхбоккхура бара тешна бохуш техкаш д1аса лелла хилла салтий, х1инца кхечу аг1ора бара. Цера б1аьргаш къаьрззинчохь дара, церан куьйгаш а, цхьаболчийн лахара балдаш а дара эгадеш. Жоьжаг1атан даима а диллина долу кевна ц1аьххьана шаьш т1е1оттаделча санна озабелла бара уьш. Цара шина куьйга гонаха кхерам туьйсуш къуьйлуш йолу цхьамзанаш долу тоьпаш-м шайн кхерабелла 1адийна дара! Х1инца-м уьш, шаьш байъинчу юьртахойн декъашна т1ехула лелла ца 1аш, шайн, х1инцца ламанхойн дошлоша таррашца берина охьабехкинчу салтийн декъех а когаш тийсалуш галабуьйлуш д1асалелара. Царна юккъехула хьалха санна ийза ца луш, шайна салтийчунна б1аьрг т1е1оттабелча а дуьхьала «г1-г1-г1!» деш кхерамаш а туьйсуш юьртара ж1аьлеш а дара. Жима татолаш санна маь1-маь11ехула даьржина ц1ийно кортош тентагдаьхначух тера дара миска дийнатийн а. Массо а маь11ехь дара салташа хьалха ц1е тийсина догуш ц1енош а, шайх юрт хьулъеш дуькъа лаьтташ долчу стоьмийн диттех а леттера и ц1е. Х1инца и дитташ а дара ц1е вовшен кар-кара а кховдош семсайохуш д1аян ца юьтуш. Диттийн гаьннаш д1алаца серладевлла хилла заза а дара ц1еро къинхетам х1ун ю ца хууш дагош, туьркийн, 1ежийн к1айн заза, г1аммаг1нийн алла заза. Бацалахь бес-бесара хаза зезагаш дара алух хьерчаш, к1егалеш а хуьлуш оьгуш, ша и сийна буц а санна. Оцу шайна жоьжаг1ате хиллачу юьртах бовлан сихбеллера цхьаболу уггаре а ч1ог1а кхерабелла салтий. Иза уггарен а г1олехьа ч1аг1о ю массарел а аьлла тарделлачу инарлас а йира ч1аг1о: эскар юьртаха даккхан! Салташа хьоькхучу маьхьаршна дечу узаршна, ц1аро яьккхинчу г1овг1ано, баьккхинчу к1уро а ца кхоьтийтура: и ламанхой х1инца а юьртахь салташна т1елеташ бу, я кхин а т1елатарна кечам беш бу. Цундела мохь бетташ гулбан г1ертара и шена уллохь эпсарш:

— Арадаккха эскар юьртара! Арабаха салтий, генабаха! — йиш хаьллера цуьнан мохь бетташ, к1уьро садукъдина йовхарш йора цо.

— Кхочуш дийр ду, хьан лаккхара сийлалла! — олура эпсарша, хурашкан лабина улло куьйг а хьош, нисбелла д1ах1отта а г1уртура цхьаверг.

Амма салтий-м дукхаха берш шаьш а дукха дика кхочушдеш бара и омра, инарло шайга лерга а веъна аьлча санна.

— Ва, сан нана! — маьхьарий оьхура цхьаболчу салташка.

— 1ийса! 1ийса! Орцаха валахьа! — 1ийса пахмаран ц1ераш йохуш, некхийн т1е ала ца кхуьуш, хьаьжна а, ч1енгана юккъе ж1арийн сурт х1иттадора кхечара кхаъа п1елгаца.

Эзарнаш салтий юьртара а юьртана гонд1ахьара а охьахьаьдира юьртана йисттехула боьдучу некъаца. Кхерабаларна лаьмнаш долчу аг1ора д1ахьаьдда цхьаболу салтий, эпсарша юьхь лоцуш буйнаш а детташ метта балабеш вукху аг1ора хьовсабора, массо а д1ауьдучу аг1ора. Кхин а ламанхоша ц1аьххьана т1елатар деш хилахь а аьлла жимма доьналла долчу салтех эскарна гуонаха г1аролаш-ч1аг1онаш х1иттайора эпсарша. Инарла хьалха ваьлла вара салташна, эскарна эрна арахь гонаха хьун йоцуш меттиг лоьхура цо. Иштта меттиг бара дикка генахь хина йисттехь: цхьана аг1ора лекха берд а болуш, вукху аг1ора шера майда, хьунна генахьуо. Оцу меттехь сацийра инарлас шен эскар. Т1ебог1ун салтий а ворданаш а якхийн тоьпаш а д1анисъеш шайн гуо ч1аг1 беш, меттабог1уш бара салтий а. Эпсарш а бара б1аьргах сараг кхетча санна хьийзаш, цкъа хьалха бовдуш, т1аккха т1аьхьабисиначаьрга хьовсуш. Цхьаберш говрашна т1ехь а бара. Кестта го а лаьцна ч1аг1о а йина д1анисделира эскарш. Дукха хьолехь лайш санна лелош болу салтий, мостаг1ехчулла а ч1ог1а шайн эпсарех уьш кхоьруш хилар дара. Ткъе пхеъа шарахь салтий а вина лелош волчу стагах, лай ца хуьлийла а дацара эпсарна йиттина вен а магош долу и синпекъар.

Де суьйренга г1оьртинера, жимма язъеллачу мархашна т1ехьа лечкъара малх кест-кестта.

Шадериг бохург санна, хьаннийн баххьаш д1алаьцна заза дара дитташна даьлла. Шадолу 1алам дара хаза бос эцна, аьхкенга г1оьртинера б1аьсте. Шаьш йохийна, ягийна эрча яьккхинчу юьртана, к1урана, ц1ерна, стенгахь бу ца хуучу ламанхойн т1емлошна а шаьш генабевлла хеташ сецна го ч1аг1бинера мостаг1ийн эскарша. Лазийнарг лозаран ц1енна улло г1ертара, мацевелларг юуург кечъечу даккхийн бухьахь ц1е латош яйнаш долчу г1ертара. Ч1енгийна т1ег1уртуш еха, хьийзина 1аьржа, юккъехь сира чоьш долуш, лергана т1ера ч1енгана т1е кхаччалца ахмаж а йолуш волу инарла вара, сихха д1ах1оттийначу четарна к1елахь шен эпсаршца къамел деш.

— Яккхийн тоьпех жоп луш мила вара шух? Муха нисделира и ламанхой-акхарой, бог1уш лаьтташехь, цхьа а дуьхьалло а йоцуш юьрта чу бахкар! — реза воцуш ц1ог1 хьоькхуш т1ечехара и, охкаделла ц1оцкъамашна к1елхьара, т1ебаьлла боккха ши б1аьрг а къерзабеш.

— Иза шен яккхийн тоьпашна уллохь кхелхина… иккхинчу х1оънаша гулдан х1ума ца дитина цунах а, цуьнан салтех а, — элира горга сийна б1аьргаш долчу эпсаро.

— Цунна «Георги» ж1ара йоьхура ю аса паччахье, цунах йисинчу зудчунна, берашна йохьийтура ю! шайн да турпалла мостаг1ех леттийла хаъан деза царнна. Цуьнан бераш хьалакхиъча кхуза дахкан дезаш ма ду, т1емлой а хилла! Х1окху акхаройн х1у кхача дан дезаш ду! Вайн садо1ан йиш яц, х1окху дуьненахь цхьаъ мукъна а нохчий дийна а волуш! Х1окху ялсамане санна хаза болчу махкахь бахан бакъо йолуш бац уьш! — геннара шен ойланаш йовзийтуш къамел дора инарлас.

— Бакълуьйш ву хьо, хьан лаккхара сийлалла, оцу акхарошна меттиг бац дуьненна т1ехь! — т1етадора дукхах болчу эпсарша а.

Эпсарий-м дера бара сахиллалц а инарлийн синхаъмашка ладуг1ура долуш, цуьнга шаверг а ламанхой а х1аллаквойтура волуш, цо шайна т1е ц1ог1а ца хьекхчахьана. Амма, ша нохчашна ден долу та1азарх дийцина ваьлча, эпсаршна а кхечира цуьнгара бес-бесара къаьхьа дешнаш.

— Г1аролана къаьсттина т1е тидам бахийта, и акхарой кхин а т1елатан ойла йолуш хила мега! Яккхийн тоьпашна хаьштигаш кийча хилийта даима! Мукъа ду шу! — омра дина, эпсарш д1ахийцира цо, дов дерзош.

Виситин т1емлоша эзар гергга салтий витинера юьртахь лазийнарг а, вийнарг а. Делахь а эскар дукха дара х1инца а, дукха ницкъа бисинера церан. Амма и эскар кхача оьшуш а, хи оьшуш а дара. Инарлас цхьа х1ума ца хуъуш ца нийсадинера шен эскар хина йистехь. Дукха сирла а, хаза а хи уллохула хьаьдда доьдура. Делахь а, лекха берд а бара, инарлас леррина хаьржинчу оцу аг1ора ламанхой т1елетийла дацара. Бердах ламанхой-м ца бовла тарлора шайн говрашкахь, делахь а салтийн дезара бердах чубийса, шайна хи дезахь. Кхача кечбан салташна белла г1оьнчаш бара, г1аролаш а хи схьакхехьан дезарш а.

Йоцачу салтийн белаш а карахь т1ебирзина салташа бердах чувуссийла яьккхира, нийсса т1ег1анаш а еш. Ламанхой ц1аьххьана гучу бовлуш хилахь а, дехьа-сехьахь юьйлина кечйина тоьпаш а йолуш, г1аролаш бара д1ах1иттийна. Оцу белхана т1евиллина волу векъна а волуш, цигаьрка багахь йолчу эпсара омра дира салташна:

— Сихо йе! Эрна хан ца йойъуш хи схьадададе! Ламанхоша т1елатар деш хилахь сихонца духадерза, г1аролаша мостаг1ашна тоьпаш тухушшехь!

Хи уллохь хиларх самукъадаьлла, хи эцан дезаш болу салтий, т1ехьаьдира зевне екаш йоьдучу тулг1ешна. Хьалхаваьлла воьду оза, веха салтий хина т1екхоччушехь шегара ведарш улло охьа а кхийсина хина чувелира гоьллалца. Охьатаь1ина канаш юьззина схьаэцна хи мелира цо. Кхин цкъа а сихха канашца эцна хи бете дехьира цо. Амма и хи д1амала ца кхиъира, хина дехьара геннара схьахезира топ йолуш. Канашкара хи д1аса а кхуссуш, кьуьйгаш д1аса а даржош аркъала сиха йог1учу тулг1ешна чу охьавуьйжира салти. Дуьхьало ца еш долу цуьнан дакъа масачу хино сихонца охьатакхийра. Гонаха хи оьцуш бохку салтий, ведарш кхийссина а дуьтуш, хина йисттера д1ахьаьлхира берда йистте. Да воцуш дисина ведарш а тулг1еша т1аьхьа хьажийра хьалха охьавехьначу салтийчунна. Дехьа, сехьа лаьттачу г1аролаша тоьпаш туьйхира цкъа цхьаммо кхуссуш, т1аккха вукхо. Хьуьнхана аг1ора, шаьш стенга хьажон еза ца кхеташ, сихонца кхуьйсура г1аролаша тоьпаш, гуш х1ума-м дацара царнна. Х1инца ламанхой, айбина тарраш а долуш чухахкалур бу моьттуш, шена хи эцар т1едиллинчу эпсара орца доьхуш салтий вахийтира инарлан четаре:

— Х1инцца т1елатан мегаш бу ламанхой! Яккхий тоьпашца г1о де боху ала, цуьнан леккхара сийлалле, инарле! — мохь олуш омра дира цо салтийчунна. — Мох санна сиха г1олахь! — т1етуьйхира цо, цхьана куьйга хьокха санна топ а лаьцна, д1аиккхина воьдучу салтийчунна т1аьхьа мохь тухуш.

Хьунна юккъе, хин дехьа б1аьрг а бетташ, салташка-г1аролашна омра дира эпсаро цул т1аьхьа:

— Тоьпаш юлий, кийчча хилийта, мог1а беш д1ахитта!

Г1овг1а яьлча, х1ун хилла хьажа схьауьдура бердана т1ера салтий а, эпсарш а.

— Х1ун хилла! Х1ун хилла? — хоьттура эпсарша шайн накъосте мохь бетташ.

— И акхарой хина дехьа хьуьнан юккъехь хаъабелла! Уьш чухахкабалан мегаш бу! Цхьаъ салтий вийна цара топ тоьхна!

— Тоьпаш кечйе! Мог1а беш д1ах1ийтта! — маьхьарий девлира г1онна т1ебаьхкинчу эпсарийн а шайн-шайн салташна дола деш.

Салтий-м тоьпаш а кечйина д1анийсабеллера сиха, амма ламанхойн лара а яцара хиндехьа хаъалуш. Хи дан бердах биссина хилла салтий а бевлира сихонца берда т1е, шайн буйнара ведарш цхьаболучара охьакхийсинера, бевдда бог1уш. Вукхера-м хьуьнар кхаьчнера ведаршца юхаберза, цхьаберш цхьаъ ведар бен доцуш бара буйнахь.

Кестта хьуьхь а воьлла схьакхечира инарла а.

— Х1ун хилла, х1унда? Х1ара х1ун к1ур бу аша г1аттийнарг? Стенгахь бу ламанхой? — зорба тухуш санна охьадохкура цо хаттарш, шена дуьхьала а лелхаш, ша-ша гайта г1ертачу эпсаршка.

— Цкъачунна хилла доккха х1ума дац, эцца цхьана салтийчунна топ кхетта, — куьйг хурашкин лабана улло а хьош, дуьхьала веънера инарлина хи дарна жоьпалла т1ехь долу эпсар.

— Ламанхой стенгахь бу т1аккха? — ца кхетара, шена т1ехьа яккхийн тоьпаш теттина бог1уш салтий а болуш, схьакхаьчна волу инарла.

— Сан г1аролаша дуьхьала тоьпаш а тоьхна кхерабелла хьуьнхахь лечкъина уьш-м! — дег1 нийса а деш инарлина хьалха лелхара эпсар.

— Шаьш акхарой елахь а, кхерабалар-м оцу ламанхошна х1ун ду а ца хаъара. Цхьа х1иллана ч1аг1о еш хир бу уьш. Бердаца д1а х1оттае йиъ йоккха топ! Вуьйш эскаршна вукху аг1онца шера аре ларъян д1ах1ийттае, шаьш хьалха хиллачу меттиге! — омра дира инарлас. — Ахьа гайтина турпалла хьуьнар ас паччахье дохьийтачу рапортехь билгалдоккхур ду! — жимма къажарна тайпа шен цигаьркан тонкин басахь йолу масех церг гайтира инарлас.

— Со хьан муьт1ахь лай ву-кх, хьан лекхара сийлалла! — даь1ахк еллачу ж1аьлин кепара хьаьвзира эпсар.

— Ламанхой-м лаьхкинера аша эскарна юург кечъян хи деъан аша? — ц1аьххьана дагадеъна хаьттира инарлас, массаьрга а бохург санна.

— Х1инцца, х1окху делан сохьтехь… Со бехке ву… къинт1ера валар доьху, хьан лаккхара сийлалла! — олуш д1атасавелира хих жоп луш волу эпсар, карахь ведар долуш а, доцуш а бобераш санна бердана йисттехь лаьттачу салташна улло.

— Стенга дехьана аша ведарш? Эхь ца хета шуна? Сихонца хинна т1е девдда доьлхуш гайтал суна! Марш! — цхьаберш хино т1адийна, вуьйш сацкъаро бехбина лаьттачу салташна т1евирзира эпсар.

Салтий ша-ша хьалха валан а г1ерташ бердах чутилира, т1ег1анаш т1ехула.

— Шишша ведар хи доцуш цхьаъ вуха верзахь аса бийр бу шун болх, заддарчий! — т1аьхьа мохь олуш берда йистте ша а д1ах1оьттира и, къерзош б1аьргаш а долуш, цергашна юккъе 1аьвдина дуткъа можа мекхан цхьа юьхьиг а йолуш.

Хин т1е боьлху салтий шай эгна ведарш а гулдеш хин а бердана а юккъера тог1ина чухула бевдда боьлхура, хина т1е кхачан сихбелла. Буьрка санна горга велахь а, массарел а каден волу цхьа салтий уггар а хьалха т1екхечира хинна. Д1аса а хьаьжина, хьуна аг1ора а хьаьжина, хьаьжана юккъе ж1арийн сурт х1отта ден кеп а йина, шен буйнара ший а ведар цхьана босса хина буха дахийтира цо. Амма ведарш хина бухахь дисира, ша салтий а «чхьоп-п!» аьлла хиш д1аса а тухуш хьаькхин санна горга муц1ар хьалха хин чу а 1уттуш вуьйжира. Генуо йолчу хьуьна юккъера яьллачу тоьпан тата т1аьхьуо кхечира схьа.

Бердана т1ехь вог1авелла лаьтта эпсар а, жимма дехьа лаьтта инарла а, эпсарш, салтий а цец а бевлла, баганаш а г1аттийна соцунг1а хилла бисира цхьана ханна.

Бердана лохахь хина т1екхаьчнарш а, т1екхачаза берш а, шайн буйнара ведарш кхуьйсуш а, кхерабаларна кхосса дицлуш а берд болчу аг1ора юхахьаьвдира салтий, цхьаберш кортош а те1ийна, дукха сиха бевдда делахь а, т1аьхьа кхуссуш йолчу тоьпан х1оънах ларлуш делахь а.

— Ва, нана! Орцаха яла! — хьоькхуш маьхьарий а дара салтийн.

— Тоьпаш! Тоха тоьпаш! — ц1ог1 хьекхан велира инарла а.

— Тоха тоьпаш, ца боху шуьга! — инарлин озах шен аз тардеш, цхьана ж1аьло «г1алх!» аьлча т1аьхьа кхин ж1аьлеша ма-аллара салташна чуг1ерта буьйлира эпсарш.

Хьун йолчу аг1ора г1аролийн а, кхин т1ебаьхкинчу салтийн а тоьпаш евлира. Хи дан бахана бевдда дуьхьала бог1учу салтийн кортошна т1ехула хьаьдда хьуьна юккъе яхара д1аьндаргаш. Цхьаболу салтий-м шаьш х1ун дича бакъахьа хир ду ца хууш лаьттара.

— Мича тоха оха топ? — хаттар дара церан горгделлачу б1аьргаша, ирх даханачу ц1оцкъамаша а, цхьаболчара г1ийлачу озаца а бохург.

— Заддарчийн к1езий! Оха бийр бу шун болх! — чуккхийсалора эпсарш, инарлин хьалха шаьш ледара ца гайта г1ерташ санна.

— Сацийта кхийссарш дар! Шу хьера-м ца девлла, ирх а ерзийна стигала топ кхийсар а оцу хьуьна юккъе кхийсар а цхьатерра дуй ца го шуна! Шун тоьпан даш х1окху бердана т1ера хьуьна йистте д1а а ца кхочу! — омра деш сацийна эпсарш а, сихбелла тоьпаш юлуш, бирг1ашна чу молха духкуш бохку салтий а кхетабан г1оьртира инарла.

— Хьан х1ун омра хира ду, хьан леккхара сийлалла? — хаьттира эпсарша жимма юккъе хан а юйлийтуш.

Х1ун омра дийра дара инарлас, цкъа миччара лехна а хи оьшура эскарна, к1езига а ца оьшура иза а. Мелла а хан ойла еш а яьккхина, омра дира инарлас:

— Тоьпаш а юлий, салтий кечбел хина дехьара т1емлой юхатохан! Хи дан салтий а кечбе! Яккхийн тоьпаш а кийча хилийта! — вухавизира и салташга а, эпсаршга а уьш кхетийла хьожуш.

Кхо б1е гергга салтий кийча бара чухахкабалан, уьш готтачу т1ег1анашна т1ехула чу бийсина тог1ийна чохь гулбелира.

— Хих дехьа а девлла хьунна чу тоьпаш тухура ю аша, оцу аг1ора дийна х1ума шайна хаъалуш хилахь! — омра дира салташна хьалхара эпсаршка инарлас.

Бесплатный фрагмент закончился.

Купите книгу, чтобы продолжить чтение.